Нальчикехь бевзаш боцчу наха цIе тесна йеш йолчу жуьгтийн культурин центрах

Гайтаман сурт

Муьлш бу цахуучу наха Нальчикехь дагийна жуьгтийн культурин центр йечохь машенийн чкъургийн батташ. Цунах лаьцна хаамбина пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло ГIебарта-Балкхаройчуьра бакъоларйаран органашкара хьасташна тIетевжина.

Билгалдоккху, цIе маса йайина, цхьанна а зен-зулам хилла дац. Таллам болийна, цIе тасарна бехкебечех ницкъахоша цкъачунна бина хаам бац.

Хьалхо Baza гIирсо хаамбарца, центр йагорал совнах, пена тIехь "йахьудашна Iожалла" аьлла ксенофобин йоза а дитина. Iарбойн маттахь "йахьуд" бохург "жуьгти" бохург ду.

Нальчикехь жуьгтийн динан диаспоран центр йайта дуьхьалболчара Petitions.net сайтехь куьйгаш гулдеш ду.

"Официалехь ГIебарта-Балкхаройчохь кхо къам ду дехаш – гIебартой, балкхараш, оьрсий, оцу къаьмнийн векалийн интересаш лара йезаш йу уггар а хьалха. ГIебарта-Балкхаройчоьнан бахархошна кхерам лаьтта, жуьгтийн диаспоран центр йахь хIинццалц схьа оцу республикехь даьхначу кхечу халкъийн йолчул а бакъонаш алсам хир йу церан, шайн идеологи регионехь а, Къилбаседа Кавказехь а хьалхататта", - аьлла ду петицихь.

Иштта петицин авторша дIахьедо, иудаизман цхьадолу дин радикалан санна лара тарло, цундела уьш "бIостане ду Оьрсийчоьнан конституцица", цара "къоман кхерамзаллина зулам дан тарло". Цул совнах, петици йукъайаьккхинчарна а, цу буха куьйгаш йаздечарна а хетарехь, "Гергарчу Малхбалера геополитикан хьолаца" доьзна регионера дахарна дестабилизаци йан тарло центр кхолларо.

Хаам зорбане боккхучу заманчохь, гIадужу-беттан 27-чохь йолийначу петицина куьйгаш йаздина 19,8 эзар стага.

  • ГIадужу-беттан 28-чохь дагестанхойн Хасавйуртахь маса вовшахтоьхна митинг дIайаьхьира меттигерчу бахархоша "Фламинго" хьешан цIенна хьалха. Гуламан бахьана дара "тIехьаьжна Израилан бахархойх тера нах" цу чохь дIатарбелла аьлла, долийна хабарш.
  • ГIадужу-беттан 28-чохь дIайаьхьна иштта Черкесскехь а митинг. Нах гулбеллера Iедалхойн гIишлона хьалха, Палестинера бахархошна гIо лаца аьлла. Делахь а тIахьо гулбеллачех цхьаболчара тIедожийра регионера "жуьгтех бахархой" арабаха аьлла,
  • Палестинехьа де хьалха митингаш хIиттийра иштта Туркойчохь а, Тунисехь а, кхечу пачхьалкхашкахь а.
  • Латархо Нурмагомедов Хьабиб а вистхилира Палестинехьа гIо доккхуш. ГIазза "стигал бухахь уггар а йоккха набахте" йу элира цо, кхайкхамбира бусалбанашка палестинхошна тIера ламазаш де аьлла.
  • ГIадужу-беттан 7-чохь дуьненан дуккхаъчу пачхьалкхашкахь террорхойн леринчу ХЬАМАС, "Исламан джихIад" тобанаш тIелетира Израилан къилбехь. Оцу тIелетарехь байинчийн терахь I400 ду. 200 сов стаг джихIадхоша закъалте лецна, ГIаззе дIабигина. Дуьхьал жоп луш Израило ГIаззехь динчу тохаршкахь, палестинхойн хаамашца, 4 эзар сов вийна. Палестинан агIоно Израиль бехкейо бахархойн гIишлошна тIе тохарш дарна.