ГIадужу-беттан 29-чохь эзар гергга Дагестанан бахархой Палестинан байракхашца а, жуьгташна дуьхьал лозунгашца а ХIинжа-ГIаларчу аэропорт чулилхира. Тель-Авивера деанчу кеманахь хилла пассажираш лоьхуш хьийзара уьш. 20 сов стаг лазийна, царех дукхахберш, Iедалхойн хаамашца, - полисхой бу. Израильна дуьхьал лелийна къепедацарш дуьненайукъарчу зорбанан гIирсаша а тергоне эцна, цигахь хиллачара дуьйцура дарбеллачу нахана дан амал доцуш хьийзара ницкъахой бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду элира.
ХIунда магийтира ницкъахоша аэропорт дIалацар, жIугано дендерг хаа йиш йарий, муьлхачу гIалатех ларбала беза Iедалхой, Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь оцу доллучух а лаьцна дийцира талламбаран "Сова" центран куьйгалхочо, экстремизман сферехь эксперт волчу, йахначу заманчохь бахархойн йукъаралла кхиорехь а, адамийн бакъонашкахула а йолчу президентан Кхеташонан декъашхо Верховский Александра.
– ХIинжа-ГIалахь хилларг хила тарло аьлла, дагатосийла йарий? Жуьгташна дуьхьал акци а хир йу аьлла, хьалххе кхетийла дарий?
– Там бу, цхьаволчунна и хила мегара аьлла, дагатесна хила а тарло, амма суна и хиламаш дагахь доцург дара. ХIунда аьлча, Гергарчу Малхбалехь хуьлуш долчух Оьрсийчоьнан уммехь болчийн мел а барамехь йара реакци, Европехь хиллачул а.
ХIаъ, Оьрсийчохь а критика йарца наха кест-кеста дIаолура Израилах шайна хетарг. Амма цхьаъ ду – социалан машанашкахь дийцаредар, кхин ду, аэропортаан штурм йар ца хьахийча а, - Iедалхошца дага ца бовлуш Палестинехь хIоттийначу митинге бовлар. Тера дацара, оцу кепарчу дуьхьалонан гIулчашна цхьаъ кийча хилар.
Къилбаседа Кавказера уммехь болчийн дог-ойла хийцайаларан бахьанех хаа гIоьртийла йу вайн. Цкъачунна къастанза ду, хIун бахьана хIоьттира радикализацига балийна къепедацарш доло.
– Къилбаседа Кавказехь антисемитизм иштта дагахь доцург хилира йа и цигахь йаьржина йу?
– Къилбаседа Кавказехула талламаш бечу дуккхаъчу нахера суна хезна, дикка шуьйра антисемитизм цигахь йаьржина йу бохуш. Оцу йукъанна цхьа флегматике, пассиван хатI долуш йу и – кеп-кепарчу хIумалгашца доьзна жуьгташна бехк биллар санна, цо иштта хьежамаш боцурш меттах ца боху цхьаъ дан.
– Мел бехказло карайойла ду, протестхой аэропорте а, кеманийн майдана а битинчу ницкъахойн леларна?
– Цхьанна а ца моьттура гIуллакх иштта доьрзур ду. Цунна кийча йацара йа полици, и хиънехь аэропорт ларйеш хир йара ОМОН, ткъех полисхо хIоттийна хир вацара цига. Цара хIун дийр дара дарбеллачу бIеннашкахь нахана? ТIе герз тухур дара? Суна хетарехь, иштта омра дацара, хууш дац, и дерриг а муха доьрзур дара а тIаккха.
ХIаъ, Дагестанехь шен специфика йу. Москвахьчул а, кхузахь могIарерчу вахархочунна мел а герга ву полисхо. ХIунда аьлча, белхан Iалашонца цхьанхьара кхуза ваийтина вац иза, иза кхузахь вехаш ву, дукхахберш цунна уллора бевза, дуккхаъчарна иза а вевза.
