Нохчашна гIело йийриг? Муха "эшна" Туркойчоьнца яхье ваьлла Кадыров

Кадыров а, Эрдоган Реджеп а

ТIаьххьара хан тIекхаччалц мотталора Нохчийчоьнан куьйгалхо доттагIаллехь ву Туркойчоьнца а, цигарчу хьаькамашца а: бегаш ма баций Кадыров Рамзанан воIа ЭрдогIан Реджепна езаш йолчу кино чохь васталг ловзор. Цу тIе, кест-кеста Нохчийчу лелара, хьеший бой Iедалхоша тIеоьцура туркойн гоьбевлла актераш – оцо а хоьтуьйтура Кадыровн туркошца тоьлла юкъаметтигаш ю аьлла. Ткъа иза дерриг а хилла ша тIехь йоьттина гIала. Таханлера Нохчичоьнан куьйгалхо мел гIертарх а ца оьцу Туркойчоьно тIе, ца лору иза шен къоман баьчча.

Ама цхьа ткъеха шо сов хьалха туркошна товш тема яра Нохчийчоь – дуьнено къобал йина а йоцчу Ичкерин президент Дудаев ЖовхIар вара царна турпалхо. Тахана вац вицвина. Иза дара Кадыров дIадаханчу шеран тIаьххьарчу кIиранашкахь, Эрдоганна кхерамаш тийссал дарвинарг. ОьгIазваха бахьана кхин ду аьлла хеталахь а…

ХIун ду бахьана: Дудаев вазвар я киллерш лецар?

Туркойчоь террористашна тIекарло ярна бехкеян йолийра Кадыровс дIадханачу шеран ГIуран-беттан 21-чохь. Цунна цатайнарг дара Дудаев вазвеш, Истамулна 90 километр юьстах лаьттачу Коджаели провинцерчу Корфёз гIалахь парк схьаеллар. Социалан машанашкахула шеца ЭрдогIанца "къамеле велира" Кадыров, бохура, юкъаметтигашца "къасталой вала", иза ца дахь, аш диннарг дийр душ а – хIоттор бу хIоллам Туркойчоьно валлалц набахтехь кхаба кхачийначу террористийн лоручу Курдистанан Къинхьегаман партин лидерна Оджалан Iабдуллина.

Юьйцу парк схьайиллира Нохчийн Республикан хьалхарчу президентан Дудаев ЖовхIаран сий деш 15 шо хьалха. 2021 шеран Зазадоккху-баттахь йолийна иза тоян, юхаденъян, ГIура-баттахь схьайиллира даздаршца хазйина, къагийна парк. Амма Туркойчоьнна иза цхьана гIалин жима барам бен а бацара.

Стенна аьлла Кадыровс Дудаевх "террорист", туркошна доккха хIума а доцург деста стенна дина? Я бахьана даьлла цунах ЭрдогIане бехкаш баха я бакъдолу бахьана кхин ду: Туркойчохь шерашкахь беха шен оппоненташ, нохчий, байъа хьовсийна нах лецарца?

2021 шеран ГIадужу-баттахь Туркойчоьнан Халкъан талламийн организацино а (MIT), Истамулан терроризмна духьалоечу урхалло а лецира арахьара чувеъна ялх стаг, уьш политикан, тIеман шпионаш хиларх йолчу шеконца. Къаьстира царех виъ нохчо хилар а, церан Iалашо Туркойчуьрчу нохчийн диаспорера нах байъар а хиллийла.

"Iабдулхьаким" шех олу, Шемахь тIемаш бина волу нохчо вен дагахь хилла лецнарш. ДIахьедира Iедало. Гарехь, вуьйцург Асадна дуьхьалльттачу батальонан буьйранча Ажиев Руслан ву. Daily Sabah газето бинчу хаамца, лецначех цхьаъ, Расаев Беслан, лелла Америкера журналист Хлебников Пол а, кхиболу юкъаралхой а байъарна дуьненаюкъарчу лехаме велла волчу, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатан, Кадыров Рамзанан маьхчин Делимханов Адаман тIедахкаршца киллеран болх дIакхоьхьучу Дукузов Казбека ваийтина. Истамулехь вехачу оппозицин блогера, Нохчийчуьрчу Iедалан критика Халитов Хьасана а чIагIдо, лаьцна латтош волчу Расаев Беслана цхьана наханна ахча луш хилла ша волу меттиг хаийтича, лелла ша вен дагахь.

