Нохчашна а, суьйлишна а йукъара къовсам, Нохчийчохь полисхоша талламаш бар

Iовхойн кIошт, гайтаман сурт

Дагестанна дронашца тӀелатар дина, Нохчийчохь ницкъохоша талламаш дIахьо, суьлишна а, нохчашна а йукъахь латтана тIехула къовсам хилла -– цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радион 88-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Your browser doesn’t support HTML5

Латтана тIехула Дагестанера дов | МАРШОНАН ПОДКАСТ #88

Украинхойн дронаша дуьххьара тIелатар дина Дагестанна

Дуьххьара дронашца дина тохарш бахьана долуш Дагестанерчу Каспийскехь цхьана ханна дӀакъевлина йалх берийн беш а, кадетийн интернат а. Иштта Iедало сацам бина буьйсанна урамашкахь серло латто чиркхаш дӀадайъа а. Дронийн тIелатар хилла лахьан-беттан 6-чу Ӏуьйранна. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIакхайкхийра, цхьа дрон герз тоьхна хIаллакйина аьлла – тӀелатар, цо дийцарехь, йухатоьхнера. Могашаллин министралло хаам бира, дронан гериг гоьлах кхетта 16 шо долу йоӀ лазийнера аьлла.

Амма, Меликовс дина дӀахьедарш цхьанадогIуш дац машанашкахь йаржийначу видеошца. YouTube каналехь хиллачу видеотеIехь гуш ду, тIелетттарг массийта дрон хилар. Царах цхьаммо, хIордан портана тохарш дира – Каспийскехь лаьтташ йу Оьрсийчоьнан хIордан-тӀеман флотили. Маршо Радион украинхойн редакцин хьасто дIахьедира, зенаш дина хила тарло ракетийн шина хIордан кемана а, иштта масех жимачу кеманашна а аьлла. Оьрсийчоьнан тӀеман министралло комментарий йина йац оцу хаамех лаьцна.

Your browser doesn’t support HTML5

Украинхойн дроно Дагестанна тӀелатар дина

ТӀом болабелча дуьйна Каспийскера хIордан базех пайдаоьцуш бу тIеман хьашташна, Украинана тIе ракеташ туху цигара дIа. Цундела тIеман логикехь, Дагестан - Ӏалашо йу Украинан эскаршна тIелатар дан, элира тӀеман аналитико Шарп Дэвида.

"Каспийскехь йолу база - тӀеман Ӏалашо йу, къаьсттина, нагахь санна, ракетийн кеманашна тоха уьш гӀоьртинехь. Суна хетарехь, кхузахь комбинацин Iалашо йу коьртаниг: мел гена а шайн тIекхочийла дуй дIагайтар, тIеман зенаш дар, кхин дIоггара даккхий зенаш дацахь а. Иштта цхьа билгало а йу – генна, кхечу регионе а тӀом кхачон шайн аьтто хилар дIагайтар", - элира Шарпа.

ХӀинца регионан Ӏедалш декхаре ду тӀеман а, маьршачу а гIишлошкахь кхерамзаллин барамаш чӀагӀбан. Цуьнца доьзна ду школаш а, берийн бошмаш а цхьана ханна дӀакъовлар, хӀунда аьлча, уьш портана а, эскаран декъана а, «Дагдизель» заводана а уллохь йу. Каспийскан куьйгалхочо Гонцов Бориса дийцарехь, билгалдаьккхинчу дозана тӀехь дӀахьур бу «талламан белхаш». Цо а лач тоьшалла дечух тера ду Украинан ВСУ-но дикка зенаш дина хиларх.

Латтана тIехула Дагестанера дов

Украинера тIамехь дакъалаьцначу суьйлех болчу бахархоша тIедожийна, Ленинаул юьртахь латтанан дакъош декъарна реза боцу меттигера нохчий тIамтIе бахийта аьлла. Сталина нохчийн къам махках даьккхинчу заманара схьа дуьйна латтанаш тIехула къовсам лаьтта цигахь.

Суьйлиша шайн видеохаам дӀайазбинера Дагестанан куьйгалхочуьнга Меликов Сергейга хьажийна, цара бахарехь, нохчаша новкъарло йина керла латтанаш цIартIе дохучу хенахь. Оцу тIехула цара тIедожийнера Ленинаулера нохчий тӀаме хьажор: "Суна иштта кхайкхам бан лаьа Казбековн кӀоштан тӀеман комиссаре - администрацин куьйгалхочуьнгахь Ленинаул юьртарчу массо а бахархойн цӀераш тIехь йолуш тептар ду. Тхуна лаьа, и тептар хьала а айдина, цунах талламбан, и нах лерринчу тIеман операцихь дакъалоцуш стенна бац хаа а. Карарчу хенахь оцу нахах цхьаъ а хIунда вац цигахь? Кхузахь вовшахбетталуш, питана стенна леладо цара?"

