ММА-на тIера спецназе кхаччалц: Нохчийчоьнан куьйгалхочун воI Кадыров Адам хьалхатеттар

Кадыров Адам

Нохчийчоьнан урхалхочун кхоалгIа кIант – 15 шо долу Кадыров Адам – масийттазза нисвелла федералан масштабера скандалашна йукъахь: тIаьххьара Iедалхоша дIахьедира, КъорIан дагийна аьлла, Соьлжа-ГIала валийначу Журавель Никитина цо йеттарх. Ринга тIехь ницкъбора жимчохь Кадыровн кIанта, ткъа Украинехь тIом болийчхьана кест-кеста нахана йукъаволу иза герзаца, цо дакъалоцу тIамна йечу пропагандехь а. Кавказ.Реалиин сайто дуьйцу, махкахь цуьнан васт муха хьалхатоьтту.

Марсхьокху-бутт бовш 15 шо долчу Кадыровс толам баьккхира Гуьмсера Оьрсийчоьнан спецназан университето хIоттийначу герз тухучу чемпионатехь. Цигахь дакъалоцура элитан дакъошкара 17 тобано. Кочахь кхо мидал а йолуш, гучувелира совгIаташ доькъучохь мехкан куьйгалхочун воI – иза билгалваьккхира "уггар а къона турниран декъашхо" аьлла, цуьнан дас бахарехь, "шеко йоцуш толам баьккхина".

Тобанаш къийсайелира герзаш тухуш, доллу духар тIехь долуш, дуьхьалонан асех чекхбуьйлуш, тIом беш, машен а, гIагI диллина техника а лелош. Кадыров Адам къовсалуш вара Нохчийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан декъехь - "К.Р.А. С.Б" тобанца. Оцу йукъанна зачетехь йа и сервис а, йа "Ахмат" леррина полк а билгал ца йаьккхира цхьана а кепехь – хьалхара меттигаш кхечира Омскера а, Иркутскера а, Кемеровера а спецназхошна.

ХIетте а "К.Р.А. С.Б" тобана кхачийра уггар а деза совгIат – 1 миллион сом "чоьхьарчу зачетехь" толам баккхарна, кхин а ахмиллион делира "Дуэль" номинацихь тоьлла аьлла. Омскера толамхошна Кадыровгара дикка лахара совгIат делира. Мехкан урхалхочун кIантана кхин а цхьа мидал йелира – "лидеран хьуьнарш" хиларна аьлла. Цо толам баккхарехь "деза дакъалацарх" дийцинчу Кадыровн бIанакъосто Делимханов Адама ца кхетийра, муха гIо дира Адама тобана.

"Со тера-мера кIант вац, сан мидалш йу"

Шен кIант школе а вахале дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочо дуьйцура иза тамашен бер хиларх. Политико чIагIонаш йора, шен йалх шо долчу заманчохь цо "деза КъорIан дагахь Iамийна, Оьрсийчохь уггар а къона хьафиз хилла" бохуш. Адамна КъорIан хаьа бохуш дуьйцура меттигерчу телехьожийлехь а цхьаьна.

"Къоначу хьафизах" тешийра школан байракх а. "Со тера-мера кIант вац, спортехь йаьхна мидалш йу сан, ву со хаза, хьекъале, тIера кастом - вай-вай-вай, - сайх тоам бина а ца Iа со. Дада, нана, иштта ву-кх со", - хIара байт йийшира 6 шо долчу Адама линейкехь Кадыров Рамзана а, цуьнан бIанакъосташа а, ницкъахойн тобанаша а чIогIа куьйгаш а детташ. Оцу КадыровгIеран дай баьхначу ЦIоьнтарахь (Ахмат-Йурт) берийн барамехь дакъалоцуш бара хIетахь уьш берриш а.

Федералан зорбанийн тидам хилира Кадыров Адамах дуьххьара 2016-чу шеран гIадужу-беттахь. ХIетахь Соьлжа-ГIалахь турнир йара дIахьош ийначу кепехь Grand Prix Akhmat-2016 аьлла. Ринга тIехь вара "гайтаман латаршца" Кадыровн кхуьй а кIант. Цара массара а толамаш бехира оцу къовсамехь, воккхаха волчо 14 секундехь баьккхинера толам. Оцу латаршкахь Адамна а, цуьнан вежаршна а, иштта цаьрца летачарна тIехь а цхьана а кепара Iалашвен гIирс бацара, каранаш доцург.

