Адамийн гIайгIа бар йа нахера ахчанаш дахар? Нохчийчуьра некъаш тӀехь керла рейдаш йу

Соьлжа-гIала, Нохчийчоь, архиван сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана некъаш тӀехь низамаш дохийна нах, Украинера тӀаме хьийсон беза аьлла динчу дӀахьедарна гонаха хилла къамелаш хӀинца а дерзаза ду, амма республикехь ницкъахоша керла рейдаш йолийна. ХӀинца ницкъахоша къаьсттина тидаме эцна газан баллонийн гӀирс болчу машенийн долахой – низамаш дохийначунна догӀу гӀуданаш 10-зза алсам ду, низамо билгалдаьккхинчул а. Тхан редакцино къамел динчу меттигерчу бахархоша а, эксперташа а дийцира, хӀун Iалашо йу ницкъаллин структурийн керла дIадолоран – нехан кхерамзаллина сагатдар йа Iедалан хазна йуза кхин цхьа агIо?

Бензинан меттана газ лелош йолу машенаш ницкъхоша толлуш хилар цецбаьхнера Нохчийчуьра бахархой. Соьлжа-гIалара вахархочо Мусас редакторшка дийцира (цӀе хийцина Оьрсийчоьнан репрессиван низамаш бахьана долуш а, нохчийн Ӏедало йан тарлучу гӀелонашца а - Билгалдаккхар), дуккха а шерашкахь шега цхьаммо йа хаьттина а аьлла дацара, машен тIе газан гIирс дӀахӀоттор низамехь ду йа дац.

"Вай махкахь дерриг а ша тайпа ду: Ӏедал шен лаамехь ду, халкъ шен лаамехь ду. Ӏуьйранна машенахь аравелча хаъа хьуна, цхьа керла хIума долийна (Iедало) хилар. Со цхьана ДПС-ан постехь сацийра, газ-гIирсана регистраци йина йуй аьлла хаьттира соьга. Ас дуккха а шераш ду и машен тIехь лелош, амма цкъачунна цхьаммо а хаьттина йацара соьга. Цара соьгара 5 эзар сом гIуда а даьхна, машен стоянкехь йита йа газан-гIирс дIабаккха беза элира. Ас и ахча а дIаделира, хIунда аьлча, цаьрца къийсавала аьтто бацара сан – элира Мусас.

Даима а бензинан мехаш хьаладовлар бахьана, газ йагориг лелош машенан терахь алсам долуш ду республикехь. Тахана Нохчийчохь 95 бензинан 60 сом гергга мах бу, пропан газан мах шозза кӀезиг бу. Оцу механ башхалла республикерчу бахархошна чIогIа йоккха йу, хIунда аьлча, официалан хаамашца, йукъара барамехь бахархошна баттахь луш долу алап - 30 эзар соьмал сов ца долу. Нахехь ахчанца гIело йу.

Оьрсийчоьнан Федерацин низамца догӀуш ду - машенна тӀехь бина муьлхха а хийцам регистраци йан йезаш хилар, ца хилахь- царна Административан кодексан 12.5 артиклца 500 сом гӀуда тоха догӀу. Нохчийчуьрчу ницкъахоша меттигерчу бахархошкара 5 эзар ахча стенна доьху хууш дац.

Хьаькамашна "Клондайк"

Росстато бечу хаамца, тахана республикехь вехаш цхьа миллион ах миллион сов стаг ву. Нохчийчохь, бахархойн долахь йолу машенийн билггал терахь хууш дац, республикерчу некъан полицино и тайпа хаамаш зорбане бохуш бац. Амма Ӏедалан ‘Чечня Сегодня” сайто хьалха шерашкахь бинчу хаамца, махкахь 2020-чу шарахь дӀайазйина 350 эзар сов машен йара бахархойн долахь.

Республикерчу машенлелархоша лур долу ахча, инзаре ду

Тхоьца къамел динчара дийцарехь, цӀеххьана рейдаш йар бахьана долуш, Нохчийчохь ГИБДД-н урхалла "дехаршца йуьзна" йу газан гӀирс регистраци йан. Нах чIогIа дуккха хан йаккха йезаш хуьула цигахь рогӀехь лаьтташ - ишттачу хьелашкахь нисло, цхьаберш а, стандартан процедурина хьалха боьвла, шайн гIуллакх, сихха чекхдаккха лууш.

"Машен ца хилча йиш йац, ах республика Соьлжа-гӀала балха лелаш йу. Массанхьа а ДПС-ан посташ йу, цаьрца цхьана лаьтташ эскархой а хуьла. Нагахь санна ахь газ-гIирсана регистраци ца йахь, хӀора блокпостехь 5 эзар ахча дала дезар ду.Цундела йерриг аьлча санна республика центральни ГИБДД-ехь лаьташ йу. Массарна а чӀогӀа сихха оьшу, ткъа иза муха дан йиш йу, вайна хаъа ма хаъи. Белхахошна йукъахь лелачунна жима совнаха ахча ло "сихха хаттар дӀадерзорна", аса делла 30 эзар сом, со санна берш дуккха а бу."

