Брюсселехь шина денна вовшакхеттачу НАТО альянсан куьйгалхоша сацам бина Оьрсийчоьнца тIеман а, машаре а цхьаьнаболхбар сацон.
Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш совцор коьрта сацам хилла Къилбаседаатлантикан тIеман альянсан хьалхарчу дийнахь тIеэцначарех. „Тхайн Оьрсийчоьнца йолу юкъаметтигаш юхера дуьйна схьа листарх а, хийцарх а болу сацам тIеэцна оха“, - элира цу хьокъехь НАТО инарла секретар волчу Расмуссен Фог Андерса.
Цу Оьрсийчоьнна лазамечу гIулчаца цхьаьна алсамбоккхур болуш бу альянсо Украинин а, йоллучу Малхбалерчу Европин а кхерамазалла лакхаяккхарна лерина болу болх. И бохург ду уггаре а хьалха Украинин эскарий эвсаралла лакхаяккхарна а, церан тIамна кийча хилар Iалашдарна а, - хIунда аьлча альянсо динчу дIахьедарца, „цу пачхьалкхан тIамна гуьнахь долу эскар хилар НАТОна мехала ду“, - ткъа и дерриге а кхочушдан оьшуш йолу харжаш цигарчу урхалле дIакхачор а уггаре а мехалчу гIуллакхийн тIегIанна тIехь хир ду бохург.
Цуьнан тоьшалла санна, НАТОн куьйгалхоша шайн сацамаш дIакхайкхинчул тIаьхьа масех сахьт а далале баьржира Цхьанатоьхначу Штатийн Конгрессо Украинин гIодарх болу сацам тIечIагIбина боху хаам. Цхьа миллиард долларна меха кредиташ цу пачхьалкхенна Iамеркано лург хилар а, Оьрсийчоьнна дуьхьал керла визийн а, экономикан санкцеш яхар а ду цу сацамехь билгалдаьккхина.
НАТО тIеман альянсан куьйгалхоша иштта шинари дийнахь лерина кхайкхам бира Оьрсийчоьнан Iедале. Цу тIеман цхьаьнакхетараллин официала сайта тIехь зорбане баьккхина болу и сацам дIаболош яздина ду, НАТОн пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министраш цхьа ойла йолуш бу, низамца йоцу Оьрсийчоьнан Украине тIеман интервенци емалйарехь а, Украинин суверенитет а, цуьнан территори а цуо хьашар къобал ца дарех а аьлла.
„Оха низамца доцуш лору Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр. Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне сихонца дуьненаюкъарчу бакъоне а, низаме а юхаерзаре а, цуо дуккхаъчу дуьненаюкъарчу берташкахь шена тIеэцна хилла йолу жоьпаллаш кхоччуш дIакхехьаре а“, - бохуш яздо НАТОн куьйгалхоша. Цара бовзуьйту иштта Оьрсийчоьно ГIирма шен долаяккхар юхаддакхаре болу шайн сатийсам а. Амма и сатийсам кхочуш хилахь тамаша бу.
ХIунда аьлча, дукха хан йоцуш дуьйна керлачу пачхьалкхехь самабийла буьйлабелла болу гIирмахой карарчу хенахь кхин башха тешаш бац, цхьа Делан тамаша ца хилахь, шаьш Украинин куьйгакIела юхабоьрзур бу бохучух. Кхаарий дийнахь Евробертан сацамца совцийна ГIирмехула Европера кеманаш дIасалелар. Евробертан навигацин системано я ГIирмера догIу кеманаш тIе а дуьтур дац, я ГIирме даха шайн кеманашца а магор дац.
И сацам нуьцкъале бирзинчу сахьташкахь дуьйна цу хьолера некъаш лоьхуш бу меттигера бахархой. Симферополехь Iаш а, болх беш а йолчу журналиста Мавиле Халилс дийцарехь, Европе дIасабаха безаш болу меттигера бахархой Украине а боьлхий, цигарчу кеманийн порташкара арабовлу.
Мавиле Халил: „Симферополерачу дуьненаюкъарчу кеманийн портера, - аьлча а хIинцалца схьа-м яра иза дуьненаюкъара кеманийн порт, - цигара карарчу хенахь еккъа цхьаьна Москоха йоьлхуш рейсаш ю, кхин цхьа а рейс цигара еш яц. ХIинцалца шен хила йиш йоллучу объемехь цуо болх бинехь а, даха лууче массанхьа а тхан цигара даха йиш хиллехь а.
ХIинца цкъачунна кеманца новкъа вала аьтто луларчу гIаланашкарчу Украинин кеманийн порташкара бен яц – Одессерий, Харковерий, Днепропетровскерий я Киеверий бен. Ткъа цига цIерпоштица кхача йиш ю. Цкъачунна Украиница цIерпоштан зIен йолуш ю, цуьнца цкъачунна дерриге а дика ду.
Цундела нах иштта лела. Тхан тхешан коллегаш а, масала, Брюсселе баха арабевлла хила боллу, цIерпоштица Киеве а бахана, цигара кеманца новкъа бевлира“.
Цу юкъана Брюсселерчу НАТО саммитан декъашхоша шозлагIчу дийнахь дийцаре дира Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал йинчу агрессино йоллучу Европехь а кхерамазаллин хьал керлачу тIегIане даккха езаш хилар гайтина бохург.
„Доллучу дуьненна а дIагайта деза, – элира шен къамелехь цу альянсан куьйгалхочуо Расмуссен Андерса, - НАТОн дуьхьал туьйсуш болу кхерамаш диканца боьрзур боцийла. Вешан партнерна Украинина дан йиш йолу массо а гIо, политикан а, практикан а хьесапехь, вай цу пачхьалкхица цхьаьнаболхбарца билгалдоккхур ду“, -элира цуо.