Москвахь маьждиг дарна дуьхьалберш тIамтIе бахийта аьлла кхайкхамбина Кадыровс

Кадыров Рамзан

Цхьана пачхьалкхан бахархой бекъа гIортарна бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Москвахь маьждиг дарна дуьхьалберш, цо кхайкхамбина Украинана дуьхьал боьдучу тIаме хьийсабе уьш, йа кхел йе царна аьлла.

"И дIадолийнарш малхбузенан интересашкахь лелаш бу, уьш мухха бехказабийла хьийзахь а. Иштта хьал талхораш йа тIамтIе хьийсон беза, шайн йоллу оьгIазалла мостагIчунна тIехь дIайекхийта, йа иблисехьа бевлла информационан диверсанташ санна, кхеле хIиттон беза", - дIахьедина Кадыровс шен телеграм-каналехь йахначу суьйранна.

Москварчу Косино-Ухтомскан кIоштара протесташ йолийна зазадокху-баттахь. ХIетахь "Спас" телеканалан суьйранна хиллачу эфирехь дин толлучу Силантьев Романа дIакхайкхийра, Безачу Iомана уллохь доккха бусулбачийн маьждиг дан дагахь бу – цуьнан барам мел бу ала ца хIоьттира иза, хIунда аьлча, и проект готтачу гонашкахь бен юьйцуш цахиларна. MSKI.ru гIирсо гIаларчу гIишлошйаран комитетан кхеташонан протоколна тIетевжина хаамбира, оцу кIоштахь "динан-кхеторан объект" йийр ю аьлла.

Бусулбачийн центр кхуллуш хиларх кхин тоьшаллаш дац. ГIишлошйаран меттигерчу паспорта тIехь аьлла ду, "Дмитриевскийн урам" транспортан кхечу тIе хоийла хир ю цигахь аьлла. Делахь а, меттигера бахархой хIинца а буьйлу протесташка, тIечIагIйазчу маьждигех лаьцна информацина тIе а туьйжуш.

"Спас" телеканало хаамбарца, уьш тешна бу, бусулбачийн центр "Москвара дин лелон бахархой тIегулбен меттиг хир бац, Юккъерчу Азера мигранташ вовшахбетталур бу цигахь" аьлла

ДIадахначу мукъаденошкахь хIоттийра йоккха акци. Цунах дIакхийтира националисташ - доккхачу декъанна, "Русская община" цхьаьнатохараллин координаторо Ткачук Андрейс дIахьедира, протесташ йоьрзур йац "православин дин лелон оьрсаша шайн православин меттигаш шайн карахь совцайаллалц". Бусулбачийн центрна дуьхьал петици юкъайаьккхина, цуьнан чулацамехь йаздина ду: "Маьждиг дойтийла йац, хIунда аьлча, Иисус Христос вац боху идейш йаржайаро дахар массо а агIор талхор ду". Цунна куьйгаш йаздина 26 эзар стага.

  • Православин дин лелочийн зийаратан меттиг бу Москвара Беза Iам. Легендица, Iам гучубаьлла, хи бухула йахна килс лаьттинчу меттигехь.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхайкхамбира, КъорIана юккъера агIонех цIераш летош пайдаэцнарш йа хIаллакбе, йа дийна карабахкийта аьлла.
  • КъорIан дагош хIоттийначу акцих Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана пайдаэцна Украинана дуьхьал болийна тIом бакъбеш а, Ичкерин агIончашна критика йеш а. Цо бух боцуш бехкедина Швецин Iедалхой, цара "ахча делла" хIоттийна йара акци аьлла.
  • The Insider хьостан хаамашца, Стокгольмера барам хIоттош ахча делла хилла журналисто, Russia Today телеканалан стрингер хиллачу Фрик Чанга. Делахь а, цо дIахьедина, КъорIан дагаде ша цхьаьнге а ца баьхнера, RT каналца юкъаралла 20I4-чу шарахь дIахадийна ша аьлла.