Оцу йукъанна, Москвахь изза адамийн жIуга Шереметьево аэропорт дIалаца гIоьртича, цига кхача ОМОН ца ларийча, тIаьххьара цIийн тIадам божжалц полицино а дуьхьало йийр йацара, кеманийн майдана нах ца бита. Куьйгаллина и нийса хетар дацара, хIунда аьлча, адам цхьаьна а кхетта, бечу тIамехь дукха ницкъахой эшалур бацара жIугане, ткъа ишта гIуллакх дерзар муьлххачу а ницкъаллин вертикальна Iаламат кхераме масал дара.
– ХIинжа-ГIалахь протест хIотторна Iедалхоша бехкебина "бандеровцаш", цара дIахьедира "арахьара йукъагIортар" ду аьлла. Билггал телеграм-каналан ницкъ буй йукъараллин дог-ойла карзахйаккха, къепедацаршка нах ара а бохуш?
– Дера бу, къепедацарна нах тIеийзораш бехке бу. Цигахь хаттарш дан а дац. Изза "Утро Дагестан" (протесташна нах тIехьехарна Iедалхоша доккхачу декъанна и бехкедина. – Билгалдаккхар) канал кхоьллинарш Iедалхой тIекхочучохь хиллехь, уьш лецна хир бара. Амма адамаш программица лелон роботаш ма йац, шайн лаамехь ма баханера уьш, муьшаца цхьаммо а ийзош бигина бац.
Миф йу и, билламе телеграм-канало бахархошка хIуъа а дойтур ду бохург
Суна хетарехь, шеко йоцуш, оцу меттигехь и гIуллакх вовшахтоьхна цхьа нах бу. Мила хилла билггал, суна ца хаьа. Тамаш бу-кх, йуьйцург къайлайаьхьна цхьа центр йелахь, радикалан хьежамаш цхьатерра болу бахархой хила тарло протесте кхайкхам бинарш, - горизонтале структура. Амма вуьшта, миф йу, федералан Хьалхарчу канало, йа телеграм-канало бахархошка хIуъа а дойтур ду бохург. Шайна хетарг тIечIагIдаре сатуьйсу медиашкара наха, кхин а тIе марсабовла а тарло, амма и пост йешначул тIаьхьа, шайн ойла хуьйцур йац цара.
Дагестанхойн йукъараллин башхалла стенца йу аьлча, мел а чолхе йу и, шаьш вовшахкхета уьш, жигараллица, Къилбаседа Кавказера муьлхха а республикера нахал а, йа йуккъерчу Оьрсийчоьнан регионера бахархойл а жигара. Иштта жигаралла хаайала тарло дикаллин гIуллакхашкахь а (баьццара зонаш Iалашйайта къийсам латторехь, керла нехаш дIакхийсуьйлана дуьхьал, йа заводана, ток дIайаккхарна, хи сацорна), иштта вочу а – жуьгташна дуьхьал гIурт эккхийтар.
– Ахьа элир-кх, циггахь цхьана наха вовшахтоьхна хила тарло и адам аьлла. Оцу кепара бехкаш оппозицин жигархошна тIе а дохкуш, ницкъахойн иштта луьстийла дац?
– Бакъоларйаран органийн белхан башхалла, цхьана Оьрсийчуьра хилла а ца Iаш, стеннца йоьзна йу: политикан куьйгалло тIедожийна къепедацарш вовшахтоьхначаьрца йист йаккхар. Оцу йукъанна маса цхьа барамаш тIеоьцийла ду – протестхойх дIацIанйира аэропорт масех сахьт даьллачул тIаьхьа, - амма хиллачух талламбар дуккха а хала хиллера. Цунна хан а, корматалла оьшу, кхузахь хазло, массо а хIуманна оппозицин жигархой, йа социалан машанашкахь Израильна дуьхьал комментареш йитина нах бехкебан. БIеннашкахь йу иштта комментареш, цундела къеста а беш, бехкебеш, таIзарш дойла йу дуккхаъчарна.
КХИН А ХЬАЖА: "Маса, кехаташ! Жуьгтий буй?!" ХIинжа-ГIалахь жуьгтий лоьхуш хиллачу къепедацарех– Оцу хьолехь Iедалхоша кхин хIун дан деза аьлла хета хьуна, йуха а протестийн тулгIе ца хилийта?
