Москвахь некъан бохамна тIехула герз детта волавелларг нохчийн спортхо хила тарло

Гайтаман сурт

ГIалин йуккъехь герз диттина аьлла шеконашца лаьцна Москвахь 29 шо долу стаг – дов иккхина хилла некъан бохамна тIехула. Зорбанийн хаамашца, вуьйцург ву Нохчийчуьра латархо Очаев Расул, иза а лазийна хилла. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.

Травматикан герз а лелош, хилларг хулиганалла ду аьлла, хаамбина Москвара прокуратурехь. Талламан комитетехь иштта тIетоьхна, дарбанан цIийне кхо стаг валорах, царех цхьаъ бехкехетарг ву – лоьрашкара пурба ма-хиллара, хеттарш дан дIавуьгур волуш ву иза.

Плющихан урамера дов доладелла цхьа жима некъан хьовзам хиллачул тIаьхьа – Очаевн доттагIчо Чиботарь Витлийс лелон машен тIеIоттайеллера сепаратистийн "ДНР-н" боксан федерацин президентан йоьIан Саркисян Эмилин машенна, йаздо Mash телегарм-канало. ЙоьIан дехарца цига кхаьчнера герзашца хадархой балош федерацин президент Саркисян Армен а, тIаккха лета буьйлабеллера уьш. Iедалхошкахьа йолчу "РЕН ТВ" канало йаржийначу видеоца, ницкъахоша дIасабаьхнера уьш.

Очаев воцург а лазийна иштта 43 шо долу Олефир Виктор а, 45 шо долу Гавриченко Иван а, йаздо "Московский комсомолец" газето шайн хьасташна тIетевжина. Хьастан хаамашца, бразилхойн джиу-джитсун спортан говзанча ву Очаев, делахь а, Кавказ.Реалиин редакцина ийначу кепехь латарийн гурашкахь спортхочун цхьа латар бен карийна дац. 2012-чу шарахь 18 шо долу Очаев ринге ваьллера нохчийн "Беркут" латархойн тобанан декъехь, спортхо вовзийтира Соьлжа-ГIалин вахархо санна.

И доцург а, Москвара Преображенскийн кхелан картотекехь бехкзуламан гIуллакх ду цуьнан санна фамили йолчу Очаев Русланна дуьхьал даьккхина. Стохка зазадокху-баттахь гIуда а тухуш, шина шарна машен лелон бакъо дIайаьккхира цуьнгара къаьркъа а мелла масийттаза машенан урхалла дарна. ТаIзар кIеда хилийта бахьанаш карийра кхелана цуьнан волонтерийн болх барна делла баркаллин кехаташ а, ишта джиу-джиутс спортан говзанча иза хилар а

  • Черкесскехь лаьцнера нускал далочу хенахь хIаваэ герзаш диттина нах. Мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллехь дIахьедарца, итт стаг вара уьш 18 шарера 26 шаре кхаччалц. ТIечIагIбазчу хаамашца, лаьцначех цхьаъ ву меттигера азербайджанхойн диаспорин куьйгалхочун воI Ахмедов Кемал.
  • Чиллан-беттан 4-чохь суьйранна вийна полицин подполковник Атмурзаев Альберт, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, дакъойн а оперативан тобанан хьаькам вара иза.
  • ММА-н латархо Мутаев Магомед верна Дагестанехь бехкевечу Кадирханов Надырхана дIахьедина, зулам даран бахьана дара "сий Iалашдар" а, къизаллаш лелорна бекхам бар а. Хиллачо дуккха а къамелаш долийра, могIарерчу нахаца оцу кепара лелар магийта йиш йоцург ду бохуш. Кавказ.Реалии сайто хеттарш динчу респонденташа делира ишта жоьпаш.