Иракъехь Iожалхоша лелхийтарш дина

Иракъан Iедалан хаамашца, Тикритан гонахарчу ярташкахь Iожалхоша зуда ялийначу тойнашкахь динчу шина терактехь вийна 30 стаг, 26-нна йина чевнаш. Молханех дуьйлина гIодаюккъе дихкина доьхканаш лелхийтина Iожалхоша, хоуьйту полисхоша.

Зулам цкъачунна цхьана а террорхойн тобано тIелаьцна дац, амма цу тайпа масех тIелатар дина хьалхо Мосул гIалин гонах хиллачу шайн позицех хаьддачу ДАIИШ тобан декъашхоша.