Мобилизацех къаьхкинчу нохчийн мухIажаршна гIо доьхуш пикет дIайаьхьна Австрехь

Венерчу пикетан декъашхой, стигалкъекъа-беттан 15 де

Австрехь дIайаьхьира мобилизацех бевддачу нохчийн мухIажаршна гIо доьху пикет. Эскаре баха цалуучурен денна лерина йара акци, хаам бира Австрерчу жигархочо, Нохчийн Ичкери республикин векало Дунаева Розас. Цо дийцарехь, хиламехь дакъалаьцнарг ткъех адам дара.

"Нохчийчохь кхайкхина мобилизаци тхуна низаме ца хета. Нах республикера дIабаха лууш бу. [Оьрсийчоьно Украиница] бечу зуламечу тIаме гIо бохуш хьийзабо уьш. Цига ваха цалуучунна дуьхьал харц гIуллакхаш гIиттадо. Германехь а, Австрехь а дуккха бу цу бахьанца схьабаьхкинарш. Оха пикетехь дуьненайукъара гIо доьху. Оьрсийчу тхан нах дIа ца луш битар", – дуьйцу Дунаевас.

Венерчу ОБСЕ, Австрин федерал-канцелярина хьалхарчу майданахь хIоттийра пикет. Австрехь бехачу Нохчийн Ичкери республикин векалел сов, цу гуламехь дакъалецира меттигерчу "Links" партин векалша а, Украинера, Оьрсичуьра жигархоша а.

Украинехь Оьрсийчоьно беш болу тIом бахьанехь дIахьош мобилизацеш, репрессеш хиларна, нохчий Евробертан пачхьалкхашкахь гIо доьхуш бу. Кавказ. Реалии редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша а, тховкIело лоьхучара а дийцира шайх Iитталучу халонех.

  • Оьрсийчоьнан къилбехьара регионашкарчу бахархошна а, Къилбаседа Кавказерчарна а мобилизацех хIун хета? Президентан омрана резабоцуш, гIаланашкахь дуьхьалонаш йан тарлой - цунах дерг хоттуш меттигерчу жигархошка а, политикхошка а йистхилира Кавказ.Реалин редакци.
  • Мобилизацел хьалха Украинерчу тIаме кегий къаьмнаш хьийсош Iийра Кремл, тидаме лецира, стохкалерчу аьхка ISW институтан аналитикаша. Цу муьрехь Нохчийчохь "Север-Ахмат" полк вовшахтуьйхира, цуьнца цхьаьнайогIу цIераш техкина, кхин кхо батальон а: "Восток-Ахмат", "Запад-Ахмат", "Юг-Ахмат". Царна йукъaбахара Росгвардин, полицин белхахой.
  • Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал бечу тIамехь дакъалоцуш 21 эзар Нохчийчоьнан вахархо ву - и терахь дIакхайкхийра Соьлжа-ГIалахь дIабаьхьначу шайн белхан гуламехь республикин парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада. Хьалхо дуьйцуш дара, Украинерчу тIаме бахийта кегийнах лечкъорах а, мобилизаци Кадыров Рамзанан политикина реза боцучарна йечу репрессийн гIирс хилла дIахIоттарах а.