Украинана Оьрсийчоь тIелетар ю аьлла, Дудаев ДжовхIаран дешнаш шайхаллин дешнаш хиллера. "Оьрсийчоьнца дуьхь-дуьхьал нислур ю Украина", - аьллера 1995-чу шарахь къобал ца йинчу Нохчийн республикан Ичкерин хиллачу хьалхарчу президенто. Дудаевн цIарах урамаш ду Украинехь, цуьнан дахарх лаьцна "Миллион хьалхарниг" а, "Маршонан къонах" а книгаш арахийцира.
Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь оьрсийн ницкъахоша вийначу президентах йисначу Дудаева Аллас довзийтира Нохчийчуьрчу а, Украинерчу а тIемийн цхьанадарех, дийцира, хIунда бу кадыровцаш – Оьрсийчоьнан эскаршкахьа.
– Алла, 1995-чу шарахь Дудаев ДжовхIара аьллера, Украинаца тIом болор бу Оьрсийчоьно. ЧугIортар хьуна дагахьдоцург дарий?
– ХIан-хIа, дацара. 2014-чу шарахь дуьйна Украинано шен тоьлла кIентий дIабухкуш бу, гора а хIуттий, новкъабоху тIаьххьара. Чов йина, лазийча санна яра Украина, цунна чуьра цIий дIаоьхуш санна, хIоразза а шен дика кIант вайча.
ТIом дукха лаьттар бац, хIунда аьлча, доллу дуьне ду оцу халкъана гIо деш. Цхьа бакъду, кхин хир яц пачхьалкхан дегIа тIехь чевнаш. Суна хетарехь, мостагIашца йист яккхар гIоле ду, тIехула тIе мостагI ша веана церан лаьтта тIе.
ТIеман чакхено вайн дуьне хуьйцур ду аьлла, хета суна. Дера Оьрсийчоь тоьлар яц, цхьана а ийна, доьналла гойтучу Украинан халкъо боккхур бу толам. Оьрсийчоьно оккупаци йинчу мехкашкахь а хийцамаш хир бу – и яьлла хIума цкъа мацца а эккха езаш яра.
– Украине гIортарх дерг аьлча, дуккхаъчу политологаша нохчийн тIемашца цхьаьнадар билгалдоккху. Стенца го хьуна цхьаьнадар?
– Суна дагадогIу 1994-гIа шо. Юьхьанца Ельцина, олуш ма-хиллара, "конституцин къепе" меттаялош вара, ма-дарра дийцича, и къепе яра – хIаллакйина гIаланаш, Украинехь а санна. Гуьмса а, Соьлжа-ГIала а, ярташ ягийнера, и херцарш, суна хетарехь, космосера суьрташ тIехь а гуш яра уьш.
Цул тIаьхьа шолгIа, Москвахь а, Волгодонскехь а цIенош лоьлхуьйтуш, Путинан реваншан тIом бара, оьрсийн нохчашка цабезам гIаттийна, уьш тIом бан бахийта.
Тоьшаллин кехат: Оьрсийчоьнан кхелан органийн таIзаршца а, официалан версица а догIуш, цIенош лелхийтинера НВФ-н куьйгалхоша Эмир аль-Хаттаба а, Абу-Iумара а. Оцу юкъанна Оьрсийчоьнан а, дуьненан а юкъараллехь йийца яьккхира, теракташ дарна бехке бу Оьрсийчоьнан леррина сервисаш, уггар хьалха, ФСБ аьлла верси.
Оцу хеначохь болх беш яра, Ичкерин а, цунна гонахарчу гIаланашкахь: Пятигорскехь, Минводехь, Кисловодскехь 50 гергга фильрацин каппаш… Цигахь нахана тIехь гIело латтайора, хьийзабора, бойура. Кегийнах, зудабераш дара цигахь, цхьа нохчий хилла а ца Iара, Ичкерехь дехаш хиллачу кхиндолчу къаьмнийн векалш а хуьлура. Мах а белла, и стаг схьа ца ваккхахь, цуьнан дакъа карадора вежараллин кешнашкахь.
