Набахтина тIедожийна гуттаренна чувоьллинчу Нохчийчуьра вахархочунна компенсаци дIадалар

Колонин дозана тIехь видеоца терго латтон хадархо. Архивера сурт

Гуттар чохь валла хан тоьхначу Нохчийчоьнан вахархочо Ражаев Мансура Пятигорскан кассационнан кхеле латкъам бинера - 200 эзар сом, Хабаровск-махкарчу №6 набахтехь ша латторан хьелаш хIоттийначу барамашца ца догIу аьлла. Кхело и компенсаци 3 эзар соьма тIе охьадаьккхира.

Кхелан сацамо дийцарехь, Ражаев герзаца гIаттамхойн тобанан декъахо лерича, цо Европерчу адаман бакъонийн кхеле латкъам бира. И беш кхело цуьнан бехктакхаман гIуллакхан йерриге материалаш йовзийта йезар. Амма цара и ца дира. Хьалхарчу декъах бен пайда ца оьцуьйтуш, витира. Ражаева иза шен бакъонашна эшам лерина.

Цуьнан компенсаци 200 эзар соьма тIера 3 эзар соьма тIе охьадаьккхинчу заводскойн кIоштан кхело а бакъдо иза ишта хилар. №6 йолчу набахтин куьйгалло цу сацамна латкъам бина, цкъа хьалха аппеляцехь, йуха кассацехь а. Цу гIуллакхехь кхело Ражаевн агIо лаьцна.

  • ДIадаханчу шеран гIадужу-баттахь Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело Хабаровск-махкарчу № 6 набахтина Ражаев Мансурна кехаташ йаздаран бакъо дIайаккха ца магийра.
  • Дагестанерчу Лаккхарчу кхело 2012-чу шарахь Ражаев Мансурна гуттар набахтехь йаккха хан туьйхира.Талламан а, кхелан а сацамаша дийцарехь, 1999-чу шарахь тIемлошца цхьаьна Ражаевс Дагестанерчу Тухчар йуьртахь йийсаре лаьцна волу Оьрсийчоьнан МВД-н йалх эскархо вийнера. Ражаевс ша цигахь вара, амма ша цхьа ца вийна аьлла, дIахьедира.
  • Хьалхо Ражаевс ФСИН -нна латкъам бина, ши эзар сом схьадаьккхира. Хабаровск-мехкан "Снежинка" набахтехь суьдхошца а, адвокаташца а видео-зIе йечу шена нохчийн мотт бийцар ца магийра, аьлла.
  • Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело резахуьлуш жоп делира гуттаренна чувоьллинчу Ражаев Мансурна. Оьрсийчоьнан Минфин-е шен гIуллакх бIегIийла долчу хеначохь чекхдаккхар доьхуш дина долу. Герзаца гIаттамхойн тобанан хилла декъахочо шен синна ницкъ барна 300 эзар сом догIу шена аьлла. Кхело и терахь иттуза лахдина.
  • 2007 - чу шарахь Соьлжа-гIаларчу оперативан-талламийн декъехь айхьа лелийначу террор-зуламашна даре де бохуш, шена бинчу ницкъах а дийцира цо. ЕСПЧ-но цуьнан латкъам тIеэцна, 52 эзар евро цунна догIуш магийра.