Роскомнадзоро дIакъевлина Навальный Алексейн сайт. И хаам бина оппозиционеран тобано, яздо Свобода Радионо. Роскомнадзоран реестрехь яздина ду, Инарла прокуратуро байначу беттан 15-чохь бинчу сацамца блок тоьхна сайтана. ХIетахь дIакъевлира Навальныйн штабийн сайташ а цхьаьна.
Сайт дIакъовла бахьанаш дара аьлла, билгалдаьккхина урхалло "къепе йохо а, экстремистийн болх бан а, къепе йохош митингашкахь дакъалаца а нах юкъаийзош бахархошлахь кхайкхамаш бар".
"Инарла прокуратурин сацамца дIакъевлина цхьанахеннахь 49 сайт: Навальный Алексейн сайт йоцург а, сан сайн сайт а, Соболь Любовин а, Степанов Олеган а сайташ а; регионалийн хиллачу штабийн сайташ а; Росямын а, РосЖКХ-н сайташ а, лоьрийн Альянсан сайт а, ФБК-н сайт а!", -хаам бина Навальныйн накъосто Волков Леонида.
Мангал-беттан юккъехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедира, ФБК-но къепе йохон нахе кхайкхамаш бора аьлла.
Карарчу беттан 22-чохь Навальныйн сайтехь Iорабаьккхинера Пачхьалкхан думан спикер волчу Володин Вячеславан доьзалан бизнесах шаьш бина таллам. Оцу материалехь дуьйцу, политикан гергарчаьрца йоьзначу компанеша Москвахь латтанаш а духкуш пхи миллиард сом ахча даьккхина хиларх.
Москвара Грайвороновскан чекхволийлера хьоналлин комбинат болх беш хилла ю 1930-чу шерашкара схьа дуьйна. 2002-чу шарахь дуьйна Буров Владиславан "Букет" группи юкъаяхара иза. "Букетан" индустрера активаш "Солнечные продукты" холдингах дIатуьйхира. Цу юкъа яхара ишта Саратовн а, Краснодаран а кIошташкара даьттадоккху заводаш а, Саратовера а, Москвара а, Новосибирскера а даьттан а, хьоналлин а комбинаташ а. "Солнечные продукты" кхоьллинчех а, долахойх а вара Пачхьалкхан думан спикер Володин Вячеслав. Шен дакъа а, шен ненан дакъа а оцу юкъара доьхкира цо 2007-чу шарахь шен партнерна Буров Вячеславна.
ФБК0н материалашкахь билгалдоккху, чу-ара ца баккхалун бахам – Москварчу заводан гIишлош а, цехаш а, гуттаренна а латтанаш дола эца бакъонаш а шина а компанина тIеязйна ю: АО «Грайвороново" а, АО «Инспайр" а. Оцу фирмийн долахой бу - Володинан нана а, стунда а.
Мангал-беттан 9-чохь Москва гIалин кхело "экстремистийн организаци" лерира коррупцица къийсам латтон Фонд а, Навальныйн штабаш а. Иштта "арахьарчу агентийн" тептаре а яьхна уьш. Оццу сацамца кхело церан болх сацош шаьш динчу хьесапах а дIакхайкхийра.
Навальныйна бехке дуьллуш ду Ив-Роше компанин 30 миллион сом ахча лачкъор. Прокуроро дехнера Навальный Алексейна -10, цуьнан вешина Олегана 8 шераш хаенаш тохар. Эххар а ши шой ах шой хан кхачийра Навальный Алексейна.
Навальныйна гIортор еш митингаш хIиттийра Оьрсийчоьнан дуккха а гIаланашкахь. Навальный Алексей Оьрсийчоьнан хир волу президент ву аьлла хета дуккха а нахана.