Уггар а халахетарг дара, доллу дуьненна хетарг: хIаъ, хIаллакдеш ду жима къам, иза вайн бала болуш хIума дац, иза Оьрсийчоьнан гIуллакх ду
Оцу юкъанна Европерчу политикаша дIахьедора, Оьрсийчоьнан гIуллакхна юкъа ца гIертарх. Уггар а халахетарг дара, доллу дуьненна хетарг: хIаъ, хIаллакдеш ду жима къам, иза вайн бала болуш хIума дац, иза Оьрсийчоьнан гIуллакх ду. Цундела хIетахь ДжовхIара дIахьедора: "Европан политикаша чуьра гIуллакх ду боху Ичкерихь боьду тIом. Цара ойла ца йо, цкъа мацца а Европа а хир ю чоьхьара гIуллакх. Ичкери хIинца дIалаьцна ю Путина хIоттийначу тайнигийн рожо. Адам охьатаIийна, ма-дарра аьлча, набахтехь латтош ду.
Украина, суна хета, тоьлар ю, хIунда аьлча, цкъа делахь, уьш шовзткъа миллион ву, нохчийн миллион ца кхоччуш вара, шолгIа аьлча, тIеман гIирсаца доллу дуьнено гIо деш ду царна, нохчаша тIом бора, мостагIчуьнгара даьккхинчу герзаца.
– Ахь охьаягарйина эрчо лайначул тIаьхьа, муха нисделла, тахана Оьрсийчоьнан агIор Украинана дуьхьал тIом беш нохчий хилар?
– Тоьлла нохчий байъина тIамехь, дийна бисинчех, цхьа дакъа Малхбузе дехьабевлла. Ичкерин виъ президент вийра, дуккха а командираш а. Путина чIагIо ма-ярра, вайн могIаршкахь йисира юпканаш, къаной, бераш. ТIаьхьа и бераш кхиира, Путинан проспект хестош, Кадыровс ечу гIишлошка а хьуьйсуш.
Кадыровца берш, уьш шайн лаамехь лела нах бац. Цхьаберш тIаме боьлху, шайн доьзалаш кхаба, ткъа кегийрхой, дукха хьолахь, бертаза хьийсош бу, йа набахтеца, йа гергарчаьрца кхерамаш а туьйсуш. Ас буьйцурш бац, Кадыровна уллохь болу цхьа эзар ах эзар цуьнца цIийца боьзнарш, шен зуламашкахь цо дакъалоьцуьйтурш, нохчийн къам хIаллакдеш, сийсаздеш. Уьш билггал хIуъа а дийр долу кадыровхой бу, ткъа бисинарш – хьалха а туьйсуш, хIаллакбен бIахой бу.
Тоьшаллин кехат: Украинан дозана тIехь тIемаш беш хаабелла Кадыровн гонера, даккхийчу политикан зуламашна бехкебина нах. Доккхачу декъанна, оппозицин политик Немцов Борис вер вовшахтохарна бехкевен Геремеев Руслан а, иштта, нохчийн блогер Алиев Iимран (Мансур Старый) верна бехкехета Мамадиев Iусман а.
– "Миллион хьалхарниг" хьайн книга арахецначул тIаьхьа еллачу интервьюхь ахь элир-кх, иза къаьсттина пайден хир ю, Украинан малхбалерчу тIамехь болчарна, хIунда аьлча, оцу тIехь юьйцуш ю нохчийн тIамехь Дудаевс лелийна кепаш. ХIун ала гIертара хьо?