Меликовс цкъачунна комментари йина йац оцу кхайкхамна, иштта ницкъаллин структурашкара а цхьа а хаам бац, дов иккхинчу меттигехь шаьш хиллашехь.

Your browser doesn’t support HTML5

Латтаца къовсам баларна нохчий тIамтIе хьийсор тIедожийна Дагестанехь

1944-гӀа шо кхаччалц аьккхой бара тахана Ленинаул олучу, хIетахь Iовхойн кIошт олучу меттигехь бехаш.

Сталин Иосифан омраца уьш бертаза махках баьхначул тӀаьхьа, царах йисинчу хӀусамашкахь дIатарбира суьлий.

1957-чу шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Республика йуха метта а хӀоттийна, махкахбаьхначарна цӀа берза бакъо йелира, хIетахь дуьйна шайн латтанаш дIадезачу нохчаша и хаттар дуьжуьйтуш дац.

ЦӀенош а, даьхний дажон майданаш а, хьалха хиллачу долахошна юхайерзо дагахь хилира 1990-чу шерашкахь, амма хӀетахь оцу гӀуллакхана бюджетан ахча ца тоьира. 2019-чу шарахь Дагестанан Ӏедало тӀечӀагӀйира Iовхойн кӀошт меттахӀоттон дагахь керла программа, цуьнан гурашкахь Iалашо йара керла кIошташ йар, депортаци лайначу нехан хIусамаш паргIат а йохуш.

КХИН А ХЬАЖА: Пхьарчхошка йа Ленинаул? Дай баьхначу латтанашна уллора меттигаш йекъар сацаде аьлла Дагестанехь нохчаша

Оцу йукъанна, девзаш доцчу бахьанашца, цу йукъа йогIуш йац Казбековн кIошт, амма нохчаша кхин дIа а къуйсуш ду шайн латтанаш.

ТӀедогӀучу шарахь Iовхойн кӀошт меттахӀоттийна бовла дагахь бу. Белхаш чакхенга мел леста Дагестанера хьал чолхе дер ду аьлла, тешна ву Бирмингемерчу университетан Къилбаседа Кавказехула эксперт волу Квахадзе Александр.

Ленинаулехь дуьххьара хуьлуш дац девнаш – тӀаьххьара 2017-чу шарахь хилира. ХIетахь дуккха а нах вовшех лийтира, 12 стаг лазийнера, царна йукъахь кхоъ полисхо а волуш, летачу нахана йукъахь хилла 10 стаг лецира. Дагестанан Ӏедалша хIетахь хилларг «чоьхьара дов» ду аьлла, дерзийра.

ТIамтIехь а воцчу Якубовн тIамера суьрташ

Оцу юкъанна, терроризм бакъйарна бехке а вина, Москвахь лаьцначу Нохчийчуьра ММА-н латархочо Якубов Ильяса зорбане даьхна "Шторм Z" олучу тобанхойн духар доьхна шен суьрташ. ТIеман министралло дIахьедо, и тоба тIеман уггар а чолхечу меттигашкахь дакъалоцуш йу бохуш, ткъа Якубовн сурт ду тIамана бIе чакхарма генарчу, Оьрсийчоьно дIалаьцначу Луганскехь даьккхина.

КХИН А ХЬАЖА: Украинера тӀаме хьажийначу нохчийн латархочо Якубовс "тIеман хьалхера"сурт хIоттийна. Луганскехь даьккхина ду и

Хьалхо Украине тӀаме хьажор бахьана долуш, цуьнан бехктакхаман гӀуллакх йухадаьккхинера. Цо зорбане даьхна суьрташ тIамана бӀе километар генахь йолчу Луганскехь даьхна хилар гучудаьлла Кавказ.Реалии сайтана.

Латархочун суьрташ дIасадаржийна спортан сайташа – карарчу хенахь Якубовн агIонера йоллу посташ дIайаьхна.

Зорбане даьккхинчу цхьана сурта тIехь Якубов шен доттагӀчуьнца машенахь хиъна Ӏаш ву, тӀехьа гуш йу "Чайхана" олучу ресторанан логотип. Тхан редакцино дуьхь-дуьхьалхӀиттийра суьрташ а, карти тIера зераш а – йуьйцург йара Луганскера номер 54 йолчу Советская урамера ресторанан аьхка хIума кхоллу рагIу.

ГIишлонан логотипаш а цхьатерра йу –хIора гIаличохь кеп-кепара хатI леладо оцу машано. 2014-чу шарера схьа дуьйна Луганскана тIехь куьйгалла деш Оьрсийчоьнан ницкъаш бу.

