Зорбанаша мехкан куьйгалхочун "альтернативе казна" олучу Кадыров Ахьмадан цIарах регионалан фондан хьокъехь ши гIуллакх гучудаьлла Нохчийчуьра кхелан пурстоьпийн базехь. Оцу юкъанна ницкъаллин урхаллийн куьйгалхоша Нохчийчохь массарна а гуш юьхь йоху меттигерчу бахархойн некъан низамаш дохорна а, гIуданаш дIа ца текхарна а.
Кхузахь дуьйцу некъан низамаш талхор ду, видеокамераша дIаяздарца – дукха хьолахь машенаш маса хехкар.
Шайна гIуданаш кхачийнашехь, церан барам а лахара боллушехь (хIораннах а 500 сом), Кадыровн фондо сихо ца йо, декхар такха. Гуьмса кIоштан декъан кхелан пурстоп Идиразова декхаре хиллера гIуллакхах йист яккхийта барамаш лелон.
Кадыровн фонд йоцург а, некъан низамаш ца лардарна гIуллакхаш айдина ЧГТРК «Вайнах» телехьожийлан хьокъехь а. Телехьожийлана 20 сов гIуданаш диттина аьлла, Кавказ.Реалиино хьалхара публикаци йинчул тIаьхьа, кхочушдаран кехаташ дIакъевлинера.
- Нохчийчохь пачхьалкхан автоинспекцин белхахоша массарна хьалха бехкаш дехира меттигерчу итт вахархочуьнгара, некъан низамаш дохийна аьлла. Уьш бехкебора некъа тIехь кхераме хьелаш хIитторна.
- Нохчийчоьнан МВД-н официалан аккаунтехь зорбане яьккхинера "профилактикан къамел" деш видео. Цу тIехь ГИБДД-н белхахоша дийцарш до некъан низамаш дохийначаьрца.
- Товбеца-баттахь кхелан пурстоьпийн Федералан урхалло Москвахь бархI гIуллакх диллира Оьрсийчоьнан президентехула гуттаренна цигахь йолчу векалтана. Уьш дерриш а доьзнера ГИБДД-н гIуданаш дIа ца текхарна. ФССП-н официалан сайтехь болчу хаамашца, оцу векалалло дIатакхаза 37 тоьхна гIуда ду.