"Ахмат-1" ОМОН-н командиран гӀовс лаьцна Wildberries-ан офисна хьалха герзаш диттинчу гӀуллакхехула

Чичаев Iумар, Москвара кхелан пресс-гIуллакххойн сурт

Москвара Вайлдберриc офисехь герзаш диттина аьлла, лаьцна Чичаев Ӏумар Нохчийчуьрчу Росгвардин урхаллин "Ахмат-1" олучу ОМОН-ан буьйранчан гIоьнча хилла, иза билгалделира Басманан кхелан кхеташонехь.

Кхелан талламаш дӀабаьхьира къевлинчу неӀаршкахь, йаздо SOTAvision телеграм-канало. Цкъачунна цхьана беттана а, эхабаттана а лаьцна витина Чичаев, хаам бо ТАСС пачхьалкхан агенталло.

"Агенталла" хьостано таллам бина Чичаев Ӏумар тхэквондо латарехь Европан, дуьненан чемпион, иштта Кадыровн "Беркут", "Ахмат" латаран клубашкахь дакъалоцуш хилла хилар.

Иза воцург Москварчу Басманан кIоштан кхело 6 стаг дIалаьцна "Wildberries" офисехь герзаш деттарна. Царна бехке дуьллуш ду шиъ, йа цул сов стаг вен гӀортар а, бакъо йоцуш герз лелор а, ницкъаллин структурийн белхахочунна тӀелатар а. ПIераскан дийнахь кхелахочо толлур йу хиллачун йукъахь дакъалаьцначу кхин а 19 стагах йолу материалаш.

Лаьцначарех цхьаннан, Коноплев Игоран, долахь ду 28 гӀалахь а, кхаа пачхьалкхехь болх бен "Трэвэлерс Кофе" кофейнийн машанан цхьа дакъа. "Важные рассказы" хьостан журналисташна хиъна Нохчийчуьра иза схьаваьлла хилар, цуьнан бакъйолу цӀе Балатбаев Идрис а хилар, оцу цӀарца гучуволу иза телефонан зӀенашкахь. Кхечу лаьцначун цIе Сайфулаев Арсен йу, оццу номерца, Коноплев санна, онлайн-сервисашкахь регистраци йина хилла цо.

  • Герзаш деттар хилла бизнесан долахо Бакальчук Вячеслав шен хадархошца цхьана компанин офисе кхаьчначул тӀаьхьа. Цуьнца цхьаьна Нохчийчуьра адвокат а, прокурор хилла волу Эльмурзаев Анас а вара, йаздо RTVI-но. И бахьана долуш ши стаг вийна, кхин а масех лазийна. Лазийнарчарна юкъахь ву лаххара а Къилбаседа Кавказера кхоъ ММА-н латархо, иштта беллачарна юкъахь бу ГӀалгӀайчуьра 28 шо долу Эльмурзиев Исламбек а, 41 шо долу Алмазов Адам а. Офисан кхерамазаллин белхахой хилла уьш, хаам бо Shot , Mash телеграм-каналаша.
  • Бакальчук Татьянас шен телеграмехь бехкевина ша дӀасакъаьсташ йолу шен цIийнда Владислав, компани шен долайаккха гӀортарна. Бакальчукан агӀончаша чӀагӀдо, бизнесхочунна а, цуьнан гона а тӀелатар дина герзаца йолчу Wildberries кхерамазаллин белхахоша бохуш.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана тергал ца дина Вайлдберрис компанин Москварчу офисехь герзаш деттар. Товбеца-баттахь цо дош деллера компанин долахочунна Бакальчук Владиславна гӀо дийр ду аьлла – Соьлж-ГӀалахь хиллачу цхьаьнакхетарехь цо дийцира бизнес "низамехь доцуш" дӀалацарх лаьцна. Бакальчук бехкевина стаг верна а, стаг вен гӀортарна а, ницкъаллин структурийн белхахо вен гӀортарна а.