Ницкъбар, гIуллакхаш дуьхьал дахар. Американ санкцешна бухахь хIунда нисделла Нохчийчуьра полицин дакъа

Соьлжа-ГIала, полици. Гайтаман сурт

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло санкцеш дуьхьалъяьхна Нохчийчуьрчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чудогIучу Курчалойн декъана а, бакъоларъяран органийн цхьа могIа белхахошна а: Курчалойн кIоштан ГИБДД-н декъан хьаькамна Хутаев Хьусайнна а, талламхочунна Саламов Нуридна а, Устрада-ГIалин прокурорна Ахматов Джабраилна а. Иштта документа тIехь билгалбаьхна Оьрсийчоьнан тIеман министраллин гIовсаш: ГIалгIайчоьнан хилла куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек, Цаликов Руслан (Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо), Криворучко Алексей (Ставрополан вахархо).

Оцу документаца а догIуш, санкцеш юкъаяхаран бахьана ду оцу наха адамийн бакъонаш хьешар. Американ а, Еврсоюзан а санкцийн тептаршка тоххара а бохура нохчийн ницкъахой, билгалдоккху политолога, бакъонашларъярхочо Кутаев Руслана.

Санкцеш хIун ю тхуна бохуш, ца дешаш кепаш хIиттайо наха

"Кадыровна а, цуьнан доьзална а дуьхьал кест-кеста йоху уьш. ТIехула тIе, санкцеш хIун ю тхуна, бохуш, ца дешаш кепаш хIиттайо. Суна хета, мел а царна Iаткъам бо цара, хIунда аьлча, жимма а хье берг кхеташ ву, Путина Iедал дукха лаьттар доцийла", - боху Кутаевс.

Цуьнан дешнашца, тахана Нохчийчохь цхьа а кхелахо, прокурор вац санкцеш дуьхьалъяха йиш йоцуш. "Оцу системехь болх а беш, бех ца волийла дац. Нагахь чанна, Оьрсийчоьнан массо а суьдхошна дуьхьал санкцеш яхахь, иза нийса хир ду", - чIагIдо политолога.

Кутаевна хетарехь, Курчалойн-кIоштан полицин декъана тIе "бIаьрг хIоьттина" дозанал арахьа болчийн, цуьнан хьаькамо Агуев Руслана жигара къамелаш динчул тIаьхьа, бакъоларъярхо Янгулбаев Абубакар а, цуьнан доьзал а хIаллакбе бохуш, кхерамаш туьйсуш, кхайкхамаш бича

Ткъа шена Янгулбаевна хетарехь а, коьрта бахьана и хиллачух тера дара.

"Нохчийчоьнан дозана тIехь адамийн бакъонаш талхор хIоразза а бакъдеш, цунна тIетовш ву Агуев. Доккхачу декъанна, дукхахдолу аьрзнаш нах лечкъорах а, гIело хьегийтарх а ду, - аьлла хета Янгулбаевна. – Суна хета, оцу кепара полицин дакъошна дуьхьалйоху санкцеш кхин дIа а яхлур ю, рогIехь ю аьлла хета суна, Шелан ОМВД, хIунда аьлча, [мехкан парламентан спикер] Даудов Мохьмада урхалла дина ю иза, оцу чоьхьарчу гIуллакхийн декъан дукхахболу белхахой Кадыров Рамзанан хадархошлахь бу".

"Iазапашна духьалоен Комитет" кхоьллина, цуьнан куьйгаллехь хиллачу Каляпин Игоря шен цакхетар довзийтира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелхь, полицин декъана дуьхьал санкцеш яхарх.

"Дозанал арахьарчу банкашкахь йолу чоьташ дIакъовла, йа цхьана стагана виза цаяла хьоьху "Магнитскийн акто", Курчалойн кIоштан полицин декъана оцу агIор кхерам бац, - боху Каляпина. – Цунна дуьхьал санкцеш яхар – билгалонан хIума ду, хIунда аьлча, Курчалойн кIоштан ОМВД-н а, йа цуьнан белхахойн а Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь йиллина чоьташ ю аьлла, ца хета суна. Делахь а, дуьне горга ду, санкцеш дIаяхъян тарло. Цхьа хан-зама яьлча дохкобийла а куц ду уьш, оцу тептаре бовларна. Амма таханалерачу дийнахь цхьа символ ю-кх иза".

Каляпина билгалдоккху, Американ лаккхарчу даржхойн Нохчийчуьра чоьташ дIакъовлур ю, уьш ТIехьа-Мартана буьтур бац бохуш, чIагIо ечу Кадыровн сарказмех кхета ша

Цхьа иттех-ткъех шо даьлча дохкобийла а там бу

"Оцу тIехула къежа а мегар ду, амма со тешна ву, цхьана а ТIехьа-Мартанан кIошта а, СемаьIашка а гIура бац Американ политикаш, цигахь чоьташ йоьллур яц цара. Амма, нохчийн ницкъахойх цхьанна а луур дац Цхьаьнатоьхначу Штаташкара цхьаъ эша, йа цкъа мацца а оцу санкцешна юкъахь хиларна дагахьбаллам хир бац аьлча… Хир бу, дохкобийла тарло цхьа итт-ткъа шо даьлча", - билгалдоккху Каляпин.