Халхара лецарш дина масех кIира даьлча, Лахьан-беттан 2-чохь кхин ши стаг а лецира, царех цхьаъ вара Абдулаев Сайд-Мохьмад. Расаевца цхьаьна иза Туркойчохь Кадыровна резабоцурш лохуш, царех информаци вовшахтухуш лелла, бохура къайлахчу сервисаша.

Туркойчохь бехачу оппозицин ойланаш йолчу нохчашкахь шеко а яц рогIехь шайн могIарш хIаллакбан киллерш хьийсориг Соьлжа-ГIала хиларх. Туркойчохь дуккхаза а нисделла Кадыровн оппоненташ байъар, царалахь вара 2008 шарахь вийна Эдильсултанов Хьаьжи а, Джанибеков Ислам, Iела (Муса) Асаев –2009 шо, Мусаев Берг-Хьаьжа, Альтемиров Рустам, Амриев Зоврбек –2011 шо, Унлю Медет – 2013 шо, Эдельгириев IабдулвахIид –2015 шо, Исрапилов Руслан – 2016 шо.

Your browser doesn’t support HTML5

Дудаевна хIоллам хIотторна кхерамаш тесна Кадыровс Туркойчоьнан президентана

Ша Кадыров Туркойчу вахара кеманца Дукузовн а, Делимхановн а "агенташ" лецначу деношкахь. Официалехь аьлларг дара, иза Анталья садаIа вахна, амма тIаьхьо къоман политикан министра Дудаев Ахьмада яржийначу видео чохь цо бохура, ша масех туркойн гIалахь хилла, ца карийна шена цигахь цхьа а Нохчийчуьра "шайтIа", уьш "дIасадевдда". Ткъа нохчийчуьрчу диаспорерчу хьостанаша чIагIдарехь, шен гергарчу стага, Пачхьалкхан Думин депутата Делимхановс хьийсийна киллерш мукъабаха кхаьчна хилла Кадыров Туркойчу, аьтто ца баьлла туркошца барт карон.

Нохчийн бакъволу лидер

Къилбаседа Кавказца дукха заманаш хьалха дуьйна ю туркойн зIенаш. Кхузахь еха XIX бIешеран Кавказан тIом боьдуш хьижрат дина а, Оьрсийчоьно шайн махкара бохийна а болчу чергазийн тIьахьенаш а, Нохчийчуьрчу шина тIамо махкахбовла декхаребина нохчий а. ТIаьххьарчаралахь, дукха бу маьршачу Ичкеригахьа болу нах, кхеташ ду уьш Кадыровн режимна духьал хилар. 2013 шарахь Сочехь дуьненаюкъара Олимпиада кечъеш Кремло "зачисткаш" еш Къилбаседа Кавказера бевдда бусалбанаш-салафийа а бу царалахь, уьш а хIуьтту дукха хьолехь ичкерихошца цхьаьна Кадыровн поликанна дуьхьал.

Оьрсийчоьно ца лелайо курдийн проблемица йоьзна политика, Хонкара а ца лелайо жигара политика Къилбаседа Кавказехь

Нохчийн мухIажарш шь тIеэцахь а, Туркойчоьнан Iедал ларло ша официалехь цаьргахьа дуйла гайтарх.

Гарехь, цхьа шатайпа джентльменийн барт бу лелаш Москваний, хонкарний юкъахь – шина а агIоно иштачу къайленийн ларам бийр болуш, дозанаш хедор доцуш, аьлла хета.

"Конфликтийн анализан а, уьш юхаяхаран а центран" директорна Сокирянская Екатеринина.

Сокирянская Екатерина

"Нагахь санна Оьрсийчоьнна а, Туркойчоьнна а юкъаметтигашкахь ЭрдогIанна а, Путинна а прагматизм юьсийла лаахь, цара латтор ду цхьацца хIуманаш дийна – дехьара а, сехьара а чоьхьара сепаратизм шаьшшинна гуш йоцу кеп хIиттор. Оьрсийчоьно ца лелайо курдийн проблемица йоьзна политика, Хонкара а ца лелайо жигара политика Къилбаседа Кавказехь, цигарчу Нохчийчохь", – боху Сокиряскаяс.

Ала деза, иштта яра Нохчийчохь хьалхара а, шолгIа а тIемаш лаьтташ Туркойчоьно фоициалехь латтийна юкъаметтигаш – нейтралитет. Ткъа Дудаевс догдехира Туркойчоьно нохчийн агIолацарх.

