Нальчико тӀаьххьара меттиг дӀалаьцна гӀаланашкара алапийн тIегIанех хIоттийначу рейтингехь

Кабардино-Балкария, Нальчик, Kabardino-Balkaria, Nalchik

2024-чу шеран хьалхарчу эхашарахь йаккхийрий гIаланашкахь лучу белхан алапийн рейтингехь Нальчик тIаьххьарлерчу меттигехь нисйелла. Ишта тIаьххьара могIарерчу иттанна йуккъе йахна Соьлжа-ГIала а, Черкесск а, Майкоп а аьлла билгалдаьккхина ду пачхьалкхан РИА "Рейтинган" аналитикехь.

Росстатан зерашца хIоттийначу муниципалан хаамийн рейтинган йуккъе йахийтина йу 100 гIала – федерацин субъектийн административан центраш а, Оьрсийчоьнан йаккхийрий гIаланаш а, ишта аннекси йина Севастополь а.

Рейтингехь тидаме эцнера тIера йасакх дIаэцначул тIаьхьа луш долу йуккъерчу барамера алапаш. Нальчикехь луш долчу йуккъерчу барамера алапах 2,2 хьаштхочунна оьшург эцало – кхузза кIезиг хуьлу иза, рейтинган чемпион йолчу Новый Уренгойца дуьстича.

Лакхарчу рейтинган йуккъе йахана Оьрсийчоьнан къилберчу гIаланашлахь Краснодар (40-гIа меттехь), Ростов-на-Дону (40-гIа меттехь), Къилбаседа Кавказерчу регионийн коьртачу гIаланашлахь уггар дика гайтам бу Ставрополехь, амма йоллу рейтингехь цо дIалаьцна 74-гIа меттиг.

  • Товбеца-баттахь Оьрсийчуьрчу йаккхийчу гӀаланашкахь лучу алапан барамца хIоттийначу рейтингехь Элисто тӀаьххьарлера меттиг дӀалаьцна, индустри тидаме эцча – уггаре а дукха ахча доккху цигахь пачхьалкхан белхахоша. Иштта тӀаьххьарчу меттехь йара Майкоп а, БуьрийтIе а, Черкесск а, Соьлжа-ГIала а, Магас а, цигахь лакхара алапаш оьцурш а бу даржхой.
  • 2023-чу шарахь белхан алапийн тIегIанехула хIоттийначу рейтингехь ГIалгIайчоь, Кхарачой-Чергазийчоь, Къилбаседа ХIирийчоь, ГIалмакхойчоь тIаьххьарчу могIаршкахь нисйелла. Кузахь къаьсттина дукха бу 20 сов эзар сом ца кхоччуш алапа баттахь оьцурш.