Мисарара экстрадици йина ГӀалгӀайчуьра вахархо бехке веш ву тӀемалошна гӀо дарна

Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчуьра 27 шо долу Оздоев Ӏалихан лаьцна, низамхошна тӀелетарш деш хилла бохучу Гуражев Iамирханна кхача латтош хиларна шеконаш йолуш.

Оздоевс мукӀарло деш йолу оперативан видео зорбане йаьккхина ницкъаллин структурашца йоьзна йолчу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало. Видео тӀехь жимчу стага, шега деллачу хаттарна жоп луш, дуьйцу, ша лаьцначул тӀаьхьа шена тӀехь гӀело а, ницкъ а ца бина бохуш.

Цо мукӀарло до, стохка аьхка шена вевзачу Ганиев Хизара "вербовка" йина шена бохуш, цул тӀаьхьа Оздоевс Гуражевна шина кӀиранах йуург латтийнера бохуш.

Видеоца цхьаьна йазйинчу текстехь чӀагӀдо, Оздоевс йург йелла ца Ӏаш, Гуражевна молханаш а, "чохь Iен кхераме йоцу меттиг а йеллера" бохуш – амма видео тIехь иза хьахийна дац.

Ницкъахоша дийцарехь, Оздоевна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакх схьадиллина, низамехь йоцчу герзахойн тобанехь дакъалацарна а, террорхойн вовшахтохараллан декъашхочунна гӀо дарна а, дIасавалар доьхкуш берам тIеэцна бац цкъачунна.

Официалан хьостанашкара цхьа а информаци йац Оздоев лаьцна хиларх.

Дахначу кӀиранах дозанал арахьа болчу нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан авторша дӀахьедар дира, хала цамгар ловш волу Оздоев гIадужу-беттан 2-чу дийнахь Мисарара Оьрсийчу дӀавелира, цигара лаьцна, ГӀалгӀайчу дӀавигина ФСБ-н белхахоша аьлла. Жигархоша дийцарехь, Оздоевн дуьхьал ницкъаллин структураша гIуллакх кхолларан бахьана цунна Ганиев Хизар вевзаш хилар ду.

ХӀинца 1АДАТ-о чӀагӀдо, Оздоев хьийзош ву, ницкъ беш ву мукӀарло дан, бохуш, доьзална ницкъ барна кхерамаш а туьйсуш, и хаам мичара схьабаьлла билгал ца баьккхина боламо.

  • 2023-чу шарахь оханан-баттахь ГӀалгӀайчохь хиллачу герзаш деттарехь вийра ницкъаллин структурийн белхахошна тӀелатарш дарехь дакъалаьцна аьлла хеташ волу 4 стаг, кхин а ши стаг лаьцна, 9 стаг а. Гуражев Iамирхан а, Оздоев Адам а лехамашка веллера. Ӏедалхоша чӀагӀдора, тӀелатар динчара шаьш терроран "Исламан пачхьалкх" тобан агӀончаш ду аьлла, дӀакхайкхорах.
  • Лахьан-баттахь Сунжа-ГӀалахь ницкъхошца хиллачу герзаш деттарехь вийра Ганиев Хизар (Хизир) - Гуражевна а, Оздоев Адамна а гӀо дина аьлла, шеко йолуш вара иза. Гуражев вийна кху шеран зазадоккху-баттахь, Оздоев лехамашкахь вуьсуш ву.
  • ГӀалгӀайчохь дӀадоьдуш ду "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан гаранан декъашхой бу бохучу нахана гӀо дина аьлла, шеко йолу нах лецар.