Рохинджашна орца эцна бахана къонахий

Your browser doesn’t support HTML5

Мьянмехь цIий Iена, ткъа дог лорурш бац хезаш а...

100 гергга къомах, ахбIе миллион гергга болчу буддисташа байа болийнарш пачхьалкхехь 4 процент бен а боцу бусалбанаш-рохинджаш байа шаьш аралилхича, цара шайн 26 шо долу зуда йийна, бохуш даржадора. Ткъа талламаш бинчу дуьненаюкъарчу бусалбанийн боламаша, иза бакъдац, рохинджаш сийсазбеш пропаганда ю, иза дуккха хьалха дуьйна а лела, бохура.

«Рохинджаш бирмахой бац орамашца, къайлах Бангладешера баьхкина нах бу, хIаллакбе уьш!» - олий даржош дара питана. Иштта 4 шо хьалха дестаделира дов Мьянмехь.

ЦIий Iенна дуккха а, Iеначуьраца сецна хIинца а. Рохинджа юьртара юьрта ваха а, Мьянмин паспорт а карахь вахархо ларалуш а, цхьа а даман йолу бакъо йолуш а вац. Иза бохург дац ша и къам, ю Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Дуьненаюкъара Организаци. Шо шен рапорташкахь кху шерашкахь дуккхаза а хазийна рохинджа къам таханенна Лаьтта тIехь уггаре а кIиза бала ловчу къаьмнех ду, аьлла.

Делахь а, ца леккъа уьш хIаллакбар, церан зударий хьийзор, цIенош церан дагор. Цу тIе, Мьянмехь рахинджа вийнера олий стагга а вац чувуллуш, лоцуш.

Мелла а хан яра бусалбанаша рохинджашна сагатде. Амма деш дацара цхьа а гIо-накъосталла я дуьненаюкъарчу хьукматаша а, я политикаша а, я къаьмнаша а.

…Оцу юкъанна бара хIара хаам. «Со кхушаренна сайна балхахь йогIучу мукъаханна Малайзерчу Лангкави гIайритIе садаIа ваха дагахь вара. …Амма сан идилли йохий Мьянмера оцу сан Лангкави боьлху пекъарш-рохинджаш хинкеманчохь, Малайзе а ца буьтуш, юха а бахана бала а ца лууш, бисина, аьлла, хезначу хаамо. И къам девзича, наб яй сан. ...Иштта хийцаели Iалашо».

Иза кху кIирандийнахь яздина шен Фесбукехь цо – ткъа иза вайна массарна а вевзаш стаг ву – Москохара адвокат Мусаев Мурад.

Мурад кху муьрехь Мьянмехь рохинджашна дуьненан низам хьоьхуш, нахана, уьш гул а беш, ца бала хIун дан догIу дуьйцуш лела. Цо бакъо елира Маршо Радионна ша а, шеца болчу кхечу вайнаха а даьхначу суьртех пайдаэца. Амма хан ца карийра кху юкъанна вайца къамеле вала.

Къамел оха дира, Мурад а санна, Европехь вуно дукха нахана а, мехкашна а бевзачу вайнахана а, кхечу мискачу нахана а сагIадечу Салсабил-юкъараллан декъашхошца. Аьлча а, церан цIарх вистхилира куьйгалхо Хьамзат.

Цо довзийтира Мьянмехь хIинцца шайна гуш долу сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

Салсабилан сагIанаш, баланаш

КIира доккхур ду Мусаев Мурада а, салсабилхоша а Мьянмехь, цIарна я кепана а дац цара арадаьккхинарг – иза а, вуьйш а дика бевза шаьш дечу мелечу гIуллакхашца а, адамах дог лазарца а.

Дац иза церан, шаьш Мьянмерчу буддисташна хьекъал лур ду, бусалбанаш цигара Iазапах хьалхабохур бу, бохург. Амма бу цаьргахь и лаам.

Вац иттех стаг, уьш мел диканашца гоьбевлла белахь а, Мьянмера харцо саццол. Ткъа иштанаш бIеннашкахь хилча, эзарнашкахь хилча, шаьш багахь дечу къамелехь харцо ловш мел воцург орцахваьлча?

Бац дера рохинджеш-м миллион а. Ткъа уьш боллучохь битича, нохчашна гина, тахана ниIмат хьогург оцу шегарчу зовкхах вала сахьт а доцийла…