Цунна хетарехь, Курчалойн кIоштан декъанна тIе Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн бIаьрг хIоттаран цхьахдолу бахьана ду бакъоларъярхо Эстемирова Наталья йийна хилар хIинца а талланза хилар. Цхьахйолчу версица, оцу декъан белхахой бехкехилар тарлора иза ерна.

КХИН А ХЬАЖА: Эстемирова Наталья ерах гIуллакх дIакъевлина ЕСПЧ кхело

"Кхеле кхачийна, цигахь мах хадийна тоьшаллаш дац. Амма и верси талламхочо Соболя зийна хиларх суна билггал хууш ду", - боху Каляпина.

Каляпинна хетарехь, Курчалойн кIоштан декъан белхахой Эстемирова лачкъорна а, иза йерна гунахь хиларх дерг аьлча, цунна тIетов кхин а Оьрсийчоьнан цхьа бакъоларъярхо. Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь шен цIе яккха ца лиира цунна.

"Официалехь бинчу талламца церан бехкхилар тIе ца чIагIдира. Амма билггал гIуллакх теллина дац, цуьнан саботаж яра", - чIагIдо бакъоларъярхочо.

Каляпина дагалоьцу иштта, оцу декъаца йоьзна, кхин а гIараяьлла хилла истори: бакъоларъяран "Мемориал" центран Соьлжа-ГIалахь хиллачу векалтан экс-директорна Титиев Оюбана дуьхьал даьккхина фальсификацин гIууллакх

"Цул совнах, и полицин дакъа бехкедира цуьнан дозана тIехь нах лечкъорна а, Курчалойн кIоштан декъа тIехь "Iожаллин эскадронаш" цIе ерш леларна а, урамехь на бойъуш, охьатуьйсуш. Цхьа а кхелан гIуллакх ца диллира, цхьа а таIзар ца дира. Амма стенца доьзна оцу декъана дуьхьал санкцеш яьхна, олийла дац сан", - билгалдоккху Каляпина.

Оьрсийчоьнан анониман бакъоларъярхо дагалеца волалало кхин долу зуламаш а.

"Курчалойн кIоштарчу ОМВД-но лелийначу Iазапех хууш ду, масала "14-гIа гIуллакх", тоьшаллашца фальсификаци а лелош, 14 жимстагна гIело йира, - дагалоьцу бакъоларъярхочо. – Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу ППС-н полке а балийна, цигахь а Iазапаш хьегийтинера. Иштта Нохчийчуьра кхинйолу ОМВД-ш а евзаш ю оцу кепарчу гIуллакхашца. Делахь а, Курчалойн кIоштан полицин декъана дуьхьал санкцеш яхар лакхахь хьахийначу гIарадийлинчу гIуллакхашца доьзна хиларх шеконаш яц сан".

Иштта цо билгалдоккху, ОМВД-на дуьхьал санкцеш яхар тамашена хеташ хилар.

Дикуа ду, Курчалойн кIошт. Ткъа Шелан? Церан а ма ду шайн къинош

"Практикаца и бохург хIун ду хууш вац со. Дика ду, Курчалойн кIошт. Ткъа Шелан? Церан а ма ду шайн къинош. ОМВД-на цкъа а ахчанаш кхочуш дац дозанал арахьара. Цхьана хенахь цигахь болх мел биначарна дуьхьал а санкцеш йохур ю бохург дуй иза? Мел ханна? И кхоьлличхьана, йа санкцеш кхайкхийчхьана? Санкцеш кхайкхийначу дийнера дуьйна делахь, дикка кхеташ дац, дуккхаъчу гIуллакхашна юкъахь хилла ю иза", - дуьйцу бакъоларъярхочо.

***

Шелан кIошт яра тоххара Нохчийчуьра Курчалойн кIошт. Иза гIараяьлла ю, цигахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан резиденци хиларца.

Хьалхо Японин Iедалша санкцеш ехира Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а, кхин а 19 Оьрсийчоьнан а, 12 Беларусин а офицаилан нахана а, цхьа могIа шина а пачхьалкхан компанешна а. Японин арахьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, и барамаш тIеэцна "Украинана тIехула таханалера дуьненан хьал бахьана долуш".

Castellum проектан лараршца, шина кIиранчохь Оьрсийчоь дуьненан лидер хилла цунна дуьхьалъяьхна санкцеш дукха хиларца. Ериг а ю уьш 5532. Царех 2778 дуьхьалъяьккхина тIаьххьарчу деношкахь. Доккхаха долу дакъа персонале ду. Дуьхьалъяьхна санкцеш дукха хиларца ГIажарийчоь шолгIачу меттигехь ю, цунна дуьхьла яьхнарш кхоазза лахара ю – 3616.