Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнашна Сталина депортаци йина рогIера шо кхачарна лерина ши митинг дIайаьхьира Парижехь.
Цхьана митингехь дакъалаьцна нохчийн диаспоран векалша, вайнахана репрессеш йар цхьаьнатуьйхира Оьрсийчоьно Украинан йинчу агрессина дуьхьал хиларца а юзуш, цунах дIакхийтира украинхойн жигархой а, хаамбо "Белсант" телеканало.
"Украинана дуьхьал Оьрсийчоьнан агрессии а, нохчашна а, гIалгIашна а 1944-чу шарахь йина геноцид а нисдира советан эскаран денна йа Турслочун денна - чиллан-беттан 23-чохь. Оьрсийчоьнан политикийн цхьа дастам ламаст ду шаьш зуламаш лелийна денош цхьана къоман дезачу денца нисдеш", - дIахьедира Францихь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.
ШолгIа митинг вовшахтоьхнера францхойн 1999-чу шарера схьа дуьйна хуьлуш долчух кхетош, нохчийн мухIажарийн агIо лоцуш болх бечу бакъоларйаран Comité Tchétchénie ассоциацино.
Иштта чиллан-беттан 23-чу дийнахь Сталинан депортацина лерина нохчийн диаспоран акци хилира Венерчу ООН-н офисна хьалха. Иза вовшахтоьхнера къобалйазчу Нохчийн Ичкерия республикан Австрерчу векалто.
Цул совнах тезетан барамаш ГIалгIайчохь а хIиттийра Наьсаран иэсан Мемориална хьалха а.
- 1944-чу шеран чиллан-беттан 23-чохь чоьхьарчу гIуллакхийн халкъан комиссаро Берия Лаврентийс Сталин Иосифа куьйгалла а деш, омра арахийцира Къилбаседа Кавказера нохчашна а, гIалгIашна а Казахстане депортаци йеш, ткъа ши де даьлча йолийра "Чечевица" операци. Шайн хIусамаш дIатийса декхаре хилира ахмиллион гергга вахархо. Чиллан-беттан 23-чохь билгалдоккхуш ду и де, оцу дийнахь белларш дага а лоьцуш.
- Советан заманахь депортаци йира миллионаш наханна, амма шайн къоман билгалонца буьззинчу барамехь махках даьккхира 11 къам: немцой, полякаш, финнаш- ингерманландцаш, кхарачой, нохчий, гIалгIай, балкхарой, ГIирман гIезалой, туркой-месхетхой, гIалмакххой, корейцаш.
- 2004-чу шарахь Европарламенто резолюци тIеийцира, нохчашна йина депораци геноцидан акт дара аьлла.