Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан спортан министраллина ши кIира ца кхоччуш хан ийшира и сацам бан. Низамаш цахуучарна а кхеташ ду бераш иштта къиза лето мегарг доцийла, иштта чIогIа уьш латийта лууш делахь, церан коьртахь шатайпа куйнаш хила дезийла а. ХIинца спортан министралло билгалдаьккхина, Соьлжа-ГIалахь ши кIира хьалха хиллачу турнирехь кегий бераш латийтар ММА-н низамашца догIуш дацара, аьлла.
ХIун тIаьхьало хир ю бераш латийтинчарна, аьлла шега деллачу хаттарна жоп ца карийна и позици гIаръяьккхинчу министран гIовсана Колобков Павелна. Шаьш нуьцкъаллин структураш яц, аьлла цо.
Шен агIора, Нохчийчоьнан спортан министралла къера хиллачух тера ду Москохара шайга бохучунна. Министро Хизриев Хасмохьмада дIахьедар дина, шаьш хIинцачул тIаьхьа, бохург тидаме а эцна хийцамаш бийр бу, аьлла. Ала догIу, иза леррина Москоха кхайкхина вара, Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьна йолу турнир йийцаре ян кхоьллинчу белхан комиссехь дакъалаца.
ХIинца Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь дийна артиклаш араевлла оцу гIуллакхах лаьцна. Дукхачара церан коьрте тоьхна «Федор бакъ ву» боху дешнаш.
Нохчийчохь а масссара къобал а дина тIеоьцуш дац доза доцу латарш. Спорт хьацарца йоьзна хила еза, цIий а Iенош хила ца еза, аьлла хета дукхачарна. Ша а хьалха спортхо хилла волчу Хачукаев Салмана билгалдоккху, нохчийн а, оьрсийн а, берийн кхетош-кхиоран болх башхалла йолуш хилар. ХIетте а, цхьа акхарой санна, адамалла а йоцуш латар ду иза, элира цо.
Хачукаев: «Оьрсийн а, нохчийн а берашна юккъехь башхалла ма ю. Вайниш летадо кегий долчу хенахь дуьйна, оьрсийн бераш дукхачу декъана дешарна тIетеIабо. ХIетте а, суна хетарехь, вайна оьшуш хIума дац и доза доцу латарш. Шира Римехь санна, хьоладай тIе а хьоьжуш, кхиберш леташ самукъадоккхуш хиллачу. Иза акха хета суна».
Доза доцу латархошна массарна а куйнаш а техкина, бамбех дина каранаш куьйга доьхча а, цунах нохчашна долуш долу зие алсамох ду, пайданал а, аьлла хета Хачукаев Салманна. ХIинццалца вайнаха лакхенаш яьхначу олимпикан спортера оцу доза доцу латаршка дIаоьхуш бу кегийрхой. Иза ду сагатдийриг, элира цо.
Хачукаев: «ХIокху шарахь, гой хьуна, вайх Олимпиаде бахийта нах ца хила. Нохчаша шаьш охьа а хевшина, шаьш дIадаккха дезара хIара. И Емельяненко ша а ву ахчан дуьхьа шен могушалла талхош лелаш. Нохчаша латар, охьтохарах латар а Iамийча дика ду, амма кегий бераш летийтар дика дац».
Нохчийчохь доза доцу латарш тIехсов даьржина хиларо оцу кегийрхойн кхане къаьстина ца гойту. Беккъа цхьана дегIан ницкъаца хIокху дахаран чолхаллех чекхбовлалур буй уьш, бохуш шеконца цунна тидам бо юккъараллахочо Апаев Асланбека. Коьрте болх бойтуш йолу спорт хIунда яржош яц кхузахь, аьлла цецвуьйлуш вара иза.
Апаев: «Юьхь тIе тохар дика дац. Шашкаш а, шахматаш а хIунда яц вай цIахь яьржина? Уьш дика ма ю. Цара хьекъале ма во. Вайна чIогIа оьшуш дара-кх иза».
Спорт а, политика а вовшашца йоьзна хиларан билгало ю Соьлжа-ГIалара турнир дIаяьлча, цунна тIаьххье яьлла гIовгIа. Емельяненко Федора емалдира бераш цигахь латийтар. Цунна дуьхьал дIахьедарш дира Нохчийчуьра, цхьадерш тIехсов маьттаза мотт а буьйцуш. Шаверриг, аьлча санна, спортхой а, политикаш а бара цу юккъехь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо сацийта аьлча, тIаккха сихонца дIадайъира шайн инстаграммаш чуьра Емельяненко Федорна луьйш долу къамелаш.