"Мусаева Зарема йара маьршайаккха йезарг". Политикан тутмакхаш хийцарх лаьцна дуьйцу бакъонашларъярхочо Орлов Олега

Орлов Олег

Оьрсийчоьнна а, Малхбузерчу пачхьалкхашна а йукъара тутмакхаш хуьйцучу гурашкахь маьршаваьккхира "Мемориал" центран куьйгалхойх волу, Оьрсийчохь уггаре а лоруш болчу бакъонашларъярхойх цхьаъ, 71 шо долу Орлов Олег. 2024-чу шеран чиллан-баттахь цунна таIзар дира "Царна фашизм йезара. И царна хили" цIе йолуш тӀамна дуьхьал артикл йазйарна, Оьрсийчоьнан эскаран "сий дайъина" аьлла.

Къилбаседа Кавказца чIогIа воьзна ву Орлов. Къаьсттина, 1990-чу шерашкахь тӀамо лаьцначу Нохчийчохь жигара къахьоьгуш вара иза, йийсархой хийцаран хьокъехь дагадовларшкахь дакъалоцуш а, шен лаамехь Ставрополан мехкан Буденновскехь терроран тӀелатар динчу хенахь а, кхин долу адамаш кӀелхьардахархьама иза реза хилира закъалтхо хилла.

Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь, Американ бахархой а, Оьрсийчоьнан политикан тутмакхаш а маьршабахархьама Оьрсийчоьне дӀавала дийзира кхечаьрца цхьаьна Германихь кхел йина ФСБ-н белхахо Красиков Вадим а. Иза бехкевинера Ичкерин тIемалойн хилла командир Хангошвили Зелимха верна, ишта барт хиларна эргIадбахначу нохчийн диаспоран векалшна тIетайра бакъоларйархо а.

Кавказ.Реалии сайтана йеллачу керлачу интервьюхь Орлов Олега дийцира шен тутмакхан зеделлачух а, иштта маьршабаха хьакъболчех а, Къилбаседа Кавказехь "Мемориало" кхин дIа а бен болчу балхах лаьцна а.

– Советан а, Оьрсийчоьнан а политикан тутмакхашца къамелаш дина ву хьо, набахтешкахь латточу меттигех лаьцна церан дийцарш хезна хьуна. ХIинццалц хьуна моьттуш хилларг цхьанадогIуш дарий хьуна гинчуьнца?

– Суо хиллачу меттигех лаьцна бен дийца йиш йац сан – набахтеш а, масех СИЗО а йара и. Колоне дIа ца кхечира со, ткъа иза уггаре а доккха а, коьрта а дакъа ду тутмакхан зеделлачух. ХӀара хӀинца шакъаьстина а, наггахь чӀогӀа хийцаделла а дуьне ду.

ХӀунда бацара хийцинчу тутмакхашлахь Къилбаседа Кавказера бахархой?

Ма-дарра ала деза, кхул а гIад дайна хьал хир ду моьттуш вара со. Оьрсийчоьнан изоляторашкахь дерриг а дика ду бохург дац сан иза. Соьца камери чохь Ӏаш болчу наха, масала, дийцира Волоколамскерчу СИЗО-хь Ӏаламат ирча хьелаш хиларх а, Саратовн СИЗО-хь тутмакхашна йетташ хиларх а лаьцна. Со хиллачу меттигашкахь бакъо йоцург лелош гина дац суна. Хьелаш хала ду, наггахь вуно эшна а. Амма, со цецвоккхуш, гучуделира суна, цигахь хан йаккха мегар долуш дара. Суна хеташ хиллачул а атта дIатийсалора тутмакхийн йукъаметтигаш. Оцу доллу беттанашкахь [лаьцна чохь витинчул тIаьхьа] цкъа а дов ца делира сан. Кхечеран бакъонаш ларйан и стаг кийча а велахь, шен лулахочунна вон болх беш а вацахь, дерриг а дика хила йиш йолуш ду. Йукъаметтигаш дIатийса кийча хила веза хьо. Ас ца боху даим а кхечарна кIел теIа веза. Айхьа лелочуьнца цхьанга а бала ца бохьуш хила везаш ву-кх ьо.

– Къасьттина стенна сагатдора ахь? Цхьана киншкана йа кинона, йа кхаьрзина картолгаш йаа сатесна вара хьо, йа маьршачу стигал гаре дог дохура, йа хьайн гергарчех цхьаьнга?

- Ахь охьа мел дагардинчунна. Стигал, боху ахь? Беттанаш дIа мел оьху стигал а, малх а гуш бацахь, дера хIета царна сагатдан ма волало хьо. Хьуна хьалха СИЗО-хь боьха- кӀайн беснаш тIера Ӏаьржачу басе кхаччалц хIуманаш гуш хуьлу. Цундела самукъадолу бес-бесара суьрташ тӀехь открыткаш кхаьчча. Уьш цергийн пастана тӀе а летош, оха и суьрташ деттар тхешан йийбар латточу йаьшки тIе а цхьаьна. Талламаш бечу хенахь, и дерриге а кест-кеста охьадоккхура цара, ткъа оха-м леррина йуха а тIелетадора.