– Бакъдерг аьлча, цхьа а аьтто бац йуха а оцу тулгIенах ларвала. Амма цкъачунна Дагестанан Iедало дийриг нийса ду. Маса ца кхаьчнехь а, ОМОН йаийтира. Мехкан урхалхочо Меликов Сергейс оьгIазвахначохь дIахьедар дира, оцу леларца йа доьналла а дац, йа майралла а йац аьлла. И нийса аьлла цо, цуьнан доллу дешнашна со реза вацахь а.
Йуха а цхьа къегина акциш дIайахьа гIуртур бу. Амма иштта кхиаме хир йац уьш – полици хIинца семе хир йу.
Лаьара, къепедацарш хIитторна бехктакхаман гIуллакхашкахула Iедалхоша хьалха каравеънарг ца лаца политикан цхьа сацам тIеоьцийла, билггал бехкенаш а лоьцуш. Аэропортехь хIиттийна дуккха а видеокамераш йу, дукха атта хир ду и дан а. Бехк боцчуьнга бехк кховдоро мелхо а, кхин а дуккха а нах йукъа а ийзош, радикализаци чIагIйо.
ХIун дийр ду антисемитийн дог-ойланашца? Кхин мохк беза, йа ма беза бохуш, шен бахархошна доьхкийла йац пачхьалкхан. Израиль ца йезийла ду дерриг а цхьаьнатоьхначу политикан бахьанашца. ХIара позици йоьрзийла дац, масала, векалташ йохош, кхузахь пачхьалкхо къепе латто йеза. Амма кхин мохк ма беза бохуш, доьхкийла йац. Къаьсттина хала ду и, цхьа могIа мехкашка цабезам баржочу пачхьалкхана. Израиль ца йезара аьлла а, Палестинехьа гIо дохуш а оцу конфликтехь дозанаш хедадайта мегар дац – амма къаьсттина хала ду и, антисемитизмаца къийсам латтон эвсара гIирс цхьаммо а кхоьллина бац хIинца а.
- ХIинжа-ГIалара аэропортехь хиллачу кегарина тIехула талламан комитето шаьш акцин 83 декъашхо лацарх дIахьедина, ницкъахоша кхин а 150 стеган цIераш къастийна. 24 сахьтехь полисхоша 50 талламбина. Дуккха а нах вовшахкхетта къепедацарш лелорна тIехула бехктакхаман гIуллакх а ду долйина.
- Дагестанера аэропорт дIалаьцначу йуккъехула Кадыров Рамзана тIедожийна, Нохчийчохь нахана йукъахь къепедацарш лелораш "чубохка" аьлла Кадыров Рамзана: цо омра делла "кхозза хIаваэ тоха, ткъа йоьалгIаниг – хье йуккъе" аьлла.
- Канал "Утро Дагестан" дIакъевлина телеграмо, цу тIехь баржийнера жуьгташна дуьхьал довла аьлла, кхайкхамаш – цунах лаьцна дIахьедира сервис кхоьллинчу Дуров Павела. "Telegram-н, Google-н, Apple-н, доллу цивилан дуьненан а низамаш дохош, ницкъбе бохуш, кхайкхамаш бен каналаш дIакъовлур йу", - дIахьедина цо.
- ГIадужу-беттан 28-чохь суьйранна Хасавйуртахь бахархоша го бира меттигерчу "Фламинго" хьешан цIенна – адамийн жIуга дIасайуьйхира цу чохь жуьгтий боций хиъначул тIаьхьа. Оцу гIуллакхехула административан итт протокол хIинцале а кхеле кхаьчна. Оццу дийнахь Черкесскехь митинг хIоттийра, цигахь гулбеллачара регионера "жуьгтий" ара а баха, республике Израилан бахархой а ма бита аьлла, тIедожийра. Административан низамаш дохорах полицино 34 декъашхочунна протоколаш хIиттийна.
- ГIадужу-беттан 29-чохь Нальчикехь муьлш бу цахуучу наха машенийн батташ йагийра жуьгтийн культурин центр йечу меттигехь. Билгалдоккху, цIе маса йайира, цхьанна а хилла зен дац аьлла. Беш таллам бу, цIетасарна бехке хетачех цкъачунна полисхоша хаам бина бац. Хьалхо Baza телеграм-канало йаздира, цIе тесна ца Iаш, центран пена тIехь ксенофобин йоза а цхьаьна дитинера аьлла.