2024-гIа шо доладелчхьана Нохчийчохь болх бан йолалур йу регионалан контент-центр, цуьнан белхахоша публикацеш йаржор йу меттигерчу Iедалхойн органийн пабликашкахь. Кху деношкахь Нохчийчоьнан премьер-министро Хучиев Муслима куьгйаздина иштачу омрана.
Оцу хькукматехь болх бийр бу 17 стага. Контент-центран коьрта Iалашо йу аьлла дIакхайкхийна "бахархошна информацина тIекхочийла латтор", иштта "регионалан контент кечйеш, пачхьалкхан пабликашкахь арахецар",
Iалашо йу, Iедалхойн органийн белхан жамIех лаьцна контент-центре дийцийта, иштта "карарчу хенахь мехала хетачу хаамех" а, "культурин а, динан а мехаллех информаци" а.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, цуьнан гоно йоккха терго латтайо социалан машанашкахь бечу балхана тIехь. Социалан медиахь дукха хьехош хиларца рейтингехь хьалхара ву Кадыров.
- Масех шо хьалха Соьла-ГIалахь болх беш йара "троллийн фабрика", бюджетан белхахой декхаребора политикан посташна бухахь хастаме комментареш йазйан. Цул совнах боташа позитиве йозанаш дуьтура Кадыровх лаьцна кадыках артиклехь а, и дош Кадыровн фамили йу аьлла гIалатбевлла тIеэцнера.
- 2020-чу шарахь Нохчийчоьнан урхалхочо "кхераме" бу элира, Iедалшна муьтIахь йолу медиаресурсаш йоьшуш боцурш: "Социалан машанахь а волуш, и стаг "Грозный" канале йазвелла вацахь, иза кхераме стаг ву вайна".
- Кавказ.Реалии сайто йаздира, мехкан Iедалхоша шайн куьйгакIеларчу медиагIирсех пропагандин а, Кадыровн критикашца бечу белхан а, иштта дозанал арахьа бехачу гоьбевллачу нохчийн оппозицин блогершцца а бечу къийсаман рупор йарх.
- Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украинана тIелеттачул тIаьхьа Нохчийчохь пачхьалкхан пропагандин дикка дакъа дIалоцу украинхошна дуьхьал долчу повестко. ТIом боьдучу йукъанна Iедалхошна муьтIахь йолчу медиашна а, шена мехкан урхалхочунна Кадыров Рамзанна а "украинхойн лар карайо" уггар а кегам-мерса гIуллакхашкахь а. Украинана дуьхьал республикера пропагандин тIегIанех лаьцна къамел дира Кавказ.Реалии сайто эксперташца.