Байначу баттахь Маккехь дерриг дуьненара Хьаьжц1а миллионаш бусулбанаш гулбелира. Бусулбачарна езачу меттигашка Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан йижарий а бахара шайн гонарчу нахаца. Царна тIаьххье СаIудийн Iаьрбийчу кхечира ша республикан хьалханча а. ХьаьжцIахь нисбелира Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал бечу тIамехь дакъа лаьцна болу Нохчийчуьра ницкъахой а.
Коронавирусан дехкарш бахьанехь шина шарна сацийна хилла долу СаIудин Iаьрбийчу Хьаж дар юха а магийна. Хьалхо Нохчийчоьнан муфтис дIахьедира, хIокху шарахь Макке Хьаьжин цIа кхача таро хир ю республикерчу 1300 вахархочун. Амма оцу терахьна юкъабоьлху мелла а хьалдолу нах, хIунда аьлча, Хьаж даран мах 20-30% базбелла.
ХIокху шарахь Макке кхача аьтто хилла Нохчийчоьнан бахархой – Кадыровн гонара, цуьнан доьзалера, дукха гергарнаш, накъостий, ницкъахой бу, аьлла дийцина республикехь Кавказ.Реалиица къамелдинчара. Царна хетарехь, Кадыровн фондо ХьаьжцIа ваха мискачу наханна ахча латтадо, бохуш дIахьедарш дахь а, муфтиятас квотан меттигаш дIасаекъар ма-моттара цIена дац.
Кхаанна метта цхьа бутт
Хьаж дан луучу стагна хаьа, оцу гIуллакхна "цIена доцу" ахча лело магийна ца хилар. Иштта, масала, ХьаьжцIа ваха ца мега лачкъийначу ахчанах, декхарца даьккхинчу а, кредитан ахчанца а, кхетийна шен цIе йовзийта ца лиъначу Кавказ.Реалиица къамелдинчу моллас.
Оцу даьхнех деш долу Хьаж къобалдеш дац, нагахь санна баккъала а цIенчу ойланашца новкъаволуш валахь
"Кадыровн фондан ахча долучу меттех лаьцна билггал йолу информаци яц, амма интернетехь шортта тоьшаллаш ду, цуьнан киса ахчанаш гулдарца дузош хилар гойтуш – лаамца-нуьцкъаха дохучу ахчех. ТIаккха оцу даьхнех деш долу Хьаж къобалдеш дац, нагахь санна баккъала а цIенчу ойланашца новкъаволуш валахь", - хета къамелдечунна.
Кавказ.Реалиин хьостанаша масийттаза тIечIагIдора, фонде кхоьхьуьйту ахча "лаамца-нуьцкъаха" кепехь дохуш хилар, амма Кадыровс и бехкаш тIе ца лоцура. Зорбанаша а яздора фондан кхоьхьуту ахча а, цо дойъу ахча а цIена ца хиларх, Кадыров Рамзанан "альтернативан казна" олура цунах.
Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Нохчийчуьрчу бахархоша рогIера тIечIагIдира фонде дохьуьйту ахча нахера лаамаза дохуш хилар. Редакцица къамелдинчу нехан кхерамазалла ларъярхьама, церан цIерш йохуш яц.
"Хьалх санна хIумма а ца хийцаделла, алапа схьалучу дийнахь тхоьгара 2-3 эзар соьмаш сецадо. Дезачу деношкахь премиш язйо, кхаа баттана куьйг яздо оха, амма схьалург цхьана баттана бен ца хуьлу", - хаам бина корматалло совйоккхучу дешаран хьехархочо Элизас.
Соьлжа-ГIалара спортан школера тренеро Шемало (цIе хийцина ю цуьнан дехарца. – Редакцин билг.) иштта дийцина, оцу тайпа хьукматашкарчу куьйгалхоша декхаре бо уьш шайн алапан дакъа Кадыровн фонде хьежо.
Цунна ялсаманан хьожа а кхетар яц
РогIера ХьаьжицIа вахале Кадыров Рамзана ГIурбанан де даздечу хенахь массо бусулба нах декъалбира Дезачу Iарафат денца. Амма цигахь а кхерамаш ца туьйсуш ца Iийра иза. "Дерриг дуьненахь тIом чекхбалийтар доьхуш доIа дина ша", элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, оццу хенахь хьахийра Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран "Украинера операци оха хIинца а лартIахь йолийна а яц", боху дешнаш.
Далла Iамал йар доггаха хилар ойланийн а, меттан а цIена хиларца гуш хуьлу, дуьйцу Нохчийчоьнан лаьмний кIоштарчу моллас Сайд-Селима (цIе хийцина ю. – Ред.).
Цунна ялсаманан хьожа кхетар цахиларх со бIе процентана тешна ву
"Вон мотт лебар – иза уггаре а даьржиначех цхьа къа ду. Пайхамаро бахарехь, стагна букъ тIехьа, йа цунна юьхь дуьхьал цунна цатовриг дийцар ду иза. ТIаккха Кадыровс шен багна дола ца до, цо кхерамаш тийсанза, чIир кхайкхонза, "юхатоха йиш йоцу тIаьхьалонашца" кхерамаш тийсанза а стаг висний теша… Цуьнан хьаж дар къобал хир ду, йа дац ала ца хIутту со, амма цунна ялсаманан хьожа кхетар цахиларх со бIе процентана тешна ву", - дIахьедо моллас.
