Гуьржийчоьнца долчу дозанехь йолу КПП "Верхний Ларсана" хьалхара шортта километрашкахь йолчу рогIехь лаьттина Къилбаседа Кавказера бахархой декхаре хуьлу кхин а масех де пачхьалкхашна юккъерчу нейтралан дозанехь даккха. Гуьржийн дозанхоша царна хьокъехь къаьсттина бечу талламашца доьзна ду иза, дукхачу хьолехь бух боцучу бахьанашца пачхьалкхе ца буьту уьш. Доккхачу декъанна цунах лаьцна дIахьедарш до Нохчийчуьра бахархоша, хуьлург царна дискриминаци хета.
Гезгмашин-беттан 21-хь, юьззина йоцу мобилизаци шех олург дIакхойкхочу дийнахь, Гуьржийчоьнца долчу дозанера "Верхний Ларс" пунктан уллохь шортта километраш еха рагI хIоьттинера пачхьалкхера дIабоьлхучу нахах. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс бахарехь, рогIехь лаьтташ 2,5 эзарал сов машенаш ю – цул а де хьалха и терахь шозза дукха дара. Меттигерчу Iедало некъаца дозанаш деттарца доьзна ду рагI жимаялар.
Иштта, гезгмашин-беттан 26-хь КПП-н улле оьрсийн эскархошца йолу гIагIдиллина транспорт еара. Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозанан Къилбаседа ХIирийчуьрчу урхаллехь РБК-га дIахьедира, чIагIдар "дагахьдоцург хилахь аьлла оьшуш ду, дозанах чекваларан кехаташ ца хIиттош резервхошна меттигера доза хадо лаам хилахь".
Кхин а ши де даьлча Къилбаседа ХIирийчоьнан Iедалша дихкира кхечу регионийн номераш йолу машенахь шайн республике вар. "Ца бича йиш йоцу барам" бу элира иза Владикавказехь, "транзитан транспортан доккхачу терахьца" а, чекхваларан пунктехь йолчу шортта километрашкахь йолчу рагIца а боьзна бу бохура сацам. ТIаккха "Верхний Ларсехь" мобилан тIекхайкхаран пункт схьайиллира – дуьххьара повесткаш меттигерчу бахаршна бен луш ца хиллехь а, амма хIинца дозанхошка а, военкомашка а тIекхойкхучу нехан федералан тептарш кхаьчнера.
Бовллане а чекх ца бовлуьйту
КПП-на дуьхьал йолчу машенийн рогIехь латтаран юккъера барам - кхо де гергга хан ю. Армех вига хан йолчу божаршна хеттарш дарна а, курхалла лелорна а чекхвалар дахделла бохуш латкъамаш дора наха – цара бахарехь, низамхоша машенлелорхошкара ахча доьхура чекхвалийтарна дуьхьал.
Дозанех чекхволу уггар дукха хан Къилбаседа Кавказерчу бахархоша йоккхуш хилар гучуделира. Оьрсийн КПП-х чекхбевллча царах цхьаберш декхаре хиллера нейтралан дозанехь денош даха, гуьржийн "Дарьяли" постехь шайна бакъо яларе ладоьгIуш. Массарал дукха махка чу ца дитарна латкъамаш дийраш Нохчийчоьнан бахархой хуьлура – Дагестанера, Къилбаседа ХIирийчуьра, ГIебарта-Балкхаройчуьра, ГIалгIайчуьра а бахархойн шайн пурба даларе цхьажимма а сатийса аьтто хиллехь, амма нохчийн иштта аьттонаш бацара.
Къилбаседа ХIирийчухула Гуьржийчу кхача гIертачаьрца яьхна видеош а, суьрташ а зорбанашка доху иттанашкахь телеграм-каналаша. Масала, оппозицин нохчийн блогеро Абдурахманов Тумсос яздо, масех де а ду адамаш юург йоцчу меттигехь латтон, ткъа дьюти-фри дуьхьал хуьлу царна и латтон аьлла.
"Нохчий а, кавказхой а биттане чу ца буьту. Паспортан контролехь 222-чу кабинете хьийсабо, цул тIаьхьа юхаберзабо. Къаьсттина нохчашна, вайнахана тIехь деш ду и хIума. Ламеш тIехь а, массо а меттигехь бийшина Iохку кIентий", - боху видеон авторо нохчийн маттахь.