Кадыров Адам, 2020чу шарахь Соьлжа-ГIалара "Коллизей" Спорт Холлехь Апажев Эмирца летачу хенахь

Федералан телехьожийлехула гайтира шайна дуьхьал тийсалучу кегийчу берашна Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарша йетташ. Берийн летаршна критика йира Оьрсийчоьнан ММА-н Союзан президенто Емельяненко Федора, цо билгалдаьккхира, "гIад бахначу баккхийчарна а гуш, вовшех летара бераш" аьлла. ММА-н низамашца, 12 шо кхаччалц долчу берашна магийна дац къийсадаларшкахь дакъалацар.

Федералан резонанс йира оцу хиллачо, цунна комментарий йан дийзира Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаран а. Спортан министраллера кехат а деана йирзира турнир Нохчийчоьнан Iедалхошна, цу тIехь махкара спортера хьаькамшна хьийхира, цу кепара барамаш дIахьош шайх дагадовла аьлла.

"Летарш даим а сецйадо"

ШолгIа скандале даьлла Кадыров Адаман латар хилира 2021-чу шеран оханан-баттахь "Легендийн зама" профессионалан боксан турнирехь. 13 шо долчу Кадыровс ГIебарта-Балкхаройчуьра шеца летачу Биттиров Асланан йалх тохар тIаьхьий-хьалхий тIехдалийтинчул тIаьхьа, реферис цIеххьана сацийра латар, шен когаш тIехь лаьттачу тIаьххьарчунна нокдаун йагарйеш. Цул тIаьхьа боксеран секунданто ринга тIе гата ластийра, иза эшар къобалдеш. Ша Биттировс куьйгаш дIасадахийтира, хиллачух цецваьлла. Социалан машанашкахь оцу хьолана дуккха а критика йира.

ГIебарта-Балкхаройчоьнан боксан федерацин президенто Бербеков Нажмуддина латарш дирзинчул тIаьхьа мукIарло дира, гата ринга тIе ластош сацам Кадыровн кIантаца "эшначун" тренерша шайггара бина бацара аьлла. Латаршкахь харцо лелийна хилла аьлла, шен дешнех нийса ца кхеттачул тIаьхьа Бербековс дIахьединера, латарш гуттар а совцадо, "спортхо лаза ца вайта".

Толам баккхарх лаьцна йинчу репортажана леррина бархI минотехь гергга хан йайира пачхьалкхан ЧГТРК "Грозный" телехьожийло. Республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада инстаграмехь эфир хIоттийра Кадыров Рамзанца цхьаьна, цигахь цо дIахьедира, "бакъволу толамхо" бехван гIертарх.

Кадыров Адаман Биттировца скандале латар хиллачул тIаьхьа журналисташна тамашен хIуманаш гучудевлира Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхоалгIачу кIанта "Легендийн зама" оццу турниран гурашкахь хиллачу летаршкахь а цхьаьна лелийнарг. Масала, 2020-чу шеран чиллин-баттахь Адама эшийра башха дуьхьал ца тийсавелла Угандера спортхо Укаша Мукису. Кадыровца и латар дерззалц ларлучу кепехь лаьттира иза, Африкехь хиллачу къовсамехь дикка тIахъаьлла, агрессиве латархо санна Укашас ша гайтинехь а.

Преференцешка догдохуш Кадыровга олу цара: гой хьуна, хьан кIанта кхиамаш баьхна

Кадыров Адама дакъалоцучу къовсадаларийн жамIаш дуьйцуш ду хьалххе Кадыровна там беш, амма ша Кадыровс лелош хIуманаш дац уьш. Схьахетарехь, цуьнан уллорчу гонера наха лелош ду, аьлла хета нохчийн политологна Кутаев Русланна.

