Навальный хIинца вада мегаш хилар ца лору, экстремизмана тIера лору

Навальный кхелехь къамел деш ву видеозIенехула

Оппозиционер Навальный Алексей латточу колонехь иза вада мегаш хиларан чоьтера дIа а ваьккхина кхечу чоьте хIоттийна – "экстремистийн а, террористийн а идеологина" тIера стаг волуш санна, хаам бо Свобода Радионо.

Навальныйн цIарах цуьнах лаьцна яздина цуьнан инстаграмехь. Оцу хаамехь дуьйцуш ду, иза кху деношкахь колонехь комиссе а кхайкхина, цуьнга хаам бина хиларх лаьцна иштта бинчу сацамах. "Оперуполномоченный хьенехов минеха рапорт дахьийтина, тутмакх Навальный экстремистийн а, террористийн а идеологина тIера хиларх лаьцна" – цитата ялайо Навальныйс комиссин кхеташонан.

Цо дийцарехь, шен бедаршна тIера цIен басахь йолу бирканаш дIа а яьхна, баьццаран басехь йолу керланаш тIетегна цо. Навальныйс бинчу хаамца, колонешкахь цу кепара билгалбоху бусалбанаш а, националисташ а, футболан фанаташ а.

Навальныйс билгалдаккхарехь, чубоьхкинчу нахана шех, вада мегаш ву а ца олуш, "экстремизмаман тIера ву" аьлла сацам бар гIоле хета, хIунда аьлча царна шен меттахь ву-вац хьожуш хIора сахьтехь, буьйсанна а цхьаьна, тIехIуьттуш цхьа а вац.

Хьалхо Навальный латкъамаш беш вара, саццаза бечу талламаша наб ян ца вуьту ша бохуш.

Билггала муьлхачу бахьанашца вина иза экстремизм а, терроризм а лелорна тIера ву аьлла сацам – дуьйцуш дац. Хьалхо цуьнца йоьзна вовшахтохаралла суьдо "экстремистийн" лара сацам бира, ткъа иштта Оьрсийчохь дихкира цунна цхьаъ лелор. Цул сов, Навальныйна а, цуьнан накъосташна а дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долийна, экстремистийн юкъарло кхолларна, аьлла.