Наркотикашца  лецначу Нохчийчуьра полисхой хиллачарна дуьхьал Кубанехь бехкзуламан гIуллакх долийна

Гайтаман сурт

Краснодаран кIоштахь бехктакхаман гIуллакх даьккхина Нохчийчуьра полисхо хиллачу шинна дуьхьал, уьш лоцучу заманчохь йалх грамм мефедрон карийна цаьргахь, цIера валар дихкина витинера и шиъ.

Пачхьалкхан "РИА Новости" агенталло бакъоларйаран органашкара шайн хьасташна тIетевжина хаамбо, дIасабовлар доьхкуш церан хьокхъехь сацам барх. Билгал ца даьккхина муьлхачу Iедалан къепехула гIуллакх гIаттийна а. Иштта, хьастанан хаамашца, лаьцначарна дуьхьал масех административан гIуллакх а цхьаьна даьккхина, бакъо йоцуш серло туху чиркхаш хIитторна а, машенан номерш хийцарна а.

Инцидентах лаьцна гIадужу-беттан 9-чохь йаздира Kub Mash телеграм-канало. Цуьнан хаамашца, оцу заманчохь лаьцна шиъ полицихь болх беш хиллера – ДПС-н белхахо Джабраилов Iаьрби а, миграцин полицин хьаькам Ибрагимов Мохьмад а ву и шиъ. Патрулах къайлавала гIоьртинчу цу шиммо кхечу машенна тIе тоьхна хиллера шайн автомобиль. Цу шиннах таллам бечу хенахь карийна цаьргахь наркотикаш. Ший а полисхо а, цаьрца хилла йоI а дуьхьал хиллера лоьрийн экспертизех чекхбовла.

ГIадужу-баттахь хьалхо Кавказ.Реалиин сайто хаамбира, Ставрополь-махкара кхелера 37 шо долу суьдхо Теркулов Хьаьлим балхара дIаваларх. Кху шеран дечкен-баттахь балха хIоьттина вара иза, цуьнан дIаволуш чуделлачу кехатна меттигерчу квалификацин коллегино куьйгаш йаздира. ДIавалале хьалха Теркулов наркотикашца лаьцнера полисхоша Краснодаран кIоштара Ейск гIалахь.

  • Стохка марсхьокху-баттахь Ставрополера наркотикашна дуьхьал йолчу комиссино хаамбира "Георгиевск-Новопавловск" трасси тIехь нохчийн полицин белхахой лецарх – церан машен чохь наркотикаш карийнера. Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло официалехь харцбира и хаам – наркотикаш лелош хилла аьлла, шеконаш йерг махкара полицихь болх бина вац бохура урхаллехь
  • 2021-чу шеран гIадужу-баттахь, 2015-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц Кадыров Ахьмадан цIарах леррина "Север" полкан урхаллехь хилла полковник Абдулкадиров Рахьман лецира Москвахь корта бахон молханаш мелла машен хаьхкина воьдуш.