Брюсселехь шинари дийнахь саммите вовшахкхеттачу НАТО тIеман альянсана юккъе йогIучу пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраша дийцаре деш ду, и тIеман альянс Малхбалерчу Европе яржар.
Шина денна вовшахкхетта Къилбаседаатлантикан тIеман альянсерчу 28 пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраллийн куьйгалхой Брюсселехь. Украинехь Iедал хийцаделчул тIаьхьа а, ГIирма Оьрсийчоьнан долаяьлчул тIаьхьа а, ткъа и дерриге а бахьана долуш Оьрсийчоьнан, Малхбузенан юкъаметтигаш вуно хийраяьлчул тIаьхьа дуьххьара шаьш вовшахкхетта хиларх терра, цара дийцаре дечарех коьрта хаттар Украиница доьзна а, Малхбалерчу Европин кхерамазаллина лерина а ду.
Хууш ма-хиллара, Оьрсийчоьно ГIирмина аннекси яр бахьана долуш цхьа могIа Малхбалерчу Европера йозуш йоцу кегий пачхьалкхенаш хазанесанна саготта ю, шайн дозанашна тIехь а, оьрсий бехачу меттигашкахь, Оьрсийчоьно ша-тайпа анклаваш а кхуллуш, и меттигаш шаьшкара дIаяхарх а, шайн пачхьалкхенийн цхьаалла а, лаьттанаш а кхерамехь хиларх а.
Саммит дIайолаялле НАТО инарла секретар волчу Расмуссен Фог Андерса журналисташка бинчу хаамаца, саммитехь цуьнан Украиница долу партнералла шордар а, политикан диалог жигар даккхар а, ткъа иштта массо а тайпана цигахь ечу реформашна, тIеман ницкъийн реформашна а тIехь, гIо-накъосталла дар а дийцаре дийр долуш ду. Цул совнаха, тIеман альянсо Оьрсийчоьнца цхьаьнаболхбар цкъачунна сацор а хир ду гуламхоша дийцаре дехкинчу хеттаршна юккъехь.
Иштта НАТО дагахь ю, Малхбалерчу Европера пачхьалкхенашна цигахь тIеман базанаш яхкарца а, тIеман гIирсаш цига хьажорца а белшаш гIортон. Масала, Эстонехь а, Латвехь а, Литвахь а кхолла там бу керла тIеман базанаш, цул совнаха цу пачхьалкхашка хIинцачул алсамох тIеман кеманаш хьажон а дагахь ю НАТО. Ала догIу, и гIулч, - Къилбаседаатлантикан тIеман альянс Оьрсийчоьнна лулахь Iоьхкучу пачхьалкхашкахь, - хуьлда уьш я Балтикан мехкаш я Украиний, Молдавий-м муххале а, - яржар Оьрсийчоьнна уггаре а лазамечарех ю. ТIаьххьара 2004 шарахь НАТО, Болгарий, Румыний, Словакий, Латвий, Литвай, Этсоний а шена юкъе а лоцуш, Малхбаленан агIор шоръеллча дуьйна схьа Оьрсийчоьнна уггаре гома а, цуо даима шена дуьхьал къийсам латтон а хIума ду иза.
Ткъа стенна кхоьру те Оьрсийчоь цу альянсаца долчу лулаллех? ХIун кхерамаш бохьу те цу кепара НАТО Оьрсийчоьнан дозанашца улле гIортаро Кремлана а, йоллучу Оьрсийчоьнна а? И хаттар Маршо радионо делира политологин а, конфликтологин а Iилманча волчу Асхабов Хьамзате. Цуо дуьйцу:
Асхабов Хьамзат: „Оьрсишна цара шайн дозане уьш гIортар а, цу уллохь цара герзаш хIиттор а билгалд новкъа ду, хIунда аьлча, коьртачу декъехь, ракеташ ю тахана уггаре а кхераме герз ларалуш. Ткъа уьш доханна юххе мел хIуьтту а, цу герзах болу кхерам а алсамох хуьлу, цунна дуьхьало яр а чолхечу долу оьрсашна. Цундела цу кхерамех кхета хала дац, царна церан боккъал а бахьанаш а ду. Цу кепара, НАТО юккъе богIучарна а, Оьрсийчоьнна а чIогIа мехала хаттарш ду тахана Брюсселерчу саммитехь айдинарш“.
Брюсселехь вовшахкхеттачу НАТО юккъе йогIучу пачхьалкхийн коьртачу дипломаташа билгалдаьккхира, ГIирма Оьрсийчоьно шен долаяьккхинчул тIаьхьа цу пачхьалкхаца йолу юкъаметтигаш хьалха хиллачу тIегIанна тIехь кхин дIакхоьхьийла дац, аьлла. ХIунда аьлча, Расмуссен Фог Андерса ма-аллара, „Оьрсийчоьно шен леларца НАТОца цхьаьнаболхбаран принципаш йохийна“. Цуьнца цхьаьна, немцойн „Шпигел“ журнало чIагIдарехь, НАТО Молдавица а, Арменица а, Азербаджанца а цхьаьнаболхбар алсам даккха лерина ю, цигарчу эскаршца цхьаьна Iаморш дIадахьарца а, цигарчу тIеман ницкъашна реформаш еш гIодарца а.
Ткъа мел боккха бу боккъал а НАТО альянс кхин дIа а Малхбалерчу пачхьалкхашка яржаран кхерам? Билгал а кийча юй те и тIеман цхьаьнакхетаралла кхин дIа а, Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш шел а йеш, цуьнан дозанашкахь шен базанаш а, эскарш а дIахIитто? Асхабов Хьамзатна хетарехь, и хIума хила тахана, Украинерчу хьолаца доьзна, тIаьхьарчу итт шарахь ца хиллачу кепара герга ду.
Асхабов Хьамзат: „Тоххара Югослави екъа а екъана, цигахь шайн базанаш дIахIиттира НАТОс, хIинца тахана ГIирма юьйцучу хенахь оьрсаша даима а охьакадош а ду и хIума, дижа ца дуьтуш. Царна чIогIа даг тIе хIоьттина хIума а ду иза. Нагахь санна хIинца Украинехь болийна болам чекхбалахь, иза Евробертана юккъе а йодахь, царна луур ду аьлла хета суна, цигахь шайн герзаш хIиттон. Я эхь хетта уьш Iийр бу аьлла а ца хета суна“.
Цу юкъана даханчу мукъаденошкахь Оьрсийчоьнан президента Путин Вламидирца хIинцале а Iадате дирзинчу Меркел Ангелица шен мукъаденошкахь хуьлучу телефонехулчу къамелехь тоьшалла динера, оьрсийн эскарш Украинин дозанера ша юхаозийтина, аьлла. И гIулч, Кремлан коьртачу гIентан дас барте кховдаран гIулч санна дIакхайкхийна йолу, тIе ца чIагIйина Малхбузерачу куьйгалхоша. Иштта, масала, шинари дийнахь НАТОн инарла секретара Расмуссена шена хаарехь оьрсийн эскарша хIинцаъ Украинин дозанашкара юхадаьхна дац элира.
Ала дашна, БиБиСи агенталло дахкийначу терахьашца, карарчу хенахь Украинина уллохь Оьрсийчоьно дIагулвина 40 эзар салти ву, омра схьакхаьчначу мIаьргонехь цу пачхьалкхан доза а хадийна, тIелатарш дIадолон кийча лаьтташ.