Махках баьхна нохчий, гIалгIай Йуккъерчу Азин мехкашка хьийсийна 80 шо кхачарна лерина гайтам схьабиллина Варшавехь, хаамбина Ичкерин арахьарчу Iедалан "ГИА Чечен-пресс" сайто.
"Нохчий: геноцидан истори" цIе йу хIоттийначу экспозицин. Нохчийн къомана депортаци йина 80 шо кхачарна а, "Оьрсийчоьно йозуш йоцчу нохчийн пачхьалкхана дуьхьал тIеман агресси йина 30 шо кхачарна" а лерина йу иза. Гайтамехь суьрташ а, видеоматериалаш а йу хIиттийна.
Чиллан-беттан 23-чу дийнера 25-чу дийне кхаччалц хир болуш бу гайтам.
Дагадоуьйту, Дагестанан прокуратуро дIахьедина нохчашка, Iедалхошкара пурба доцуш акциш, митингаш, пикеташ хIиттон мегар дац аьлла. И доьзна ду чиллан-беттан 23-чохь Новолакскан кIоштахь хIиттон дагахь хиллачу барамашца. Депортаци йале хьалха Iовхойн кIошт олура цунах, дукхахберш нохчийн бара цигахь бехаш.
- 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Iовхойн кIоштара араваьккхира 16 эзар стаг. 2004-чу шарахь Европан парламенто геноцид йу элира вайнах махках бахар.
- Сталина депортаци йечу хенахь Iовхойн кIоштара бохийначу нехан цIенош юхадерзаде аьлла, тIедожийра Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада 2023-чу шарахь. ХIинццалц схьа оцу дийнахь шуьйра барамаш хIиттор республикехь официалехь доцуш дихкинчу нохчийн Iедалхоша дуьххьара дина дIахьедар дара и.