Нальчикехь шинарийн Ιуьйранна, сатоссуш, Ιедало бинчу хаамца, лерина операци дΙайолийра низамхоша Кавказ Имаратан пхеа декъашхочунна дуьхьал. ТΙаьхьо, го бинчу цΙенна тΙе герзаш а диттина, барам бирзича, даьгначу цΙа чохь цхьа дакъа бен ца карийна. Вийнарг ву ГΙебарта-Балкхаройчоьнан а, Кхарачой-Чергазийчоьнан а амир.
Къаьсттина тΙаьххьарчу хенахь нислуш ма-хиллара, амир Занкишиев Ιелим тΙевоьссина хΙусам Ιедале дΙайийцина информатор, кхечу дешнашца аьлча, мотт тоьхнарг, лула-кулара могΙара нальчикъхо ву. Стенна а делахь а, цо хьал деста а деш бинчу хаамна тΙе а тевжина, даьржийначух тера ду низамхоша шаьш операци йолаяллале кхайкхийна тΙемалойн терахь – пхи стаг.
Ιуьйранна, пхеалгΙачух ах даьлча, Нальчикерчу Мичуринанний, Комсомольскийний урамаш цхьанакхетачу маьΙΙера цΙа гоне а лаьцна, чуьрнаш карабахка декхаре бина низамхоша. ХΙеттехь чуьра ара а ваьлла, каравахна цΙийнан да. Ткъа чохь висина амир Занкишиев Ιелим, дийцарехь, юьхьанца ойла еш а Ιийна, тΙаккха герзаца дуьхьало ян хΙоьттина.
ЦΙенна тΙе даккхий герзаш деттале хьалха, Чегеман къоштарчу Мир-юьртахь, цхьана цΙа чуьра, массех гΙаттамхо а вуьйш, ши кΙира хьалха шаьш лаьцна кхобу амиран зуда Созаева Мадина ялийна Ιедалша майрачуьнга герз охьадиллар а, каравахар а дехийта.
Амма Занкишиевс летта вала харжам бина, схьагарехь. Маса тоьпаца ша гоне лаьцначарна дуьхьало еш а Ιийна, тΙаьххьара а, цΙено догуш, ша кΙуьрлахь висича, карахь граната а оьккхуьйтуш велла амир. Иштта бу полицерчу хьостанийн хаам.Занкишиев Ιелим бархΙ шо дара тΙеман хьелашка ваьлла а, Ιедало лаца кхайкхийна а.
Дукха хан йоццуш иштта кхелхира Кавказ Имаратехь ГΙебарта-Балкхаройчоьнах жоп луш волу Геграев Аслан а.
ХΙинца юха а мукъабаьлла Умаров Доккин дакъошкахь Кавказан къилба декъах жоп лучу амиран меттиг. Ткъа хьоло гайтарехь, гΙаттамхой кхачонза бу гΙебартошлахь, кхарачой-балкхарошлахь. Кестта хуур ду, хьан шен караоьцур ду Занкишиевх дисина, стаг хьоьгийла доцу дукъ.