Политикан тутмакхна, ЯнгулбаевгIеран вежарийн-оппозиционерийн ненах Мусаева Заремех шеко йо, таIзар кхочушдаран федералан урхаллин (ФСИН) белхахочун белша тIера погон схьа а йаьккхина, цунна тоьхна аьлла. Мусаевана дуьхьал керла бехктакхаман гIуллакх делларх де хьалха гучуделира.
Шинарин дийнахь Талламан комитетан Нохчийчуьра урхаллехь хилира Мусаеван адвокат Савин Александр, хаамбо "Iазапашна дуьхьал Командо". Талламан версица, гIадужу-беттан 29-чохь дарбанан цIийнера ФСИН-н белхахочо ша Устрада-ГIалара колони йухайалочу хенахь, Мусаевас куьг тоьхна цуьнан белша тIера погон йожийна.
Мусаевас бехкаш тIе ца дуьту, цо чIагIдо, некъаца оцу кепара хIума хилла дац бохуш. "Iазапашна дуьхьал командин" хаамашца, талламан барамаш дIабахьа колонира СИЗО дехьайоккхур йолуш йу Мусаева.
Йукъараллех дIакъастор лардечу хьукматийн балхана новкъарло йина аьлла керла бехкзуламан гIуллакх долорах Савинна хиира де хьалха – таламан комитетера телефон тоьхна хиллера цьунга. Пхеа шаре гергга чохь йаккха хан тоха кхерам бу цунна хIинца дуьхьал йаьккхинчу артиклехула.
Кхин а цхьа бехк Мусаевана дуьхьал баккха тарло бохуш, дийца долийра гIадужу-бутт бовш. Мусаева ша кхеташ йац дуьйцург хIун ду, шена дохку бехкаш тIе ца лоцу цо.
55 шо долу Мусаева инсулинах йоьзна диабет цамгар токхуш йу. Хьалхо Мусаева республикера эндокринологин диспансере дарбана охьайиллинера. Цуьнан адвокато Савин Александра цхьана баттахь сов дехарш динера, цунна дарба оьшу бохуш, Мусаева Заремас масийтаза хаамаш бира, шен могашалла телхаш хиларх. Гезгмашин-бутт чекхболуш адвокато дӀахьедира, цуьнгара хьал гIад дайна ду аьлла.
- 2022-чу шеран дечкен-баттахь Лаха Новгородерчу петар чу а лилхина, нуьцкъаха Мусаева Соьлжа-ГIала дIийигира кадыровхоша. Мусаева Заремина полисхо сийсазварна, лазорна бехкейина, чохь даккха 25 дей-буьйсий туьйхира кхело. Цул тIаьхьа цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх гIаттийра – дийцарехь, протокол хIотточу юкъанна полисхочунна тIелеттера иза. Кадыров Рамзана бахарехь, "цхьана мIаьргонна цуьнан бIаьрг боккхуш" хиллера цо. ТIаьхьо хьарамлонаш лелорна а бехке а йира и.
- ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсира Кадыровс, Мусаева лачкъийна шолгIачу дийнахь. Дукха ца Iаш шен кхерамаш хазийра цо дIайазйинчу видео тIехь. Кхерамашна тIетайра нохчийн лаккхара ницкъахой а, хьаькамаш а, Соьлжа-ГIалахь дIайаьхьира ЯнгулбаевгIеран доьзална дуьхьал хIоттийна митинг. Цигахь дагийра, когашца хьийшира, этIийра церан суьрташ.
- Стохка товбеца-баттахь Соьлжа-ГIалахь Мусаевана пхи шо ахшо кхайкхийра набахтехь даккха, тIаьхьо хан йацйира кхин а эхашарна. Бакъоларйархошна хетарехь, цунна тIаьхьабовлар "цуьнан доьзалера божарий цIа бахкийта Iалашонца, йа царна бекхам беш" дина хIума ду аьлла. Адвокаташа дIахьедора цуьнан гIуллакхца харцонаш лелорах.
- Стигалкъекха-беттан 28-чохь нохчийн оппозиционерийн, ЯнгулбаевгIеран вежарийн ненан Мусаева Заремин хьокъехь харцонаш лелийна хилар бакъдира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело (ЕСПЧ). Страсбургера кхелан сацамца а догIуш, Оьрсийчоьнан Iедалхой декхаре бу цунна 52 эзар евро компенсаци охьайилла. Кхин а йалх-йалх эзар евро кхачийна Мусаеван хIусамдена, кхелахо лаьттинчу Янгулбаев Сайдина а, церан йоIана Алияна а. Украинехь тIом болийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно дуьхьало йира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан сацамаш кхочушбан.