"Набахтера джамаIат" гIуллакхехула Дагестанера веа вахархочунна кхел йина

Гайтаман сурт

Ростов ГIалара къилба гонийн тIеман кхело таIазр кхайкхийна Дагестанера веа вахархочунна, махкара цхьахйолчу набахтехь кхоьллинчу "террорхойн йукъараллица" воьзна хилла аьлла бехкевина. ВорхI шарера ткъа шерашка гергга хенаш йиттина царна.

Ахмедов Арбаханна а, Ибрагимов Русланна а, Алиев Алисултанна а, Гашимов Султанна а кхелаш кхайкхорах хаамбина кхелан телеграм-канало. Хенаш кхайкхийна бехкебечара динчу гIуллакхашка хьаьжжина, террорхойн йукъараллехь дакъалацар, тероризмана тIехьехар, террорхойн тоба кхоллар аьллачу артиклашкахула.

"ДжамаIатан" куьйгалхо Ахмедов ву аьлла кхело, иштта чIагIдо, Ибрагимовс йукъаралле озийна хилла тутмакхашлара цхьаъ бохуш.

Бехкбиллархойн версица, 2019-2020-чу шерашкахь таIзарш динчара колонихь "экстремистийн а, террорхойн а идеологи" йаржийна хилла, ткъа Ахмедовс йукъараллин декъашхошца "психологин, идеологин, синан кечам" беш хилла терроран кепехь зуламаш дайта".

Цхьана а терактех, билггал динчех а, йа "джамаIатан" декъашхоша кхочушдан леринчех а, бина хаам бац.

Ахмедовна 20 шо кхайкхийна шогачу хьелашкарчу колонихь даккха, хьалхара пхи шо набахтехь а доккхуьйтуш, Ибрагимовна 10 шо тоьхна колонихь даккха, хьалхара пхи шо набахтехь а токхуьйтуш. Гашимовн 7,5 шераш такха дезар ду шогачу хьелашкарчу колонихь, Алиевн – 7 шой, 3 дей къаьстинчу рожера колонихь. Кхечу бехкаца дина хилла таIзар а лоруш, кхел кхайкхийна Алиевна.

Мангал-баттахь цу кепара бехкаш а дохкуш, 8 шарера 20 шаре кхаччалц хенаш туьйхира Дагестанера схьаваьллачу 4 стагана. ХIетахь, 2019-чу шарахь, йу бохучу "джамаIатан" куьйгалхо ву аьлла, кхечу тутмакхан цIе йаьккхинера - Дибирасулаев Баширан. Шина а кхелан хаамехь колонин цӀе билгалъяьккхина йац, амма, Кавказ.Реалии сайто дийцарехь, йуьйцург изза колони йу - Дагестанера Тюбе йуьртара номер 7 йолу.

Цу кепара, хьалхо Кавказ.Реалиина йеллачу комментарехь Ахмедов Арбаханан йишас дийцира, талор дарна хан токхуш вара иза, 2021-чу шеран дечкен-баттахь маьрша а ваьккхина, балха а хӀоьттинера, зуда а йалийнера, амма оццу шеран товбеца-баттахь "джамаIат" гӀуллакхехула лаьцнера аьлла. Зудчо дийцарехь, иза хьийзош ву "КъорӀан деша а, ламаз дан а Ӏамош хиллачу бехкебечаьрца цхьаьна хиларна".

Алиев Алисултан, цуьнан адвокато дийцарехь, "нийсса цхьана баттахь джамаӀатан декъашхошца хилла, ткъа иза колонин администрацино шаьш дIатарвина хиллера царна йукъахь".

  • Мангал-баттахь хаам бира, Дагестанера Тюбе йуьртахь номер 7 йолчу колонехь "набахтин жамаIатехь" дакъалацарца доьзна бехктакхаман гӀуллакх схьаделларх ХIинжа-ГIаларчу вахархочунна Расулов Шемална дуьхьал. Хьалхо цхьа могӀа бехктакхаман гӀуллакхаш тIехула хан токхуш вара иза. Психоневрологин диспансеран чоьтехь ву иза, жима бер ду цуьнан, амма кхело цунна уггаре а луьра профилактикан гӀуллакх хаьржина лацаран кепехь.
  • Ростов-гӀаларчу Къилбаседа кӀоштан тӀеман кхелехь луьстуш ду Дагестанан номер 7 йолчу колнихь "джамаIат" лелорах долу бехктакхаман гӀуллакх. Иттаннаш нах бехке беш бу колони чохь террорхойн юкъаралла кхолларна а, цу юкъахь дакъалацарна а. Цу гӀуллакхехь тоьшаллаш ницкъ беш йа Ӏехош дайтина ду боху адвокаташа, ткъа бакъонашларъярхоша "абсурде" лору и ша бехктакхаман гӀуллакх.
  • Кавказ.Реалиин хьалхо аьтто хилира цхьахволчу таIзар динчуьнца- Рамазанов Магомедалица- къамел дан. Шайггара кхоьллина гIуллакх ду бохура цо и, ша "набахтен джамаIатехь" хилар а харцдора, ша и гара цахилар а санна.
  • Верриг а 100 сов стаг ву ГIалмакхойчохь номер 2 йолчу колонехь "набахтен джамаIат" гIуллакхехула тIеозийна, шайлахь колонин куьйгалхо а, цуьнан гIовсаш а болуш. Царех шеконаш йу террорхойн организацин гIо лаьцна аьлла. Карарчу хенахь хӀинцале а таIзар дина мел лаххара а 35 стагана, царех уггар йеха хан тоьхна ХIинжа-ГIаларчу вахархочунна Магомадов Расулна – набахтехь даккха 24 шо. Кхело къобалдина иза террорхойн вовшахтохараллан куьйгалхо хилар. Шеконашца лецначех цхьаъ ирхъоллавеллера СИЗО-хь кхел а хилале.