Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн вевзаш волу журналист Тарамов Майрбек Швецехь веха 10 сов шо ду. Цуьнан аьтто хилла тидам бан цу махка тховкIело йоьхуш баькинчу вайнехан дахарна. Хийца-м ца делла шоьга Iедалш а, могIарера бахархой а хьежар Парижехь бусулба нах бу бохучу зуламхоша терроран тIелатарш динчул тIаьхьа аьлла шега хаьттича, Тарамов Майрбека элира цкъачунна хIумма а хийцаделла цаго шена аьлла.
Арара хьаьжца сурт кхоллало Малхбузерчу Европехь дIатарбелла нохчий, шайна Iедало чохь Iан хIусам а, хенах довла кепек елча тоам беш бехаш бу олий. Муха ду ма-дарра долу сурт, масала, Швецехь?Муха беха цигара нохчий аьлла хаттар делча, хIоьттинарг тайп-тайпана сурт ду бохура Тарамовс.
Швецин Iедалша хьалха санна тIоьцуш бац шайн махка тховкъело йоьхуш баьхкина нах. Шена масийтта доьзал бевза дуккха а шерашкахь Швецехь бехаш белахь а, цигахь баха бакъо луш долуш кехаташ доцуш бохуш дийцира Тарамовс.
Махкал арахьа беха нохчий бIаьрг баьтташ хуьлу олуш ду-кх дукъа адамашна юкъахь вайн къомах верг тидаме оьцуш. Иза бакъ ду бохура Тарамов Майрбека, дукхачу хьолахь вовше бевза нохчашна элира цо.
Уьш къаьсташ а хуьлу кхечу нахах, делахь а хан-зама яьлча мелла а Швецин юкъараллах дIауьш меттигаш йогIу вайнехан бохуш вара цу махкахь веха нохчийн журналист Тарамов Майрбек.