КХИН А ХЬАЖА: Кхело юха а дӀайахйина Нохчийчуьра ММА-н латархо лаьцна вуьту хан – цо хьалхо дехнера ша тӀаме вахийтар

ГIадужу-бутт чекхболуш хиира Якубовна дуьхьал айдина гӀуллакх сацийна хилар. Юьхьанца цунна бехке диллира терроризм бакъйар, нохчийн буьйранчин Басаев Шемалан аз тIехь долу видео зорбане йаккхарна. ТӀаьхьо бехкан артикал хийцира "хьагӀ-гамо а, мостагӀалла а даржор" аьлла, хIунда аьлча, "террорхойн" артиклашкахула бехкаш дехкина нах Украине тӀаме хьажо бакъо цахиларна.

КХИН А ХЬАЖА: Басаев Шемалх лаьцна аьллачу дешнашна тIехула талламбар дахдарх дIахьедина ММА-н Нохчийчуьра латархочо

2022-чу шарахь тIеман эксперташа дуьйцура, нохчийн салтий Оьрсийчоьно дIалецначу дозанаш тIехь бу, цара тIемашкахь дакъалоцуш дац бохуш. Цунах лаьцна дийцира иштта, Украинан агIор тIемаш бечу Къилбаседа Кавказера бахархоша а цхьаьна. Оцу тIехула кадыровхошна цIе тиллира "тикток-эскарш" аьлла.

Нохчийчохь рейдаш йу дIахьош

Соьлжа-ГIалин йистехь Росгвардин машенийн коврана тӀелатар дарх лаьцна Iедалхоша дош олуш доцчу кху шина кIиранах, Нохчийчохь дIахьош талламаш бу.

Цунах лаьцна хаамаш кхочу адамийн бакъонашларъйаран «Мемориал» центре - церан аьтто хилира лачкъийна вигинчу цхьана стеган цӀе билгалъйаккха. Вуьйцург ву Устрада-ГIалара заьӀапхо Батыров Ризван.

Лахьан-беттан 2-чу дийнахь иза а, цуьнан 82 шо долу нана а полице дӀадигина хиллера. Ризванера телефон а, паспорт а дӀа а даьккхина, шолгӀачу дийнахь кхин цкъа а шайна тIеван веза хьо аьлла хиллера цуьнга. Батыров тIе вахана ца хилла, цундела лахьан-беттан 3-чохь герзашца нах керта а баьхкина, цунна йетта а йиттина, полицин декъа иза дIавигина хилла.

КХИН А ХЬАЖА: Кадыровхоша талламаш бечу хенахь Устрада-гIалара  заьIапхо лачкъийна - "Мемориал"

Бакъонашларъйархойн хаамашца, Батыровна ницкъбан тарлуш ду, иза Украине тӀаме вахийтархьама, йа шайггара кхоьллина, цунна дуьхьал бехкзуламан гӀуллакх доло тарло. Гергарчу нахе хIинцале а хаам бина, цуьнан телефон чохь нохчашна "магийна йоцу" материалаш карийна шайна аьлла. Масала, Кадыров Рамзанан Ӏедална луьйш болчу наха лелочу сайташка хьежна аьлла.

Махкахь дуккха а нехан хIусамашкахула лелаш, талламаш беш хиларх лаьцна хьалхо хаамбира иштта нохчийн оппозиционераша а. Билггал маса стаг лачкъийна вигина – хууш дац. "Мемориале" хаамаш кхочу, республикера "бӀенаш" бахархой ницкъахоша дӀабигина бохуш. Амма дукхахболчийн гергарнаш ца хIутту гIарадаккха, шайн вигинчу стеган гIуллакх кхин тIе а талхорна кхоьруш.

ГIадужу-баттахь Нохчийчохь ницкъаллин структурийн белхахошна лаххара а шозза тӀелатар дира. ГIадужу-беттан 4-чу буса муьлш бу ца хуучу наха граната эккхийтинера Гуьмсера некъан полисхойн постехь.

ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Петропавловская олучу эвлана уллохь бевзаш боцчу наха герзаш диттинера Росгвардин эскархой чохь болчу "Урал" машенна. Цхьаъ эскархо оццу меттехь велла хиллера, кхин цхьаъ масех де даьлча дарбан цӀийнехь кхелхира.

КХИН А ХЬАЖА: Нохчийчохь Росгвардин коврана герзаш диттина муьлш бу цахуучу наха, вийна цхьаъ ницкъахо

Дукха хан йоццуш меттигерчу Iедалхоша терроризмана тIехь буьззина толам баьккхина шаьш бохуш, дIакхайкхийра, ткъа шозза динчу тIелатарх лаьцна дуьйцуш дац. ТIелеттарш а карийна бац.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте: