"Нах дӀаэха декхаре хуьлу": Нохчийчуьра белхазалла а, Кадыровс "малончошна" латкъамбар а

Гайтаман сурт

Кадыров Рамзанца хиллачу цхьанакхетарехь йийцаре йеш тема хилла дӀахӀоьттира Нохчийчуьра белхазалла. Цо дIахьедар дира, регионехь гӀишлошъйарехь меттигаш йу -80 эзар сом алапа луш, амма нах, болх бан лууш бац, социалан пособеш гӀоле хеташ. Республикера Кавказ.Реалиин редакторшца къамелдечара белхаш боцуш хиларан кхин а бахьанаш билгалдоху, царна йукъахь кхаьънаш а ца делча, балха хӀотта аьтто ца хилар.

"И тайпа нах къасто беза вай, уьш гайта а, цара хӀун леладо къасто а деза", - элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, республикера болх боцуш бисина бахархой гӀишлош йаран балха баха ца лаарна комментари йеш. ХӀинца Соьлж-ГӀалин мэри жигара болх беш йу Путин Владимиран цӀарах йолу кӀошт йан белхалой тӀеозош, "Ӏен меттигца цхьа а дехкарш дац" аьлла билгал а доккхуш.

Инвесторо ахча дехьадоккху хьаштхочунна, амма и ахча дIа ца кхочу могӀарерчу белхалошка

Кадыровс дуьххьара бехке беш бац нохчий, болх бан ца лаарна: 2013-чу шарахь цо латкъам бира, шен махкахоша, белхан меттигаш карорна меттана, регионан куьйгалле ахчанца гӀо дехар гӀоле хета бохуш. 2019-чу шарахь пачхьалкхан "Грозный" телеканало эфирехь сюжет гайтира регионехь нохчийн меттана гӀишлошъйарехь болх бечу мигрантех лаьцна.

Хан дӀа мел йоьду, хьал хийца ца луш дисира: 2021-чу шарахь Ӏедалан а, ницкъаллин структурийн а, динан дайн а векалшца хиллачу цхьаьнакхетарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо йуха а шен реза ца хилар хаийтира меттигера бахархой "реза ца хиларна 20–40 эзар сом алапа лучу балхана а". Цо йуха а дийцира ур-атталла "социалан блокехь" кху бIаьстенна белхахой цатоар, ткъа хIинца, гӀишлошъйарехь нах цатоьу бохуш.

"ХӀунда ца воьду цхьа а болх бан? Вайн халкъ дуккха а зенех чекхдаьлла. Ткъьа тӀекхуьучу чкъурана гуш йолу маьрша а, ирсе а республика даимна а иштта хилла йу моьтту", - аьлла, комментари йира Кадыровс.

Бакъдолу бахьанаш

Нохчийчоьнан куьйгалхочо иштта дӀахьедарш динехь а, регионера бакъдолу дахар, меттигерчу бахархоша дийцарехь, ирсе хила генахь ду. Лаккхара белхазалла а, системан коррупци а дуккхаъчарна дӀайаха аьтто боцуш дуьхьалонаш хуьла. Кавказ.Реалии сайтаца къамел динчу наха ма-аллара, кхаьънаш ца луш, хьан говзаллин болх каро аьтто бац ала мегар ду, ткъа доьхуш долу ахчанаш дукха хьолахь йуккъерчу доьзалан шарахь догӀучу ахчанца цхьатерра хуьлу.

"Болх бац, миччахьа хьаьжча а, - боху 35 шо долчу Грозный-гӀаларчу вахархочо Мансура, - ас болх лоьху кхо шо ду. Хьалха йохка-эцаран центрехь лардархо болх беш вара со баттахь 15 эзар сом йоьцаш - ма-дарра аьлча, кепекаш дара иза. Зуда а, ши бер а ду сан, мах луш квартирехь Ӏаш ду тхо. Туризман декъехь балха хӀотта гӀоьртира со, амма цара 300 эзар сом доьхура меттигна. Мичахь карор ду суна и тайпа ахча?"

Мансур тешна ву: кест-кеста буьйцучу мало йечу неха бехке болуш дац иза, амма кхин дан хӀума а доцуш, къела вуьсуш хьелашах лаьцна ду. Ур-аттала машенийн сервисехь болх хIотторна, кхаьънаш доьху цара, дуьйцу цо.

