Даздан оьший, ца оьший бохуш цхьаболчара Керлачу шарна гонаха яккхий гIовгIанаш латтийнехь а, веза-воккха, мехала хьаша санна, вайнаха даггара самукъа а долуш дIадехьна и даздар. Кхушарахь шайна дуьххьала гуш волчуьнга тахана а олу нохчаша
ХIун ойланаш, лаамаш бузу вайнахана тIедеъначу шарца? ХIун хийцамаш хуьлийла лаьа бахархошна мехкан а, шайн а дахарехь? Цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш луш, шен аьллар хилча, ша дашна а доцуш, шалхо аьттехьа а ца юьтуш, къам дезар самадоккхур дара Iедалдайшкахь элира Соьлжа-гIалин кIоштан вахархочо,Далла Iамал ечеран туркх волчу Хожа-Бавдис.
«Коьртера дуьйна схьа шен къам деза деза хьалхарчу могIанца. Тахана массо а шайн-шайн сингаттамаш бадийна лелаш ву. Даржехь берш къомана юкъахь ша-шах низам нисдала деза моьттуш санна паргIат Iаш бу. Нагахь къам дезаш делахь ас харцонаш, шалхонаш юкъара дIайовлуьйтур яр-кх.
Къинхетам бо бохуш хабарш ду, амма гуш дерг кхин сурт ду. Коьртера дуьйна охьа, лелош долу хIуьмалгаш дIа даьхна, хьаналчу, нийсачу новкъа довла деза. Кегийчеран синпаргIато хир ю белхан меттигаш а кхоьллина, рицкъ совдаккхахь,къинхьегамца мохк тобан, хазбан гIортахь.
ТIекхуьучу чкъурана къахьегаро стаг ирсе вой, къа ца хьегча хIумма а хир доций, къахьега дезий хаийта деза. Iелам стаг велахь,Iедалда велахь а ас тIедеанчу шарахь шалхонаш дIа а яьхна, ши юьхь ма лелайойла аша аьлла чIагIам хуьлийла лаьар-кх суна кху шарахь. Дуьненна а хууш ду харц новкъа воьду стаг а, къам а, цхьана ханна бен кхиаме кхочийла дац».
Керлачу шеран хьокъехь сан дукха къамелаш нисделира бахархошца.Ас тидаме эцнарг дара цара «ас», «со» а доцуш, массеран а, мехкан а цIарх дийцар. Иштачех ву Теркйист кIоштера Салавди а.
Цунна коьрта хета тIедеанчу шарахь массо къаьмнашна юкъахь барт хилар. Керлачу шарахь Iедалдайша, массо тIегIан хьаькамаша бакъдерг бакъ мА ду, харцдерг харц мА ду аьлла, къастам боллуш нийсонна тIехIиттаре сатесна ву ша бах цо.
«Кху тIаьхьарчу шерашкахь дукха эрчонаш лайна нохчаша. Суна дерриг къаьмнаш бертахь,мерза дехийла лаьар-кх. Коьртехь болчара догIуш долу таIзар ца даро галдаьхна дукха хIумнаш. Кху шарахь харцонах а, тешнабехках а сан къам ларделахь бохуш Деле доьхуш ву-кх со».
Билгалдаккха догIу къоман кхане, цуьнан ирс-аьтто къамел мел динчех дукхахболчара дузура Iедалан мукъ карахьболчаьрца. Стенна аьлчи, цара кхеторехь, нийсонан,низаман бух тIехь махкахь синтем, токхо кхолларан архаш уггар хьалха церан буйнахь ю.