Мобилизацих ведда хилла Нохчийчуьра вахархо Iаьрби (цуьнан дехарца цIе хийцина)Австрера Хорвати дIахьажийна, цунах лаьцна хаамбина цуьнан хIусамнанас. Политикан тховкIело йала дуьхьал хилла цунна Австри, иштта цуьнца Нохчийчуьра дIайахначу зудчунна а, вешина а, берана а.
Iаьрбин хIусамнанас дийцарехь, гIадужу-беттан 15-чохь цуьнан цIийндега а, марвешига а кехат деара тIеман комендатуре тIекхойкхуш, цигахь хаамбинера цу шинга Украине вохуьйтуш ву аьлла. Оьрсийчуьра оцу сохьта арабелира доьзал, Туркойчухула виза хьаштйоцчу Босни а, Герцеговине кхечира уьш. Цул тIаьхьа Хорватига тховкIело йехнера цара. Къамелдечо чIагIдарехь, мухIажарийн куьпахь цаьрга аьлла хиллера, дуккха а мигранташ чугIортарна а, тховкIелр лур ю аьлла кIезиг дегайовхо хилар а къадош, пачхьалкхера дIагIо аьлла. ТIаккха сацамбира доьзало Словенихула Австри кхача, цигара Германи баха цIерпошта тIехь. Дукха ца Iаш, цара доза хадийначул тIаьхьа дозанхоша цIерпошта тIера охьа а баьхна, полицига дIабеллера уьш.
Iаьрбин зудчо дуьйцу, пачхьалкхера арайоккхуш полицин декъехь нуьцкъаша кехаташна куьйг таIон декхаре йира иза, цул тIаьхьа изза кехаташна куьйгаш йаздйтира хIусамдега а, цуьнан вешига а. ХIорш берш а цул тIаьхьа Австрира арабехира. Полицино аьллера цаьрга Хорвати дIахьовсош ду, хIунда аьлча, цара тховкIело йехна хьалхара пачхьалкх йара и.
Редакцица къамелдийриг а, цуьнан бер а цкъачунна Австрерчу миграцин набахтехь ду, хIусамда Хорвати дIахьажийна, цигара Босни, Герцеговине а, кхин дIа Оьрсийчу а дIавахийта тарло иза. Депортацина кечвеш ву Хорватихь цуьнан марваша а.
Цо дийцарехь, Нохчийчуьра Iаьрбин гергарчара хаийтина кхаьрга, кадыровхой бахкарх а, цуьнга цIа вола, ца хуьлчу далахь цуьнан йижарий дIабуьгур бу шаьш аьлла хилар а.
- Лахьан-беттан юьххьехь Хорватихь лецира масех иттаннашкахь Нохчийчуьра мухIажарш – цара латкъамаш дора тховкIело йоьхуш делла кехат юхаэца бохуш, ницкъбо шайна аьлла. "Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас хIетахь ма-дийццара, цхьаболчу мухIажаршна тIехь ницкъбина, кхерамаш тийсина, сийсазбинера. Нохчийчуьра бахархоша латкъамаш дора, миграцин набахтен белхахоша шайца хIуьттаренаш лелорах а, иштта лоьраш шайна тIе ца битарх а. Хаамийн гIирсашкахь кхунах лаьцна информаци зорбане йаьккхинчул тIаьхьа Хорватин омбудсмено Шимонович-Айнвальтер Тенас дIахьедира Оьрсийчу дIабала хьийзош болчу, шайн махка баьхкинчу мухIажарийн хьолан а, уьш махках бахаран бахьанийн а талламбийр бу ша аьлла. Иштта хьал тидаме ийцира Хорватин бакъонашларйархоша а.
- Австрин депортацин набахтехь латтош ву военкоматера тIекхойкхуш кехаташ кхаьчначул тIаьхьа республикера ведда Нохчийчуьра ши вахархо. Уьш Хорвати йухабахийта дагахь бу – тарло, цигара Оьрсийчу царна депортаци йан а. Царна тIехь кхел йина, амма цуьнан жамI хууш дац.
- Европан пачхьалкхашкахь политикан тховкIело йоьху Нохчийчуьра бахархой Iитталучу проблемех лаьцна дийцира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу бакъонашларйархоша.
- ГIуран-баттахь "Европера нохчийн Ассамблейно" дIахьедира, цхьахволчу нохчийн мухIажарна Хорватин полисхоша аэропортехь йеттарх. Цул тIаьхьа мигранташ латточу куьпа дIакхачийнера иза, цигахь масийтта дийнахь ша цхьаъ камери чохь латтош. Бакъонашларйархоша зорбане дехира йиттина тIехь лараш йолу цуьнан суьрташ, мухIажаран цIе йоккхуш йац. Хорватин Iедалхоша Нохчийчуьра мигрантана йеттарх лаьцна комментарий ца йира.