"Навальный" аппликаци болх бечуьра сецна ОьрсийчохьтIех Google play-хь а, App Store-хь а. Цунах лаьцна хаам бина Навальный Алексейн тобано, яздо Свобода Радионо.
Иза хилла тахана, Гезгмашин-беттан 17-хь Iуьйранна, Оьрсийчохь кхаа денна лерина Пачхьалкхан дума хоржуш кхажтасар дIадолалуш.
Оцу приложенехь зорбане боху оппозицин политикан сайта тIера хаамаш. Цу тIехь иштта ю "Хьекъале кхажтасаран" функци. Компьтерна тIехь приложени хIица а ю Google Play-хь, амма онлайн-туьканан мобилан версехь иза карош яц.
Иштта "Навальный" аппликаци каро аьтто ца болу App Store-ан мобилан версехь, хаам бина "Дождь" телеканало (Оьрсийчохь и телеканал "лерина арахьара агент").
КХИН А ХЬАЖА: Путина кхайкхам бина харжамхошка, "дош лардалуш болу депутаташ" харжа аьллаКхажтасар доладалале кIеззиг хан йиссинчу хенахь Навальныйн агIончаша зорбан гIирсашкахула хьехарш дира "Хьекъале кхажтасар" (Умное голосование) проектан гурашкахь. Оппозиционеран накъосташа хьехар дира "Единая Россия" партин векал эшо алсам шансаш йолу партин векалшкахьара кхаж таса аьлла, муьлхачу партин кандидат ву иза бохучуьнга ца хьожуш.
Москвахь Пачхьалкхан думан харжамашкахь "Хьекъале кхажтасарна" гIортор йинарш бу КПРФ партин векалш, амма бу кхечу партийн кандидаташ а.
Оьрсийчоьнан Iедалшна хета Навальныйн агIончаш яржош ерг йихкина контент ю аьлла, оцу сайташна блокаш хIиттор а доьху цара. Роскомнадзора бехке йина Американ Google, Apple, Cloudflare, Cisco IT-компанеш, цара гIо деш ду "Хькъале кхажтасарна", ткъа иза Iедалша лорур ду "харжамашна арахьара юкъагIертар", дIахьедина Роскомнадзора.