Нохчех лаьцна видео дIаязйинчу туристо шена къинтIера баьхна – хетарехь, Iаткъамбинера цунна

Соьлжа-ГIала, Нохчийчоь

Мехкан бахархой сийсазбеш ша яьккхинчу видеона тIехула Нохчийчохь хиллачу блогеро шена къинтIерабаьхна. Хетарехь, бертаза дайтинчух тера ду цуьнга къамел, цуьнан хье тIехь таммагIа ду, цуьнан озаца а хаало иза воьхна хилар.

"Сайн ютуб-канале масех видео хIоттийнера ас, нохчийн къомах лаьцна оьзда доцу къамел деш. Ас гечдар доьху доллу нохчийн къоме, иштта оцу роликашка хьоьвсинчу сайн хьовсархошка а", - боху цо, юьххьехь ша мила ву а дуьйцуш. Редакцино билгал ца йоккху цуьнан цIе этикан хьесапехь.

Соьлжа-ГIалин юккъехь яьккхинчу хьалхарчу видео тIехь, "тIом бан а, даьхний лело а" бен хууш боцу "жаIуй" олу нохчех туристо. Меттигерчу масех инстаграмерчу яккхийчу аккаунташкахь маса реакци йира оцу дешнийн.

  • Дагестанехь некъа тIехь хиллачу конфликтан декъашхочо гечдар доьхуш дIаязйина видео шен телеграме хIоттийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Видеокхайкхамехь цуьнан цIе йоккхуш яц. Хьаькамо бахарехь, 95-чу регионера (Нохчийчоь) машен Дагестанехь сацийначу тобанхойх цхьаъ ву иза.
  • Нохчийчуьрчу бахархоша "сийсазе гечдар доьхуш" гойтучу видеошна тидам бира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Комиссино шен дуьненаюкъарчу динан маршонех лаьцна 2021-чу шарахь арахецначу рапортехь. Талламан авторша хьийхира Вашингтонна, хьалхо ЧГТРК "Грозный" телехьожийлан директор хиллачу Нохчийчоьнан зорбан министрна Дудаев Ахьмадна дуьхьал санкцеш яха аьлла.