Музыка а тIе ца тоьа. Цхьаццанхьа дийно сарралц радио хуьлу схьахезаш, амма цхьа ирча попса хьулу хезарг а. Сан са хьийзара боккъал а долчу мукъамашна. Суна хетарехь, цуо чIогIа хан йацйийр йара беттанашкахь, шерашкахь сан а, кхечийн а.

– Открыткаш хьахийр-кх ахь. Оьрсийчоьнан набахтешкахь политикан тутмакхашка кест-кеста кехаташ йаздахьара аьлала, кхайкхам бира мангал-беттан 1-чу дийнахь хийцаран гурашкахь маьршаваьккхинчу политико Кара-Мурза Владимира а. ХӀун маьӀна долуш дара хьуна хийрачу наха яздеш долу и тайпа кехаташ? Муьлхарш къаьсттина дагахь лаьттира хьуна царех?

– Соьга алалур дац, муьлха кехаташ къаьсттина дагах кхеташ дара. Цхьа могӀа корреспонденташлахь – хIунда аьлча, дукха хьолахь йаздийраш мехкарий а, зударий а бара – дехха йозанаш дора тайп-тайпана хIуманех лаьцна дуьйцуш. Достоевскийх лаьцна а къуьйсура оха, стихаш, книгаш, фильмаш йийцаре йора. Иза чӀогӀа товш ду, хӀунда аьлча, цо набахтин дахарх дӀа а хадош, йерриг а ойланаш кхечу хӀуманашна тIехьо.

Цара соьга кхоьхьуьйтура йухайазйина молекуляран биологин, генетикан, зоологин керланаш. Дика дара, сан коьрта говзалла биологи хилар. Амма со тешна ву, Ӏилманан-популяран ресурсашкара и тайпа хаамаш дуккхаъчу политикан тутмакхашка дӀакхачо йиш йу– амма церан шовкъ хир йац цаьрца.

Кехаташна жоьпаш йаздар, кехаташ кхачар иза политикан тутмакхан дахаран коьрта дакъа ду. Ас доьху, шайна жоп ца кхачахь, оьгIаз ма гIолаш, набахтера хьелаш кеп-кепара хуьлу. Муьлхха а кехат леррина доьшу, и кхаьчча хаза а хета гуттар а.

– Оьрсийчоьнна а, Малхбузенна а йукъахь политикан тутмакхаш дIасахийцарна нохчийн диаспоран реакци протесте хилла дӀахӀоьттира. Цу йукъахь Ичкерин буьйранча вийнарг маьршаваккхар бахьана долуш а, хуьйцучарна юкъахь Нохчийчуьра а, йа Къилбаседа Кавказан кхечу республикашкара а бахархой ца хилар бахьана долуш а. Царна жоп муха лур дара ахь?

– Оцу хийцаршна эргIад вахаза мила виссира. Массо а охьабагарбан дуьйлалахь, шина а куьйган пIелгаш тоьар дац. ОьгӀазбаханера нохчийн диаспорехь берш а.

Мусаева Зарема

Со кхета церан позицех. Со реза ву: хӀунда бацара хийцинчу тутмакхашна йукъахь Къилбаседа Кавказера бахархой бохучу хаттарна. Мусаева Зарема (нохчийн оппозицин вежарийн ЯнгулбаевгӀеран нана. - Ред.) - Кадыров Рамзанан карахь йолу закъалтхо, цомгуш зуда йу иза, цуьнан берриг а доьзал Оьрсийчохь бац. Иза йара кӀелхьарайаккха йезаш йерг. Цара и хӀунда ца дина хоьттуш велахь, и хаттар сога дала догIуш дац.

Ас хаддаза карладоккху: суна ца хета, хуьйцучу нахалахь суо хила везаш вара аьлла. Цхьа нах бу, гуш ма-хиллара, сол а хьалха цу тептарехь хила тарлуш хилла. Кара-Мурза Володя а, Саша Скочиленко а нийса хийцина ду, со воккхавоь и шиъ маьрша хиларна. Амма цхьаболчу нахах лаьцна, шайна юкъахь со волуш, хеттарш кхоллало.

– Иштта хийцарийн критикаша а дIахьедора, оцу берто Кремльна провокаци йо дуьнентӀехь кхин а политикан нах байъа. ХӀун дан оьшу рогӀерчу ФСБ-н киллере Берлинехь, Прагехь, Венехь, йа кхечанхьа кхул тIаьхьа цхьа а адам ца дейта?

– Жоп кхеташ ду: Европерчу а, массо а кхечу пачхьалкхийн а къайлахчу сервисаша кхин а дика болх бан беза. Профилактикан гӀуллакх санна, бехктакхаман низам кхочушдаллалц лаьцна латто беза массо а "КрасиковгӀар".