"Кхеташ ду, муьлхха а дена тов, шен кIанта цхьана хIумана тIехь кхиамаш баьхча. Цуьнгара цхьа преференцешка догдохучу цара, Кадыровга олу: гой хьуна, хьан кIанта кхиамаш баьхна, и дина, важа дина олий. Кадыров Рамзана де бохуш, деш дац и аьлла хета суна – цуьнан хан йац и турнираш, герзаш кхийсар вовшахдетта. Оцу бераца хан йойучу наха лелош хир ду и хIуманаш", - дийцира Кутаевс Кавказ.Реалиига.

Дустум, КI3 йа "Денвнелла Эртугрул"

Спортехь бохучу "толамашца" йоьрзуш йац мехкан урхалхочун кIентан биографи. 2021-чу шарахь 13 шо долу Адам Кадыров Ахьмадан цIарахчу дешаран Центрехь дешархоша шаьш шайн урхаллин коьрте хIоттийра. Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, "харжаман комиссино леррина терго а латтош" цуьнан кIантана кхаьжнаш теснера "дукхкхболчара" – 81% кхаьжнаш вовшахкхеттера цуьнан. Адамна лерина дешаран хьукматан хIусамчохь инаугураци а хIоттийра.

Шен 11 шо долчу Кадыровн кIанта эпизодан роль ловзийра туркойн "Денвелла Эртугрул" сериалехь. Кадрехь гучуваьллачу масех секундехь, хIетахь Шелан администрацин куьйгалхо хиллачу Ибрагимов Турпал-Iелис (Кадыровн шича) бахарехь, "дикачу агIор дIагайтира цо доллу шен хаарш".

Блоггер Тамаев Асхьаб а, Кадыров Адам а

Шен "бренд" а йу Кадыров Адаман – иза а, цуьнан доттагIий а кест-кеста го суьрташ тIехь "Dustum" йа "К13" тIейаздина кепкаш техкина. Иштта хIуманаш лелайо жимахволчу Кадыровн массо а доттагIаша а. Адаман бренд Нохчийчохь Кадыровн гонаша арахьа башха чIогIа лелош а йац, билгалдоккху Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь нохчийн бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.

"Брендан маьIна цкъачунна хууш дац. "К" бохург Кадыров дуй билггал хаьа. Терахь 13 лелош дара Тиматис, КадыровгIеран доьзалца уллора йукъаметтигаш лелочу муьрехь кхаьсттина. Хила тарло цигара и схьаэцна. КРА (Кадыров Рамзан Ахматович) аьлла бренд йара шен Рамзанан. Тамашен ду, кхоалгIачу кIентан бен "ДустумК13" бренд цахилар. Цу тIе "Дустум" – 2000-чу шерийн йуьххьера схьа дуьйна Кадыровн цIе йу", - билгалдоккху къамелдечо.

Шаьлта а, куй а

ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан керлачу хаамийн сюжеташкахь сих-сиха гайта баьхна КадыровгIеран Ахьмад, Адам, Эли а стохка мангал-баттера схьа дуьйна, билгалдаьккхира "Новая газето". Кадыровн воIарша дакъалаьцна дуккха а сахьташкахь хуьлучу шайн ден кхеташонашкахь, даим а цуьнца хуьлура цуьнан республикехула административан дIасалеларшкахь, цхьаьнакхетара федералан политикашца а, хьаькамашца а.

2022-чу шеран гIадужу-баттахь 14 шо долу Адам шен воккхаха волчу шина вешица а, махкахь культурин министр йолчу йишица Кадырова Iайшатца а хилира сепаратистийн "ДНР-хь". Кадыров Рамзана чIагIдора, шен берхIитта шаре бовлазчу кIенташа билггал тIамехь дакъалаьцна бохуш. Цуьнан тоьшаллина видео зорбане хIоттийра цо, цу тIехь Адама а, Элис а, Ахьмада а автоматаш а, гранатометаш а йетта, окопехь хевшина а Iаш.

Кадыровн хIора кIанта тIамтIера цхьацца йийсаре эцна ВСУ-н эскархо валийра, дIахьедира Нохчийчоьнан куьйгалхочо ши де даьлча. Оцу йукъанна шен вежаршца Адам тIом боьдучу меттиге ца вигинера, оккупаци йинчу Донецкан кIоштара тылехь бен хилла а бацара уьш. Цига йеара Кадырова Iайшатан делегаци а. Шина ролика тIера меттиг йерриг аьлча санна йогIуш йу Кадыровн бераш цига дахарх бен хаамашца.