Дудаев ЖовхIар шозза хилира Туркойн Республикехь – 1993 шеран Дечкен-баттахь ша кема а лелош вахара цига, амма офциалехь цуьнца къамел ца дира цхьана а куьйгалхочо. Премьер-министр Демирель Сулиман реа ца хилира иза тIеэца.

Дегабаам бинчу Дудаевс сацамбира шен кеманца дуьнено къобалйина йоцчу, амма Туркойчоьно лоруш йолчу Къилбаседа Кипре кхача. Хонкарарчу диспетчерша некъ ца боьллура цунна. Вахара иза ша Iаашо лаьцначе Туркойчоьнан президента Озал Тургута некъ белла магийтинчул тIаьхьа. Къилбаседа Кипран куьйгалхочо Денкташ Рауфа официалехь цхьаьанкхийтира Ичкерин президентца Дудаевца. Къобалъянза юьсучу шина Республикан куьйгалхоша барт бира вовшийн пачхьалкхаш къобалъян. Амма тIечIагIбанза бисира и барт.

Тургут Озал веллачу тезета вахара Дудаев кхо бутт баьлча, 1993 шеран Охан-баттахь. "Къоман гIуллакхийн партин" куьйгалхочуьнца Тюркеш Алпарсланца цхьанакхетар хилира цуьнан. Оцу ханна къоман а, бусулба дахаран а мехаллашкахьа болчу туркошна турпал вара Дудаев, олура цунах "ШолгIа имам Шемал".

Дудаев кхелхина масех бутт баьлча схьаьйиллира Истамулехь цуьнан цIарах дуьххьара парк. Йиллинарг вара гIалин мэр, тахалераТуркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп. Лаххара а ши маьждиг ду Туркойчохь Дудаевн цIе лелош – Конья гIалахь ЭрдогIанан Нийсонан а, кхаман а партин лаамца яьккхира и гIулч.

Еккъа цхьана Истамулехь ю Дудаевн цIе йолу пхи меттиг: паркаш, урамаш, Хонкарахь ю майда, Измирехь, Аданехь, Бурсехь – урамаш, Адапазары, Сакарье, Сивас гIаланашкахь а ю цуьнан паркаш.

Туркошна бакъволу лидер ву хьалха а санна Дудаев ЖовхIар.

Эртугруле бахана безам

Туркойчоьнца йолчу юкъаметтигашкахь Кадыровс а ю шенначул лакхавйлина ирхенаш а, чуэгна Iаннаш а. 2012 шарахь цо, масала, дIахьедира, Нохчийчоьнна кхо исламан хазна делла Туркойчьоно, аьлла– Пайхамара лелийна хIуманаш. Амма тIаьхьо гучуделира и мехаллаш юхалург шега елла стаг вуйла Кадыровна хьалха комаьрша хьаьвзинарг.

Официалехь Кадыровн къамелаш лорах ца охьар – иза ю Хонкаран амал

Туркойчу юхаяьхира мехаллаш кIира даьлча. Ткъа 2015 шарахь туркоша Оьрсийчоьнан тIеман кема чудожийча, Кадыровс иза тешнабехк бу, ша даима а дийр бу Путинан омранаш кхочуш, уьш мел аттачех цахиларш, дIахьедира. Юха дукха хан ялале "дика яьккхина гIулч" ю элира юкъаметтигаш тоеш ЭрдогIана Путине яздинчу кехатна. Аьлча а, Кадыровн туркошца долу гергарло дозу официалехь Кремлна хетачух а, луучух а.

Официалехь Кадыровн къамелаш лорах ца охьар – иза ю Хонкаран амал. Масала, 2016 шарахь Кадыровс шозза дIахьедира, Туркойчоьно шега дIабала беза шега цигахь тховкIело йолуш беха нохчий, аьлла. Иттех сов цIе яьккхира ша террористаш бу бохучу нехан, уьш цIехьа хьовсор доьхуш. Оццу шеран Лахьан-баттахь ЭрдогIан Реджепе дехар хьажийра Туркойчохь лаьцна латтош волу нохчийн кхо тIемало дIавоьхуш. Хонкара тидамза дитира дехарш.

Дуккхаза а хилла Кадыров Туркойчохь, амма цкъа а тIе ца эцна иза официалехь пачхьалкхан куьйгалхочо. Дац тIеэцна аьлла дажийна я официалехь я ишта доцуш а цхьа а тоьшалла.