Путин дIаваьллачул тIаьхьа хийцамаш ца хила йиш йац

Муьлхха а нах закъалте лецначу террорхошца дечу дийцаршкахь олуш ду, цу гӀуллакхо зуламаш дар кхин тIе а алсамдоккхур ду. Путинан Оьрсийчохь иштта позици йу: бита закъалтхой, террорхошца цхьаьна байа вай уьш, тӀаккха рогӀерчу хенахь уьш леца баьхьар бац бохуш.

Суна хетарехь, оцу позицица хийцаршна критика йеш берш а бу изза некъ лелош, Путинан риторика карлайоккхуш.

– Ахь дIахьедир-кх, Къилбаседа Кавказехь бакъонаш Iалашйаран болх кхин дIа а бийр бу аьлла. Геннара бойла дуй иза?

– Дистанцихь болх бойла ду, цхьа могIа ницкъ кхин а тIе бахийтахь, хьелаш дуьйцур дац ас. Цхьацца кепара и болх хIинца а бан таро йу. Оцу йукъанна, хьалха санна эвсара хир бац и. Тоталитаран рожан хьелашкахь кхочушъйан аьтто болу кеп лелон дезар ду.

– Муха керла хаам беша беза ахь, Москва йухаваха билет эца?

– Путин Iедалан коьртехь вац аьлла хаам. Муха, цунна хIун хилла – и коьрта дац. Билет эца сан ойла хилийта и бу-кх уггар а коьрта керла хаам.

Диктатор персоналистийн Ӏедалера дӀавахча, дукха хьолахь дӀадолало цо кхоьллина система жим-жима йохар. Цунна гонаха йолчу "элитехь" къийсам дӀаболало, хьалхара реформатор мила хир ву бохуш къуьйсуш. Иштта дара Сталин веллачул тӀаьхьа, йа Франко [Испанехь] дӀаваханчул тӀаьхьа.

Путинан Оьрсийчоь йоцчу новкъахь йу. Хийцамаш, шеко йоцуш, буьйлалур бу Путин дӀаваханчул тӀаьхьа. Ткъа уьш буьйлабелча - тидам белахь, ас ца боху "нагахь санна"- пачхьалкха чохь оппозицин а, эмиграцин а, бахархойн юкъараллин а роль - вай мел лардинарг, кхоьллинарг - вуно маьӀне хир ду.

– Оьрсийчоьнал арахьа ваха а вехаш, билггал хьесап дойла йуй пачхьалкхехь хуьлучу процессийн а, адамийн дог-ойланийн а?

– Атта дац, амма хьесап дойла йу. Шайн оптика хийца ца йалийта, пачхьалкхаца зIе латтайелаш. Оцу гIуллакхана некъаш кеп-кепара ду.

– Керла хIотточу хуьйцучу нехан тептаре мила йазвийр вара ахь?

– Сайн цхьана интервьюхь ас цIе йаьккхира [Москван муниципалан депутатан] Горинов Алексейн, [Калининградан кIоштара жигархочун] Игорь Барышниковн, [вежарийн ЯнгулбаевгIеран ненан] Мусаева Заремин а.

Ас билгалбохур бара оьрсийн политикан и тутмакхаш, кхин а дуккха а колонешкахь биснехь а. Масала, "гӀалгӀайн гӀуллакх" йукъарнаш. Амма ас муха буьйцур бу, шаьш хийца лууш и нах бацахь, нагахь санна. Стеган лаамна дуьхьал цуьнан метта сацам бар нийса ца хета суна. Ас цӀераш йоху, сайна хетарехь, пачхьалкхера дӀабаха кийча болчу нехан.

КХИН А ХЬАЖА: Кхечаьрга ца дайтий? Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а политикан тутмакхаш
  • 2022-чу шарахь Нобелан машаран совгӀат кхаьчначех цхьаъ йу "Мемориал". Оьрсийчохь бакъонашларъяран организаци "арахьарчу агентийн" тептаре а йоккхуш, Коьрта прокуратуран сацамца дӀайохийра. Къилбаседа Кавказехь Ӏедалша лелочу харцонех адам Iалашдеш "Мемориало" лаьцначу декъах дийцира Орлов Олега хьалхо Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь.
  • Amnesty International организацино эхь-бехк долу тутмакх лерина иза, цунна дуьхьал айдина гIуллакх "шайн оппозицин хьежамаш маьрша дIахьебечу нахана дуьхьал саццаза лелочу репрессийн кампанин" эпизод йу элира.
  • Германин Iедалхоша хаийтина ца хилла Хангошвилин доьзале Красиков Вадим хийцарх - цунах лаьцна Кавказ.Реалиин сайте дийцира Хангошвилих йисинчу зудчо Циатаева Мананас (Раиса).