Мутко: Нохчийчоь яц футболан чемпионат кечъяран программана юкъахь

Оьрсийчоь - Оьрсийчоьнан вице-премьер, Оьрсийчоьнан Футболан кхеташонан президент Мутко Виталий, 2016

Оьрсийчоьнан вице-премьеро, Оьрсийчоьнан Футболан кхеташонан президенто Мутко Виталийс шена хетарг довзийтина 2018-чу шарахь Оьрсийчоьхь хила езачу футболан дуьненан чемпионатан ловзарш Нохчийчохь а дIадахьа деза бохучух лаьцна.

Your browser doesn’t support HTML5

Мутко: Нохчийчоь яц футболан чемпионат кечъяран программана юкъахь

Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, шаьш юхадовлуш дац 2018-чу шарахь хир йолчу футболан дуьненан чемпионатан цхьадолу ловзарш Нохчийн республикехь хила деза бохучу лаамах аьлла.

Амма Оьрсийчоьнан вице-премьер, Оьрсийчоьнан Футболан кхеташонан президент Мутко Виталий иза хуьлийла дац аьлла хеташ ву.

Журналисташа цу хьокъехь шега деллачу хаттарна жоп луш цо иштта элира цунах лаьцна: «Ца хаьа суна, муха тIеэца деза цу республикехь футболан дуьненан чемпионатан матч хила еза боху Кадыровн дешнаш. Цуьнга хаттийша, соьга хIунда хоьтту аш иза?

2010-чу шарахь ГIура-беттан 10-чу дийнахь = дукха хан йоццуш юбилей хилира - ФИФА-н кхочушдон комитето сацам бира дуьненан чемпионат Оьрсийчура 11-тта гIалахь дIаяхьа. И гIаланаш ю кхечлуш ерш».

Кхечу агIор муха хир ду иза, ша кхеташ вац, бохуш вара Мутко Виталий: «Иза далур долуш дац. Амма Нохчийчоь юкъатоьхна ю чемпионатана кечам бечу программана. Оха аьтто бина церан цхьа тоба тIеэца, иза ехар йолу база санна иза (Нохчийчоь) билгал а яьккхина. Оха кечйеш 64 база ю. 32 футболан тоба дIатарйина хир ю цигахь. Нагахь цигахь (Нохчийчохь) цхьа тоба дIанислахь, тхо дуьхьал хир дац".

2018-чу шеран Футболан дуьненан чемпионатан матчаш хир ю Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц Оьрсийчура 11 гIаларчу 12 стадионехь.

Цу гIаланашна юкъахь ю Москох, Петарбух, Казан, Лахара Новгород, Саранск, Калининград, Волгоград, Екатеринбург, Самара, Сочи, Ростох.