Бахархойн кхерамзаллина сагатдар?

Нохчийчоьнан некъаш тӀехь цӀеххьана рейдаш йарна комментари йеш, Европерчу нохчийн политикан "Цхьаьнакхеттачу ницкъаш" цӀе йолчу вовшахтохараллан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата дуьйцу, иза наггахь а бен неслуш хIума дацахь а, амма баккъалла Ӏедал бахархойн кхерамзаллина сагатдеш хила тарло.

"Амма, массарна а хууш ду: республикехь инзаре коррупци йу, Ӏедал шайн кисанаш дуза хьийзаш ду, муьлххачу а агIор пайда эцна а. Цуьнца цхьаьна, мел кхерамза йу тайп-тапана говзанчаша хIоттийна "газан установкаш" иза доккха хаттар ду. Амма, ас ма-аллара, республикехь , ур-атталла цу тайпанчу нормативни артиклаш тIехь а бахархошна тIера "цIока" йаккха бахьана карор ду Iедална", - боху Сулеймановс.

ЦIаьххьана, сиххалица газан гӀирс болчу машенашна регистраци йан йолайалар дузу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дуьххалдIа эфирца, цигахь цо йуха а некъаш тӀехь низамаш дохорх лаьцна дийцара.

Нохчийчоьхь  тайп-тайпана бахьанашца массо а хӀуманна тIера нахера ахчанаш доху

"Республикан куьйгалхочо хӀоразза а муьлхха а дӀахьедар дича, вайн хьаькамаш сихаллехь тӀедахкарш кхочушдан хьийза. Тахана, республикехь дуккхаха йолу машенаш, уггара лаххара иттана йукъахь- йалх машен газ-йагорг лелош йу. ТIаккха, муха йийра йу оццул дуккха йолу машенашна регистраци, оццул йоца хеначохь? Цара (Iедало) кхуллуш хьал ду иза, наха шаьш ахчанаш схьадохьу агIо, низам дохош, машен йоцуш ца биса, йа рогIехь лаьтташ хан ца йайъа", - боху Мусас.

Редакцица хиллачу къамелехь адвокато Аслана (оха цуьнан йуьззина цӀе ца йоккху спикеран кхерамзаллин бахьанашца) Нохчийчоьнан Ӏедало машенаш толлуш дӀайахьначу керлачу акцех "низамехь курхалла" аьлла.

"Низаман агӀор хьаьжча, кхузахь хӀумма а ала йиш йац, машенан бина хийцамаш формале даккха дезаш ду. Амма бакъ ду, хаттарш кхоллало: мичара долуш ду и гIудан барам, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь доцуш долу? Вайн дисциплина йац, массо а сиха ву, рогӀехь ца латта, тIехьашха чекхвала гӀерташ ву. Машенлелархоша лур долу дерриге а ахчан барам, лара хала ду", - боху юристо.

Ичкерин куьйгалхо хиллачу Масхадов Асланан персональни адъютант хилла Исханов Хьусейна Кавказ.Реалии редакторшца хиллачу къамелехь билгалдаьккхира: Нохчийчура рейдаш коррупцица йоьзна йу, аьлла хета шена.

"Нохчийчоьхь массо а хӀуманна тайп-тайпанчу бахьанашца нахера ахчанаш гулдеш ду. Оццул халачу хенахь, иза дан хьашт дара аьлла ца хета суна. Цунах коррупцин бен бала пайда бац, оцу хIумана масштаб республикехь Iаламата инзаре йу. Федералан центро ахчан доза тоьхча, тайп-тайпанчу кепашца хазна йуза йезаш йу, вуьштта а бахархойн лахара долу алапах, дакъа схьадоккхуш", - аьлла, дерзийра къамелхочо.

  • 2013-чу шарахь Нохчийчохь а жигара къийсам латто болийра машенан коран тонировка йинчарца – и хӀума ца хьакхаделира лакхарчу даржашкахь болчу кадыровхойн нахах. Машенаш кхечу регионехь дӀайазйина хиларо мелла а паргӀато йитира машенлелорхошна. Амма и низам, кестта хийцалур ду. Цхьана кхеташонехь Кадыров Рамзана тӀедиллира, тонировка лело дуьхьа, кхечу регионашкахь шайн машенашна регистраци йинчу нахана гӀуда тоха аьлла.
  • Стохка чиллин-баттахь Дубайхь шен жимахволчу вешица Адамца машен урхалла деш гучуваьлла кхиазхо Кадыров Ӏела. Ӏаьрбийн Эмиратийн Ӏедалан сайта тӀехь йаздина ду, 18 шарел сов хан йолчу нахана бен машен лело бакъо йац аьлла. Оьрсийчоьнан низамаша а билгалдоккху 18 шо кхаьчча дуьйна бен машен лело бакъо цахилар.