Оккупаци йинчу территореш тIехь хилла бутт баьллачу заманчохь нохчийн Ахмат-Йуьртахь дIайаьхьира Кадыров Адам "гIеметтахIоттарна" лерина церемони. Цуьнан дас дIахьедира, нохчийн ширачу Iадатехь жимчу стеган 15 шо кхаьчча цунна совгIат деш хилла куйца, оцу минотера дIа дуьйна къонахчун сий лардан дезаш ду цо, и бохург ду "дин, сий, дайн латта а лардеш шаьлта айбар".

Адаман "гIеметтахIоттар" кхечу агIор кхетийра КадыровгIеран доьзалехь. Чиллин-баттахь Адам хаавелира Дубайхь машен хаьхкина воьдуш, Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмирташкахь 18 шо кхаьчначул тIаьхьа бен машенан урхалла дан бакъо йоццушехь.

Куй дIатиллина, гIодайуккъе дезачу шаьлтаца доьхка дехкарх, и цIе цунна кхачош йац

Зазадокху-бутт бовш 15 шо кхаьчна кIант автомат карахь, "К13" эмблема тIехь бронежилет йоьхна гучувелира Гуьмсехь "йоьдучу операцихь" ши стаг вийначу меттигехь йаьккхинчу видео тIехь. Байинарш тIемалой бара элира Iедалхоша, дIахьедира уьш полисхошна тIелеттера аьлла, амма царех цхьа а вийна а, йа лазийна а вацара.

"Дин Iалашден масал", Делимханов Адама бахарехь, гайтинера 15 шо долчу Адама марсхьокху-баттахь Соьлжа-ГIаларчу СИЗОхь. Цигахь Нохчийчоьнан урхалхочун кIанта йиттинера, Вогоградехь КъорIан дагийна аьлла бехкевечу Журавель Никитина. Оьрсийчоьнан омбудсмене Москалькова Татьяне ша Журавеля йаздинера, Кадыров Рамзан изолятор чу веанчу хенахь нисделла хIума дара иза аьлла.

Оцу кепарчу леларо тамаш бу-кх Нохчийчохь цхьанна а тоьшалла дахь, Кадыров Адам "къонах" ву, хIунда аьлча, нохчийн йукъараллехь кхечу кепара олу оцу нахах, бохура Кутаевс.

"Къонах хиларца – дуккха а хIума ду. Оьзда хилар, шен дешан да хилар, халкъана тешаме хилар. Цуьнан хенарчу жимчу стеган куралла ца хуьлу, сонталла ца хуьлу. Къонахчу амалан ницкъ билгалбоккху цуьнан нийсоне гIерташ хиларца а. Цо куй тиллина, деза шаьлта оьллина доьхка дехкарх, Адамна и цIе йанне а ца йогIу", - дерзийра Кутаевс.

  • Нохчийчоьнан урхалхочун кIентий, иштта цуьнан йоьIарий а, "кхинболу гергарнаш" а тIеман кечамех чекхбуьйлуш бу аьлла мангал-баттахь дIахьедира Нохчийчоьнан зорбанан министро Дудаев Ахьамада. Хьалхо бакъоларйархоша Кадыровн берашка тIеман пропанагдехь дакъалацийтар "шоу-проект" йу элира, регионера бахархошна "лаамхойн" могIаршка дIайазбалийта агитаци йеш.
  • Масех шо а ду Кадыров Рамзан цомгаш волу, цуьнан цамгарна аттта дарба ца хуьлу, ткъа стохка мангал-баттахь дуьйна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара хьал эшна ду, йаздора "Новая газето", шайн хьасташна тIетевжина. Мехкан куьйгалхочун могушалла ийгIина хиларан тоьшалла лерира цуьнан воIаршна жигара йеш пиар хилар.
  • Зазадокху-баттахь Нохчийчоьнан урхалхочун кIенташна, 17 шо долчу Ахьмадна а, 15 шо долчу Адамна а некха тIехь лелон седарчий делира "Терроризмаца къийсам латторехь билгалбовларна" аьлла. ХIун динчунна делла и совгIаташ, хууш дац.