Нийса бIостанехьара бу Малхбузенан, Оьрсийчоьнан Украинерачу дуьхьалонан акцешка а, Iедалан леламашка а болу хьежамаш. Иза кхин цкъа а малхаделира Мюнхенехь дIаяхьанчу Дуьненаюкъарчу кхерамазаллин конференцехь.
Цу конференци Украинера еана йоккха делегаци хиллехь а, - шайна юккъехь цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министр а, оппозицин куьйгалхой а болуш, - амма коьрта турпалхой Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретар Керри Джоний, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей вара ала мегар ду.
Оьрсийчоьнан векало кхин цкъа а билгадаьккхира, ша хIинцалца схьа массийтаза аьлладерг: Малхбузе Украинина шена хетарг кочатасса гIерташ ю, цу пачхьалкхана тIеIаткъам бан гIерташ а ю, ткъа „маршо“ боху дош украинхошний, малхбузерчу пачхьалкхашний тайп-тайпанчу агIор кхета.
Шен рогIехь Керри Джонас шаьш Украина бахьана долуш Оьрчийчоьнца къийсам лелош дац, мелхуо а цуьнца цхьаьнаболхбан лууш ду, элира.
Изза тоьшалла дира Европин кхеташонан куьйгалхочуо Ван Ромпей ХIермана а, цхьанна а кепара Европа Оьрсийчоьнна дуьхьал къуьйсуш яц, аьлла. „Оха Украине кховдийна куьйг хIинца а юхадаьккхина дац. Тхо кхеташ ду иштта, хан дIа мел йолу а, адамийн кхетам тхан агIор болуш буйла“, - элира цуо.
И цуьнан дешнаш вуно резавацарца тIеийцира Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхан министро. „Ван Ромпейс хIинца ша боху, Украинан къомо шен харжам ша бан беза, аьлла. Амма иза аьлла ша валале цуо боху иштта, ша тешна ву, Украинин хиндерг Евробертан юккъехь ду аьлла.
Иштта кхузахь вистхуьлуш вара сан доттагI волу НАТО тIеман альянсан инарла секретарь Расмуссен. Цуо а боху Украинига шега байта беза шен харжам. Амма вайна массарна а дика дага ма догIу, 2007-чу шарахь НАТОн саммитехь Малхбузено Украинин метта и харжам ша бина хилар.
Иштта ас карладоккху шуна, Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан векало официала дина хила дIахьедар: шаьш Украинехь керла урхалла кхуллур ю бохучух теша элира цуо, Дуьненаюкъерчу Валютийн фондо къобалйийр йолу урхалла. Иза бу и харжам?“ - бохура Лавров Сергейс шен оьгIазло а ца хьулйеш. Iедалан кхерчаш дIа а луьйцуш, къепедацарш а лелош, расистийн лозунгаш а кхайкхош лелачу оппозицин жигархой емал хIунда ца бо Малхбузено хоьттура цуо.
Амма Малхбузенан векалшна цу дешнаша кхин башха тIеIаткъам ца бира. Керри Джона билгалдаккхарехь, Оьрсийчоь гIалат ю, Украинас Евробарте интеграци йар – иза цхьаъ тулуш, ткъа важа оьшуш долу ловзар санна цуо тIеэцарехь. Цунна хетарехь, дукхахболу украинхой маьршачу, кхиамечу пачхьалкхехь баха лууш бу. Ткъа Евробарт а, Цхьанатоьхна Штаташ а цу лаамах кхеташ а, цунна белшаш гIорто кийча а ю.
Украинерачу оппозицин цIарах Мюнхене баьхкинчарна юккъехь вара Яценюк Арсений, Украинин Радин депутат а, „Батькивщина“ цIе йолчу фракцин куьйгалхо а волу. Ша конференцехь вистхуьлуш, цуо ша цецвер вац элира, нагахь санна Януковичс оппозицина дуьхьал кесталгIа эскарш арадахахь, аьлла.
Цуо иштта кхайкхам бира Малхбузене Украинерчу хьолана жигарох юккъегIортаре а, оппозицина белшашгIорторе а. „Тхуна декларацеш ца оьшу, тхуна билгадолу гIуллакхаш оьшу. План оьшу тхуна Малхбузенера, и кхолладелла долу хьал тодалийта гIо ден йолу а, Iедало дуьхьалончашна ницкъ бар сацон йолу а“, - элира цуо.
Ткъа цу юкъана Украинера кхочуш долу костанаш тайп-тайпана ду. Цхьана агIор цу пачхьалкхан президенто Януковичс демонстрацешкахь дакъалоцучарна амнисти кхайкхина, ткъа вукху агIор Iедалхоша керла бехкталламан гIуллакх схьадиллина, Украинехь дуьхьалончаш Iедал карчо гIоьртина аьлла.