Кадыровца "исламан езачу меттигех кхета" баьхкинера Украинерчу тIамехь дакъалацар "джихIад" ду аьлла волу Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь, Украинан агIо а лаьцна тIом бийраш "шайтIанаш" ду, аьлла волу Кадыровн хьехамча Шахидов Адам, Украинехь "бусулбачийн а, керстийн а цхьааллех" лаьцна дIахьедина волу Кадыровн ницкъаллин блокехула хьехамча Алаудинов Апти, психиатрин лазартан пациент хилла волу Кадыровн цIарахчу полкан буьйранча Чалаев Замид, скандалаца къорза берет яьккхина волу Нохчийчухула йолчу Росгвардин ОМОН-н буьйранча Бисаев Анзор, кхинберш а. Алаудинов, Чалаев, Бисаев а Украинан дозанехь вара Оьрсийчоьнан чугIортар доладеллачу дуьххьарчу деношкахь дуьйна.
Динан гIуллакххоша бахарехь, стаг ХьаьжцIа вахча цуьнан дерриг къиношна гечдеш ду Дала, тIаккха иза юхавоьрзу, ша винчу дийнахь санна, тIера къинош дIа а долий. Амма Соьлжа-ГIаларчу Исламан университет яьккхина волчу Салмана Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь ша тешна ву элира, Украинера маьрша нах бойъуш лелачу кадыровхошна гергахь и постулаташ болх беш цахиларх, хIунда аьлча, цара вуно чолхе къинош летийна, царна гечдийр дац ХаьжцIа ихча а, боху цо.
"Дукха хьаькамаш, ницкъахой а тешна бу, шайша лелийна хилла зуламаш, Украинехь летийна долу инзаре даккхийра къинош дийнахь пхоьазза ламаз дарца, йа ХьаьжцIахь гучуваларца тIерадахалур ду. Амма Дела Iехалур вац, цунна дерриг гуш ду. КъурIанерчу аяташкахь боху, стаг вер – иза уггаре вончу къинойх шолгIаниг ду исламехь, тIаакха АллахIо ца магийна бехк боцу синош дайъа", - кхетадо Салмана.
КХИН А ХЬАЖА: "Дин шайна хеттачу кепара нисдо". Украинерчу тIамах "джихIад" стенна олу кадыровхоша?Кадыровн унитазийн дуьхьа
ХIокху шарахь Нохчийчуьра ХьаьжцIа воьдург 4800 доллар доьху. Оьрсийн регионашкахь уггара йоккха белхазалла йолчух цхьах йолчу Нохчийчоьнан бахархойн доккхачу терахьна таро яц цига кхача. Цундела дукхачу "рогIерчу бахархошна" ХьаьжцIа вахар церан торанашца догIуш дац.
Хьалх-Мартанера Iусманна хIинца а аьтто ца баьлла Макка кхача. Цунна хетарехь, цхьанна ХьаьжцIа вахар – иза баккъалла а ше синна цIано йар далахь, тIаккха Кадыровна а, цуьнан гонна а – "хора шарера гастролаш" ю.
Хетара, хIокху шарахь кадыровхойн Макке кхача хан хир яц
" Хетара, хIокху шарахь кадыровхойн Макке кхача хан хир яц, "Украинехь джихIад" доккхуш бай уьш-м Путинан хIусамашна а, Кадыровн дашон унитазашна а дуьхьа. Шайн дахарехь оцу езачу меттигашка кхача таронаш хир йоцу республикера миска нах хьийсор бу кадыровхойн фондан ахчах, аьлла тешна вара со, амма иштта ца хилира", - боху Iусмана.
Оцу хеначохь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан тешна ву, хьаж динчеран доIанашна дала жоп лург хиларх, хIунда аьлча, "уьш дено-денна дика хуьлуш схьабогIуш бу".
"Вай нийсачу новкъахь богIу, цундела со тешна ву, Дала вайн къиношна гечдийр хиларх", - аьлла цо Iарафат денна лерина бусулба нах декъалбеш.
***
Нохчийн парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада Украинера т1ом "джих1ад" ду аьлла – бусулбачийн динан т1ом. Украине оьрсийн чугIортарехь дакъа лоцуш болу Нохчийчуьра бахархой "ислам дин лардеш бу", аьлла дIахьедина цо.
Оцу кепара къамелаш дира цул хьалха кхечу нохчийн хьаькамаша а. Кадыровн хьехамчана Шахидов Адамна хетарехь, Украинера нохчийн эскархой – "Делан некъа тIехь къахьоьгу муджахIидаш" бу (исламан терминологехь "тIемалой". - Редакцин билгалдаккхар), ткъа цигахь белларш – "шахIидаш" ("динан тIамехь"- джихIадехь эгнарш.- Редакцин билгалдаккхар.). Украинехь кадыровхой тIемаш беш бу "йилбазан тIаьхьенца", шайн къам а, дин а Iалашдеш бохуш, дуьйцуш волу Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан думехь депутат волу Делимханов Адам а цо бохучунна реза ву.
Iедалхоша джихад ду бохучу тIаме баха кечбелла дукха нах бац: цуьнан тоьшаллаш даладо Кадыровн критикаша, масала, шайн гергарнаш нуьцкъаха тIаме хьийсорах лаьцна дуьйцу цара. Цул сов, украинхойн талларо арахецначу "лаамхойн" тептарца а догIуш, тIамехь дакъалоцуш бу кеп-кепарчу зуламашна Нохчийчохь таIзарш дина нах, царех цхьаболчийн хIинца а тоьхна хан чекхъяланза ю.
Бакъоларъяран организациша дийцира шайга республикерчу бахархошкара кхочучу кхайкхамех лаьцна, уьш "лаамхойн" кепехь Украинерчу тIаме хьийсорхьама лечкъабо. Цара бахарехь, реза воцург "къайлахчу набахтехь" латто тарло цхьана ханна.