Метро чохь никIаб йоьхначу зудчуьнга лер толлуш ду. Цунна а, цуьнан адвокатна а кхерамаш туьйсу

НикIаб. Гайтаман сурт

Экстремизмана дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) талламчаша а, белхахоша а Москван шина вахархочух беш талламаш бу метро чохь никIаб тиллинчу Барановская Елизаветига шогаллица багалейарна. Волайнхочунна а, цуьнан адвокатана Алиева Азина а кхерамаш туьйсу социалан машанашкахь исламна дуьхьал комментареш йеш, дуьххьал дIа кхерамаш а туьйсуш.

Гезгамашин-беттан 1-чохь видео йаржийра – цу тIехь цхьахволчу пассажиро боху Барановская Лизе, никIаб охьайаккха, "лартIахь духар" леладе, "оьрсийн кIентий СВО-хь бойучу хенахь" (Оьрсийчохь иштта олу Украинерчу тIамах. – Редакцин билгалдаккхар.). Шега луьйш верг телефона тIе дIайазван йолайеллера йоI, амма цуьнан шога леларх кхера а йелла, съемка сацийра цо. Алиевас бахарехь, пассажиро кхин дIа а бага лейеш хиллера Барановская Лизе: "Сан дас стенна бина Нохчийчохь тIом, шу кхузахь иштта лелаш хилча?"

"Сийна хIуманаш а, Iаьржа никIаб а йара суна тIехь, зорбанашкахь нийса ца дуьйцу, со Iаьржа духарца йара бохуш", - дийцина Барановскаяс Кавказ.Реалиина йеллачу комментарихь. Цо хаамбина, ша кхеттал йолчу хенахь исламан дин тIеэцна ша аьлла.

Уллохь лаьттачу пассажираша гIо даьккхинера йоIехьа, ткъа хенара волчу цхьаъ тIетайра никIаб охьайаккха бохучуьнна – цунах а болийна талламаш.

Кавказ.Реалиин сайте адвокато дийцарехь, зорбанашкахь тIелеттарш лецна бохуш дIахьедахь а, и бакъ дац – бехкзуламан гIуллакх а дац ур-атталла хIинца а долийна, цкъачунна цаьрга хеттарш бен дина дац. ГIуллакх луьстург йу МВД-н экстремизмана дуьхьало латточу Центран метрополитенехь хилла зуламаш толлуш долу талламан дакъа.

"Цуьнан леларехь суна го динан маршонан бакъонаш йохор, ткъа гIуллакх толлуш ду экстремизмех йолчу артиклехула. Нагахь экстремизме зулам дуьххьара динехь, бехкевийриг вала тарло административан жоьпалла тIе а дожийна", - кхетийра Алиевас.

Цо иштта тIетоьхна, видео дIасайаржийначул тIаьхьа социалан машанашкахь ша а, Барановская Елизавета а сийсазйо, кхерамаш туьйсу шайна, йист йоккхур йу шайца бохуш аьлла.

Барановская Елизаветас Кавказ.Реалиин сайте дицарехь, латийна камера йолу телефон шен йуьхьа тIе а Iуьттуш, цунна улло веана хиллера борша стаг, цуьнан духарна реза воцуш.

  • Товбеца-баттахь омоновцаша талламаш бира Подмосковьера Котельники, Дзержинск гIаланашкара маьждигаш чохь: ламаз дийраш йукъахбаьхна, мачашца кузаш тIехула леллера уьш, ткъа бусулбанашлахь мегаш дац ишта лелар.
  • Московский гIалахь полицин белхахоша хеттарш дира Къилбаседа Кавказера йахархочуьнга, иза бераца йолчу хенахь цунна динчу тIелатаран хьокъехь чуделла арз а схьаэцнера, хаамбира цуьнан адвокато Нагиев Руслана. Зудчун цIе а, мел хан йолуш йу а, цIера стенгара йу а ца дийцира цо.
  • Дагестанера а, Нохчийчуьра а, Узбекистанера а бусулба динехь волчу пхеа тутмакхо дIахьедира, Ульяновскан кIоштара набахтен белхахоша шайна тIехь гIело латторах а, шаьш лело дин бехдарх а.