Хьал-дахарца, адамашна рицкъа карорца, бехачарний, къечарний юкъара башхалла тIех йоккха хиларца билгалъяьккхина Оьрсийчоьнан мехкашлахь Москох а, Нохчийчоь а Оьрсийчоьнан Информагенталлан Рейтинг олучу юкъаралло. Кхечу дешнашца аьлча, олигархашший, Москох беха могIара наххий, Кадыров Рамзанний, цуьнан гоййий гIуллакхехь боцчу нахал кисанаш дуьзина хиларца мел гена бевлла гойту хIоттийначу социалан рейтинго.
Оьрсийчоьнан хIора регионан талламаш бина эксперташа Джиннин коэффициент олучу барамца. Даьлла долу жамI ду бахархойн терахь а, гIишлойн мах а, алапаш а, ишшта кхидерг а дуьстуш даьккхина. Нохчийчохь а, Москох а, Дагестанехь а лекхий, лахарий алапаш долчу нахана юкъахь, ша бух боцу берд санна, ю башхалла. Масала, Нохчийчоьнан 40,1 % ю, Москохан-39,3 %, ткъа Дагестанан - 38,6 %.
Нохчийчоь даима а хьалхарчу меттехь ю экономикан кхиамашца, бохуш, массанхьа а дийцахь а, талламо гойту бакъдерг муха ду.
Кхин дIоггара талламаш бан а ца оьшу, социалан башхаллаш я нийсо цахилар ган. Хаттта деза оцу хьокъехь хьехархошка я лоьрашка. И говзанчаш бу тахана уггааре а кIезиг алапаш оьцурш. Соьлжа-гIаларчу цхьана школера хьехархочо, Амината, дуьйцу шен алапах дерг.
Аминат: «ХIора дийнахь, цхьа кIиранде доцург, болх беш ю со, баттахь бархI бIе туьмий бен алапа дац сан. Со санна, болх беш йолчу сан накъостана хIокху баттахь ялх бIе туьмий бен ца делла. Дерриге а дийнахь ду тхо балхахь. Наггахь буьйсана бен цIа а ца кхочу.
КIезга ду алапа. Стимул олуш долу ахча, шайна оьцу хьаькамаша, тхуна луш а дац. Дийнна шарахь ца делла суна. Иза оьцучара 5-6 бIе туьма оьцуш ду. Суна-м ца делла иза. Цкъацца бутт богIу, алапна тхо реза долуш, ткъа кхин бутт богIу, тIера ах алапа дIа а доккхий».
Оцу бархI бIе туьманах кхачам бан гIертарх, иза а ца хуьлу шен, бохуш кхин дIа а дуьйцу Амината.
Аминат: «Петарх коммуналана 2400 сом дIалуш ю со хIора баттахь. Иза ца делча, тхуна ахча а ца ло. И кехат дIадала деза цаьрга, тIаккха ло алапа. Дисинчух шина кIантана тIейоха а, да а, мала а деза. Болх бан генна дIаоьхуш ю со. И бIарх бIе туьма, важа алапа схьадалале чекх а долий, нахана декхаре а йоьдий юьсу-кх со».
Ала догIу, массо а хьехархо вац Амината санна кезиг алапа оьцуш. Алапийн барам боьзна бу хьехархочун говзаллах а, цо дIахьочу сахьтех а. Амма, тIаккха а, цара бечу белхан маьIне хьаьжча, мел дукха делича, кIезиг хир дара ахча.
Яьрташкахь болчу лоьрийн хьал мелла а гIолехьа ду гIалахь болчу хьехархойнчул. Лиза цIе йолчу лоьро Маршо Радиога ишшта дийцира.
Лиза: «Сан алапа 14 эзар сом ду. Iуьйранна исс даьлча сарахь кхо сахьт даллалц болх бан безаш хуьлу со. Болх дукха бу. Оха бечу балхе хьаьжча, алапа кIезга ду. Амма, алапаш 3 бIе туьма дерш а бу. Ишшта лахара алапа долчу наха муха кхобур бу доьзал? ХIун яор ю цара? Со юьртахула, нахе а оьхуш, лела лоьралла деш. Суна гуш ду нахера хьал. Хала бохку нах дукха бу. Царна гIодича, дика хир а дара».
Башхаллаш мискачарний, хьал долучарний юкъахь даима а хилла. Иза даредо бакъонашларъярхочо Апаев Асланбека. ГIарабаьккхинчу талламах цецволийла дац, боху цо.
Апаев: «Хьалха Советан заманахь а ишшта дара хьал. Къеберш къе бара, ахча дерш хIинца а бу ишшта. Кхин хIумма а дац керла. Вехашверг гуш ву цуьнан бахаме а, цо хохкучу машене а хьаьжча, мисканиг а къаьста шен хIусамашца а, нагахь санна елахь, машенаца а. Миска нах дукха бу. Бехашберш кIезиг бу. Iедалша гIонна ахча лучу меттигашкахь лаьттачу рагIанашка хьаьжча а гуш ду иза. Мацца а хилла а, бехаш хир бу-кх вайн нах...».
Социалан башхаллица Нохчийчоь хьалхарчу меттехь елахь а, кхуза баьхкинчийн баккхий а беш, дийца хIума хуьлу, «ма дика нах бу нохчий, хьаша-да тIеэцар мел чIогIа ду церан», бохуш.
Нохчийн Iедалехь дац шайн дахаран хьелашна леткъар, дерриг Делера ду, цара кхеторехь. Ткъа социалан башхалла йоккха хиларца хьалхарчу меттехь йолу Нохчийчоь муха нисло пачхьалкхерчу статистийн зерашкахь а массо а агIор дика гайтамаш болуш, ца кхета махкахь наггахь верг а.