Дозанерчу хьолах лаьцна тIечIагIдира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелхь Нохчийчуьра вахархочо. Кху деношкахь ницкъ кхечира цуьнан Гуьржийчу кхача – дехьавалийтира иза цуьнан "бух бахьанехь". Къамелдинчо дийцарехь, 90% кавказхой юахберзабора, яккхий адамийн тобанаш гулъйеллера цигахь, амма кIезиг яра [видеош тIехьчул а]".
Стигалкъекъа-баттахь дуьйна хиира Нохчийчуьрчу бахархой гуьржийн дозанхоша №222 йолчу кабинете хьийсош хилар, цигахь сахьташкахь хеттарш а дой, КПП-н гIишло чуьра ара а бовлий Оьрсийчу юхаберзар тIедажадо царна. Дуьхьало йаран кехатехь рогIерчу хьолехь "Кхин бахьанаш" аьлла бух билгалбоккху, амма цхьамма ца кхетадо и бахьанаш.
Нохчийчоьнан бахархоша видеокхайкхам бира, гуьржийн урхаллина тIе Iаткъамбар доьхуш. Къоман билгалонашна тIехула пачхьалкхе ца буьту шаьш, боху цара (видео редакцигахь ю). Цунна реакци йира Европерчу нохчийн диаспорийн векалша а. Масала, юкъараллин "Толам" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата "маьршачу, шен суверинитет йолчу Украинина дуьхьал болчу тIаме бертаза хьийсорах уьдучу нохчашна некъаш даста" аьлла кхайкхамбина. КПП-хь долчу хьолах лаьцна вистхилла блогер Абдурахманов а.
"Массарна а хаьа Оьрсийчохь хуьлург. Къилбаседа Кавказехь бахархой нуьцкъаха дIа а лоьцуш тIаме хьийсабо. Иза хила тарло дозанехь лаьттачу кIентаршна а. Бакъонца боцучу тIамехь дакъа лаца ца лаьа оцу наханна", - аьлла Абдурахмановс.
Нохчийн бакъоларъяран "Вайфонд" ассоциацино Гуьржийчоьнца долчу дозанехь хуьлучух гуманитаран бохам аьлла, тIаккха Гуьржийчохь бехачу нохчашца царна кхача латтийна цара.
Оцу хеначохь социалан бакъонан Центро, Гуьржийчоьнан къоначу юристийн Ассоциацино, адамийн бакъонехула йолчу Центро, Кавказан цIийно, демократи талларан Институто (DRI) а диллина кехат яздина пачхьалкхан парламенте, Къилбаседа Кавказера къаьсттинчу категорешна дуьхьал дискриминаци лелорах лаьцна хаамаш таллар а доьхуш.
"Къаьсттина Къилбаседа Кавказан бахархой беххачу талларан барамех чекхбуьйлу, царна бен лерина йоцчу чоь чохь. Наггахь оцу гIуллакхна масех де деза. Къилбаседа кавказхойн хьокъехь къаьсттина долу, йа шога низамаш лелор дискриминаци санна хета", - цитата йо оцу кхайкхамна гуьржийн маттарчу Радио Свободано.
Гезгмашин-беттан 28-хь Тбилисехь "Тхо дискриминацина дуьхьал ду" боху пикет дIаяьхьира. Масех иттаннашкахь Паьнказан чIожера нохчий протесте бевллера, ницкъахойн репрессех а, мобилизацих а бевдда богIу шайн махкахой пачхьалкхе чубитар тIедожош Гуьржийчоьнан Iедалхошна.
Официалера Соьлжа-ГIала йист цахилар
Европерчу жигархоша гуьржийн дозанера "Дарьяли" постехь нохчашна дискриминаци йар емалдинехь, амма Нохчийчуьрчу Iедалхоша оцу хьолана цхьа а комментарий ца йира. Хетарехь, шина бахьанца доьзна ду иза. Цкъа делахь, юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча бахархой дIаихар – иза кIело ю аьлла республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. ШолгIа делахь, нохчийн Iедалхой тешна бу, Нохчийчуьра некъ схьабеллийта гуьржийн Iедалца барт бан аьтто хир бу шайн, аьлла.
