Низамза мобилизацех дIахьедар дина дагестанхочо. Соьлжа-гIаларчу, Ростоверчу кхелаша цунна гIо ца дина

ТIаме кхайкхинарш гулбеллачу меттигехь. Дагестан, ХIинжа-ГIала. 2022 шо гезгамашин-беттан 21-ра

Дагестанхочо Курбанов Запира къилбехьарчу гонийн тIеман кхеле ша тIаме кхайкхар далхош, латкъам бина. Амма кхело иза къобал ца дина. Цуьнан жима кхо бер ду, тIеман министраллин низамца иза Украинина дуьхьалчу тIаме кхайкха ца вогIу.

Латкъамехь Курбановс билгалдаьккхина, шен ворхI, исс, шийтта шераш кхаьчна бераш хилар. 2022-чу шеран гезгмашин-баттахь балхара цIахь висина дагестанхо мобилизаци юккъе вахара, гIадужу-беттан йуьххехь иза Нохчийчурчу тIеман декъе дIаязвира. Латкъамхочо шен лаам Коьртачу штабан а, официалерчу хьаькамийн дIахьедаршна а тIетевжина бу аьлла. Хьалхо цара дийцина дара, дукха бераш дерш тIаме ца буьгу шаьш аьлла.

“Латкъам бинарг ша бераш кхиош хиларах йа кхело сацам бечу хенахь цуьнан хIусамнана 22 кIира кхаьчна доьзалхочух хиларах хаамаш кхеле бина бацара. Цундела иза тIамах паргIатваккха низамца богIу бух шайн бац", - олуш севцца тIеман кхелехь берш.

Баккхийчу доьзалийн дай тIаме бигар хенаца дIатотту хийцамаш гIадужу-беттан 18-хь пачхбьалкхан думо тIе ца ийцира. Амма Оьрсийчоьнан парламентан лахарчу палатин спикеро Володин Вячеслава дIахьедира, и гIуллакх шайн депутатийн Iуналлехь хилар.

И дерриге дуьйцуш лаьтташехь, Къилбехьарчу тIеман гонан кхелаш, Курбанов Запиран гIуллакхехь санна, шайн балхахь лелаш долчу мобилизацин низамна тIетевжа. Цо бахарехь, тIаме вахар хенаца дIататтар 16 шо кхачанза диъ, дианнал сов бер долчунна бен ца догIу.

  • Кавказ. Реалии сайто дийцина ма-хиллара, Оьрсийчоьнан къилбехьарчу а, Къилбаседа Кавказерчу а мехкашкара кхелашка дукха аьрзнаш кхочу. Меттигерчу бахархоша тайп-тайпанчу бахьанашца шаьш тIаме кхайкха военкоматийн бакъо цахилар дуьйцуш чуделла.
  • Ставропол-махкара кхаа беран да, 46-шо долу Османов Гельды-Мурат Украинана дуьхьалчу тIаме кхайкхинера. ТIаме кхайкхинчо военкоматан сацамна дуьхьала ша кхеле кховдийначу латкъамехь ма-аллара, иза кхо бер кхиош ву, 16 шо кхачанза долу ши кIант, цхьа йоI. Ша тIаме кхайкхар хенаца дIататтар доьхуш, шен бераш дуьненчу довларан тоьшаллаш военкомате чуделла хилла цо. Амма цуьнан лаам къобал ца бина.
  • ДIадаханчу шеран гIуран-баттахь Ростов-мехкан низамаш даларан гуламан депутат Гелас Максим Украинина дуьхьалчу тIамера ши бутт, ахбутт баьлча цIаверзийра. Цунна бахьана хIоттийра иза масех беран да хилар. Гелас даржехь хьалаваьккхира, "гражданкехь" болх бан витира.