2017 шарахь Нохийчоьнан экономикан министраллица бертан документаш хIитто еара Туркойчуьра делгаци, коьртехь ЭрдогIанан хьехамча Тюркменоглу Айше а йолуш. Нохчтйчоьнан экономикан митнистралло баржийначу хаамца, шинаденна баьхкина хьеший цхьаьнакхийтира махкарчу бизнесхошца, министраллин векалшца, иштта Кадров Рамзанца. Муха дара жамI, хIун бртан кехаташ хIиттийра – иза хууш дац.

Бакъду, дика хьошаллаш ду кхуьуш Кадыровн туркойн кинон актерашца, цуьнан кIант Адам а хилла гоьяьллачу туркойн "Денвелла Эртугрул" фильман сюжетехь. Делахьа оцу хьошалло села ца баьккхина туркойн Iедалан Кадыровга болу хьажам.

Шен тIемаша йохийна Нохчийчоь меттахIоттийначу, берриг а мохк куьйга кIел латточу куьйгалхочун имидж махкал арахьа а яржо гIерта Кадыров. Ткъа махкахь КадыровгIар базбеш белахь а, дерриг а церан арахь делахь а, пачхьалкхао арахьара лела цIе ишта яц.

Нохчийчоь хьалхара тIом боьдуш, Туркойчоьно официалехь нейтралитет лаьцнехь а, карор вацара нохчашкахьа воцу турко, цаьрца бен тIом бара хIора Туркойчоьнан вахархочун лерехь. ХIинца кхин бу туркойн Нохчийчоьне болу хьажам.

" TGRT канало хIора Iуьйранна латайора Ичкерин гимн. Туркойчохь вина волу сан да леррина ладогIа охьахуура цуьнга, ша нохчашкахьа хилар а гойтуш. Кассети тIе а тIехь язйинера гимн, лима а ладогIархьама. Дудаев нохчийн къам мукъадаккхархо лорура, тIом а лорура маршонехьа беш. ХIинцалера Нохчийчоьнан куьйгалхо, кIеда аьлча, ца веза тхуна. Цунах туркойн прессехь кест-кеста олу " Кремлан тайниг", - дуьйцу кавказхочо, 1865 шарахь хьижрат динчу адыган тIаьхьенах волчу Озгюр Мехмета.

Шайн кхерамзалла ларъеш?

Москваний, Хонкарний юкъахь гIарабаккханза болу барт хила тарлуш делахь а, лелаш го шина агIоно дехьарчу а, сехьарчу а чоьхьарчу сепаратисташна тIекарлонаш цаяр. Амма гуш ду Туркойчоьнан Нохчичуьра бевдда нах Оьрсийчоьне юхахьежаш цахилар – я тIемалой а, я оппозиционераш а.

Your browser doesn’t support HTML5

Туркойчохь лецна кадыровхой

"Оьшучунна шен махкахь къайлавала таро ло Туркойчоьно. Нохчийчоьнан Дуьхьалонан бIаьхой а беха Туркойн махкахь. Доьхнарг ду иштта маьрша кхезахь Оьрсийчуьра агенташ а, кадыровхой а лела битар. Кхераме доллушехь, Европера а хьийсабо нохчий Оьрсийчу юха", – элира Кавказ.Реалиина интервью еллачу, шен цIе цайовзийтар дехначу Security Turkey телеграм-каналан модератора.

Тхуна бевзара и бахкийтина болу киллерш, хаьара царна хIун лаьа, хIун дан уьш гIерта

Телеграм-канал Security Turkey дIаяхначу аьхка кхоьллира нохчийн мухIажарша. Туркойчу Соьлжа-ГIалара кхочучу ницкъхойх информаци яржайо цо, уьш хьанна тIаьхьа баьхкина, мила велхо бюохку толлуш. Туркойчоьнан къайлахчу сервисаша шайн тергонехь а кхобу и канал.

Оцу канало хаийтира Истамулехь вехачу оппозицин блогерна Халитов Хьасанна кIело кечйина хилар. ТIаьхьо, туркойн къайлахчу сервисашна тIе а тевжаш, прессо бакъйира телеграм-каналан информаци.