Пачхьалкхехь Къилбаседа Кавказера диаспора кхолларх кхоьру гуьржийн Iедал
Кху шарахь нохчийн Iедало юх-юха юьйцура и тема. Зазадоккху-баттахь Оьрсийчоьнан кхерамазаллин Кхеташонан секретарьца Патрушев Николайца оцу некъан "стратегин маьIнех" лаьцна дийцира Кадыровс, иштта арахьарчу пачхьалкхашна юкъаметтиг лело цо аьтто лург хиларх а. Стигалкъекъа-баттахь нохчийн урхалло бохура, Оьрсийчуьра Гуьржийчу боьдучу некъо транспортана кIезга ахча дайъа аьтто лур бу, мангалан-баттахь бохура, Закавказерчу мехкашца юкъаметтиг лелор кхуьур ду. Амма Гуьржийчохь цкъа а ца дуьйцура, пачхьалкх Нохчийчоьнца юзуш некъ билларх лаьцна.
Проблема яц. Проблема ю
Гуьржийн стратегин а, дуьненаюкъара а талламийн Рондели фондан Iилманан белхахо, историк, Къилбаседа Кавказ таллархо Квахадзе Александр тешна ву, Гуьржийчоьнца доза хадоран проблема селхана кхоллаелла яц.
"Радикалан исламан векалш бу бохурш вуно чIогIа толлу, аьлла хеталора хьалха. ТIехьаьжча, бедаршца радикалхо ву аьлла мах хадо тарлора дозахоша, оцу бух тIехь чу ца вита а мегара. Амма Къилбаседа Кавказера Iилманан, йа юкъараллин вовшахтохараллин декъашхо чу а ца вуьтуш, радикалхо шек воцуш махка кхачарна масийттаза тIеIитталора тхо", - боху Квахадзес.
Экспертна хетарехь, шина факторца доьзна ду иза. Цкъа делахь, Москван дог ца этIо гIерта Гуьржийчоь, масала, Туркойчохь, йа ОАЭ-хь санна яккхийрачу гIаланашкахь Къилбаседа Кавказера бахархойх Оьрсийчоьнан дуьхьал хьежамаш болу диаспораш а кхуллуш. ШолгIа делахь, иза Гуьржийчуьра чоьхьарчу политикан процессаш ю, таханлера куьйгалла консервативан электоратна тIетовжу.
"Хетарехь, пачхьалкхехь Къилбаседа Кавказера диаспора а кхоьллина, цо Iедалерчу партин ("Грузинская мечта". – билг.) рейтингана тIе Iаткъам барна кхоьру гуьржийн Iедал. Иштта хилира масех шо хьалха, ГIажарийчоьнца долу визан дехкаш дIадаьхча, экономикан санкцех бевдда мухIажарш баьхкира Гуьржийчу. Цара хIусамаш оьцура, шайн бизнес-проекташ йоьллура, тIаккха юкъараллехь резабацар кхолладелира, протесташ хилира. Шайн сацамаш дIадаха дийзира Iедалан, тIаккха оцу пачхьалкхаца йолу визан раж чIагIйан а дийзира", - боху Квахадзе Александра.
Оьрсийн а, гуьржийн а дозанехь биссинчу нахаца зIенехь волчу оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос бахарехь, тIаьххьарчу деношкахь, цуьнан хаамашца, нохчий "Дарьяли" КПП-х чекхбовлуьйту.
"Кху муьрехь, и проблема жимма а аттачу яьлла ала мегар ду, нах чекхбовлуьйту", - аьлла блогеро Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
Нохчийн "Вайфонд" ассоциацехь иштта тIечIагIдира, карарчу хенахь нохчий а, Къилбаседа Кавказера берриг бахархой а чекхбовлийтарца йолу проблема листина. Жоп доцуш масех дийнахь дозанехь латтийначу наханна бакъо елла пачхьалкхе бахка.
"Иштта делахь а, кхоччуш жоп ца кхаьчна тхоьга, стенна дихкинера нохчашна Гуьржийчу бахкар. Оьрсийчоьно цхьа тептарш схьа ца даларна нисделла иза бохург теша мегар долуш дац, хIунда аьлча, шаьш дозанхоша чIагIдо, КПП "Верхний Ларс" постаца шайн юккъера база цахилар", - кхетийна "Вайфондехь".