Цхьаболчера, цӀера бӀеннаш-эзарнаш километраш гена дIабахана лела деза, шайн доьзална кхача латто гIерташ. Царех цхьаъ ву Грознера гӀишлошъйархо Рустам. Цо мукӀарло до, нагахь санна даймахкахь, баккъалла а Кадыровс хьехо белха меттигаш хилча, баттахь 80 эзар сом алапа а долуш хилча, ша шек а воцуш цӀавогӀур вара бохуш.

"Со а, сан накъостий а Краснодаран кӀошта балхахь ду, тхуна хӀора баттахь 100 эзар сом алапа ло. Аса АллахIаца дуй буу, цӀахь 80 эзарна болх белахьара, доккха а хазахетарца цIавогӀур вара со республике», - боху. собеседник "Сан доьзал Нохчийчоьхь бу, ткъа со кхузахь ву, ткъа вай вовшашна ца гуш а беттанашкахь хан йолу. Сагатдо, амма кхин цхьа а аьтто бац, сан царна рицкъ латто".

Нохчийчоьхь хIинцлера тоьаш производствош йац

Иштта ахча даккха цӀера араваьлла Веданан кӀоштера къинхьегамхо Салман а. ХӀинццалц хӀусамийн-коммунальни бахаман системин белхахо вара иза, 24 эзар сом ахча а оьцуш, амма алапаш тӀаьхьадисарна, дахарна и ахча цатоар Соче вахара иза. Цо тӀечӀагӀдо: нохчийн Ӏедалша бахархошна луш ду боху алапаш, бакъдолчехь республикехь дац. "ЦӀахь 80 эзарна болх хилча, со сихха цӀавогӀур вара", - мукӀарло до къамелхочо.

Минимаркетан долахочо Зелимхана а дуьйцу Кадыровн аьрзнаш бух боцуш хиларх лаьцна: "Баттахь 80 эзар сом ахча а луш, республикехь болх каро аьтто белахьара, доьзалш а битина, кхечу регионашка хӀунда гӀур бара нах? сан накъостий берашна луш долчу пособица бехаш бу. Сан туькнахь, наха кест -кеста декхарна даар оьцу, вай хӀинцале а шолгӀа тетрадь долийна декхархошна. Йа болх а , йа ахча а дац нахехь".

Кхечу къамелхочо Нохчийчохь гӀишлошъйаран мукъа меттигаш нахана кӀезиг йезар, цунна хетарехь тIебаьхкинчу нахана лакхаро алапа луш хилар, ткъа меттигера бахархой кест-кеста Ӏехош хилар бахьан ду. Нохчаша хьанал къахьегар дукха хенахь дуьйна схьадогӀу ламаст ду, бохуш кхин дӀа а дуьйцу хьостано, амма республикан куьйгалхочо тидаме ца оьцу кепекех къахьега нах кийча цахилар.

"Вайн нах кхечу регионашкахь рицкъ лаха дезаш хуьла, ткъа 15–20 эзар сом алапа долу вакансеш кхузахь цхьанна а ца оьшаш йуьсу", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

Нохчийчуьрчу цхьана гӀишлошъяран компанин хиллачу директоро тӀечӀагӀдо, республикехь шайна мигранташ балха эцар гӀоле хета, амма дийцина лаккхара алапаш наггахь бен ца ло царна бохуш.

"Юьхьанца царна баккъалла а дика ахча ло, уьш шайна тӀеберзорхьама, амма иза цхьана ханна лерина барам бу, - боху къамелхочо, - тӀаккха царна къемелаш до , “оццула” ахча лур ду бохуш , ткъа гӀишлошъярхойн меттигаш хаддаза хийцалуш лаьтта: цхьа тоба вукхунна метта хӀоттайо. И бахьана долуш белхахошна юккъерчу барамехь алапа бен ца ло, ткъа Ӏедалша дош делла ахчанаш дӀадала цхьанна а дага ца догӀу. Инвесторо ахча заказхочунга дӀакхачадо, амма и ахча могӀарерчу къахьогаш болчу белхахошка ца кхочу".

ДIахIоттаман проблемаш .