"100 процент гаранти кхерамзаллина ялалур яц цхьана пачхьалхе. Тхо тхаьш гIерта ларлуш хила, дIасахьожуш лела, информаци гулйо, дIасакхуссу. Ас баркалла олу и телеграм-канал лелочарна, сайх лаьцна дерг цо довзийтарна. Туркойн къайлахчу сервисашца цуьнан мел юкъарлонаш ду суна ца хаьа, амма цо юина хаам бакъ-м хилира. Тхуна бевзара и бахкийтина болу киллерш, хаьара царна хIун лаьа, хIун дан уьш гIерта. Оцу хьокъехь информаци тхоьга тхайн хьостанашкухала кхечира", - дуьйцу Халитов Хьасана.

Кадыровхоша шайггара йохий-те и гIулчаш?

Туркойчоьнан прессо шайн махкахь хиллачу лецарех "шпионским скандал" цIе тиллира кадыровхой лецарх, пачхьакхан ницкъаша Кадыровн а, Делимхановн а, кхечийн а цIераш ехира оццу хьокъехь. Ткъа Оьрсийчоьнан президентан пресс-веала хиллачух лаьцна цхьа а информация яц, Кадыров Анталье лецна нах бахьанехь вахна ала шен дац, аьлла дIахьедира.

"Дуй цигахь гуш Кремлан куьг, сайга хаьттича, суна ца хета ишта, Туркойчу Кадыров ваар цуьнан шен лаамца нисделла. Суна хетарехь, Кремло ца вахийтина иза цига, я цуьнан къайлахчу ницкъаша – шггара вахна, гарехь, регионалан истори ю и ерриг а", – элира "Настоящего времени" телеканалехь "Кавказский узел" интернет-газетан редактора Шведов Георгийс (редакцин билгалдаккхар 0 арахьарчу агентийн статусе даьккхина и газета, амма цуьнан векалш реза бац оцу статусна).

Кадыровна ца тов шена дуьхьал болу нохчий Туркойчохь маьрша бехаш. Амма иза кхета бусалба умматна хьалха исламан дуьненан вераслашкахь верг ша воцийла, ЭрдогIан вуйла. Цуьнца дузу Кадыровн оьгIазъэхар Туркойчуьрчу хьолах лаьцна материалаш язъеш хуьлучу журналиста Пашаев Османа.

Туркойчоьно нохчийн лидер лору Дудаев ЖовхIар, ткъа Кадыровх лоций олу "нохчашна гIело йийриг"

"Цкъацца Iоттар еш, цкъацкъа баккъал а олу туркойн лидерах бусалба умматан Халиф. Кадыров шена ма-тов къийсалур ву "нийса доцчу исламца", амма хилалур вац цунах бусалбанийн верас, туркойн хьалханча санна. Халифна гергарло тасар – иза уггаре коьрта Iалашо ю Кадыровна, тIаккха легитиме лара а тарло цуьнгара дарж. Бац цуьнан оцу тIехь кхиамаш, Туркойчоьно юкъ-кара Нохчийчу мел делегацеш хьийсаярх а", - боху Пашаевс.

Туркойчуьра нохчий хIаллакбарна бехкевеш волу Кадыров парггIат лела бусалба мехкашкахула, Iаьрбийн пачхьалкхашкаула, амма Туркойн Республике лелар бухарчу нохчаша проблеме дерзийна цунна. Иза туркой иччархой сема хьийзарал а совнаха, ду цигара диаспора цунна аттачех яцар.

Кадыровс шен агIор бехкебо оппозицин блогераш "пачхьалкхера арабевлча хьийзабо Нохчийчуьрчу ницкъхойн доьзалш", бохуш. Цуьнан куьйга кIелхьарчу хьакамаша шайн социалан машанашка а ехкина цо ша "хьаштдоцург дуьйцучарна" бекхам бийр бу бохуш кхерамаш туьйсу видео. Оцу къамелца дозу, шеко а йоцуш, цул тIаьхьа махкахь оппозицин логерийн герагра нах лечкъор.

"Уьш террористаш бу. Терроризмехьа бол шайн доьзахой ца сецалурш жоьпаллехь бу. Цхьаммо а дIа ца яьккхина вайна юкъара чIир", - дIахьедира Кадыровс ша шарахь цкъа лучу пресс-конференцехь.

Оппозицин 1ADAT боламо бечу хаамца, 2021 шеран ГIуран-баттахь 74 стаг лачкъийна Нохчийчохь.

Цундела тамашена а дац велла 25 шо даьлча а, Оьрсичохь цунах террорист алахь а, Туркойчоьно нохчийн лидер лору Дудаев ЖовхIар, ткъа Кадыровх лоций олу "нохчашна гIело йийриг".