"Оьрсийчоьнах цкъа а теша мегар дац."

Iаьмерк, Нью-Йорк--Чиллан-беттан 21, 2017, Хейли Никки

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахкхетаралле Iаьмеркан векало, Хейли Никкис, дIахьедира Вашингтонана Оьрсийчоьнах цкъа а теша мегар дац, аьлла.

И дIахьедар цо дира кху беттан 16-чу дийнахь телегойтиллина интервью лучу хенахь . Билгалдаккха деза, оццу дийнахь Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто емалдира 2014-чу шарахь Оьрсийчоьно ГIирмана аннекси яр. Хейлис а емалйира ахгIайренна йина аннекси.