Социалан гайтамашца рейтингехь кест-кеста тӀаьххьарчу меттехь йу Нохчийчоь. Республикехь белхаш боцчарна еккъа цхьана кху шеран дечкен-гезгмашан баттанашкахь субсиди санна делира 5,2 миллиард сом – иза 10 процент уггаре лакхара гайтам бу Оьрсийчоьнан регионашна йукъахь.

Нохчийчохь лакхара белхазалла а, лахара алапа а структурни дIахIоттаман проблемийн жамӀ ду, Нохчийчоьхь хилла ца Ӏаш, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а, билгалдоккху экономисто редакторшца динчу къамелехь, репрессивни Оьрсийчоьнан низамаш бахьана долуш шен цӀе йовзийта ца лаьа цунна . Коьртачу бахьанех цо билгалдоккху технологийн а, промышленностан а предприятеш ледара кхиар а, ткъа иштта бахаман хьеле дакъош карладаха инвестицеш цахилар а.

Шерашкахь цӀахь болх лоьхуш бу нах, белхазална  кӀезиг пособеш а схьаоьцуш

"Регионехь кхачам боллуш производстваш йац къинхьегаман ницкъ шена тӀеберзо а, дика алапа кховдо а. И бахьана долуш нах кхечу Оьрсийчоьнан юккъерчу регионашкахь болха лаха дIабаха безаш хуьла, цигахь промышленность дика кхиъна йу, алап а алсам ду", - бохуш, дуьйцу къамелхочо кхидӀа а.

Цо дийцарехь, хьал талхош дерг Нохчийчоьнан дуккха а бахархой бюджетан ахчанех лаккхара дозуш хиларо: "Дика белхан меттигаш ца хилар а, дахаран тӀегӀа лахара хилар бахьана, бахархошна гӀоле хета социалан ахачанах пайда эца, оцу хIумано экономика хьал, кхин а ледара доккху".

Белгехь ехачу нохчийн бакъонашларъйархочо Газиева Фатимас карарчу хенахь хӀоьттинчу хьолана ша Кадыров бехкево, цо, шена хетарехь, республикехь хьанал ахча даккха хьелаш ца кхоьллина.

"Нохчийн божарий Москва а, Петербурге а, Краснодаран кIошта а гӀишлош йаш балха баха безаш хуьла. Нах шерашкахь цӀахь болх лоьхуш бу, белхазалланна луш долу кӀеззиг пособи а оьцуш, - аьлла, дерзийра Газиева шен къамел.

  • "Хроника" а, "ExtremeScan" а проекташа бинчу талламца, Нохчийчохь а, Дагестанехь а бехачу 70% бахархойн хӀора доьзалан декъашхочунна хӀора баттахь 30 эзар соьмал ахча сов ца долу, ткъа бахархойн кхоалгӀа дакъа бохург - 12 эзар сом бен а ца кхоччуш ду. Иза иштта делахь а, нохчийн хьаькамаша кхидӀа а дуьйца массо а социалан а, экономикан а декхарш, кхиамца чекхдаьхна хилар, массо а декъехь "инзаре кхиамашца" бохуш.
  • ГIадужу-беттан 1-чу дийнахь динчу зерашца, Оьрсийчохь тIехь да воцуш бисина доьзална луш долчу пенсин барам бара 15 эзар сом, амма Нохчийчохь а, ГӀалгӀайчохь а иза шозза кӀезиг ду. Социалан ахчанан барам а лахара бу Оьрсийчоьнан юккъерчу барамал Къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьа могӀа кхечу регионашкахь, Пенсин а социалан страховани фондан тӀаьххьарчу статистико гайтарехь.
  • 2023-гӀа шо чекхдолуш Къилбаседа Кавказан 6 регион – ГӀалгӀайчоь, Кхарачойн-Чергазийчоь, ГӀалмакхойчоь, ГӀебарта-Балкхаройчоь, Къилбаседа ХӀирийчоь, Нохчийчоь – Оьрсийчоьнан регионийн социалан-экономикан хьолан рейтингехь лахарчу итт меттигехь карийна. Таллам бина РИА Новости олучу пачхьалкхан агенталло. Анализ йира, бахархойн тIедогӀучу ахчанца, декхаршца, белхазаллаца, кегий беран даларан терахьца, адаман дахаран ханца, леларца а, къечу нехан терахьца а.