– Ас юьйцурш партизанийн тIеман кепаш яра. Жимачу тобанашца хьуьнхахь ловчкъий Iара нохчий, тIелетара къаьстинчу гIагI диллинчу машенашна, некъаш дохадора. Дудаев ДжовхIаран эскарша 1996-чу шеран Зазадокху-баттахь кхаа денна схьаяьккхира Соьлжа-ГIала. Журналисташа хаьттира ДжовхIаре, кхаа денна бен хIунда ца яьккхина. Цо жоп делира: "ГIаланаш муха схьаяха еза гойтуш вара со".
Оьрсийочьнан эскаро авиацех пайдаоьцу, ткъа салташа тIаьхьа меттигаш цIанйо. МостагIчунна дуьхьал боьлхура ДжовхIаран бIахой хьалххе кечйинчу планаца: некъаш дехкинера, хIора отряде муха кхочур ву, базаш схьа муха йохур ю, салташна го барх, амма байъа а ца бойъуш. ТIаккха эскархоша маьхьарий деттара: хIаллак ма дахьара тхо, дийна ду тхо. Оьрсийчоьнан армин дийзира юхаяла. Оццу планаца, 1996-чу шеран Товбеца-беттан 6-чохь, ДжовхIар вийначул тIаьхьа, гобинчу Оьрсийчоьнан эскарша къинхетамбар дийхира, тIаккха машаран дийцаршка хаа декхарийла хилира Ельцин.
– Оьрсийчоь Донбассе гIоьртинчул тIаьхьа ахь диллина кехат яздира, украинхойн къомана гIодар доьхуш. ХIинца биний ахь кхайкхам?
– Чиллан-беттан 25-чохь, тIом болийна шолгIачу дийнахь кхайкхам бира ас украинхошка. Цу тIехь, фильтрацин лагере а кхаьчна, тIаккха машар дIахIоьттича, маьрша ваьккхинчу 16 шо долчу нохчочух лаьцна цхьа дийцар а дийцира ас. Цуьнан 19 шо долчу заманчохь шолгIа тIом нисбеллера. ТIамтIе вахара иза, ши шо даьлча командир а хилира цунах. Шен 24 шо долуш кхелхира иза. Цуьнан дас зорбане яьхнера цуьнан байташ, тIаьххьарчу агIона тIехь сурт дара: каш, цунна улло хиъна, йоьлхуш йоI. Ас дIайоьшу цуьнан йоца байт:
Я умру на рассвете, в предназначенный час,
И меня на планете не будет средь вас...
Окруженье все туже, ты, душа, не страшись:
Смерть живая не ужас, ужас – мертвая жизнь!
Делла дахар – вайн дуьненахь хийцалуш хIуммаъ цахилар - хьуна гуш хилар. Украинхой бойъуш, нохчий бойъуш, дийнна къаьмнашна тIехь харцо лелош. Хьан дан хIуммаъ цахилар – и ду делла дахар. Ткъа дийна Iожалла- турпалхо санна, хьо леш велахь, хьан са ялсамане доьду. Бусулбанаша гIазотехь кхалхар, шахIид хилар олу цунах.
– Хьо теший, Украина баккъал а маьрша пачхьалкх хирг хиларх?
– Украинан къам тоьлар ду, суна лаьа дашо малх царна кхетийла, ялтийн аренаш хуьлийла, церан байракх тIехь ма-хиллара, украинхой баккхийбина ца Iаш, гонахара доллу халкъийн а самукъадоккху, доккха хазахетар царна хуьлийла а. ХIунда аьлча, и пачхьалкх хьаьхна ю Оьрсийчоьнан зуламан а, ницкъбаран а импери эшон.
***
Охан- беттан 19-гIа – тIом болабелла 55-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскаро долийна тIелатар Укрианан малхбузехь. Украинан президентан офисан куьйгалхочо Ермак Андрейс хаамбина, "тIеман шолгIа фаза йолаелла" аьлла. "РогIера спецоперацин фаза" йолаяларх дIакхайкхийра Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс а. Украино шайн контролехь латточу Луганскан а, Донецкан а кIошташкарчу нах бехачу меттигашкахь къиза тохарш ду дIахьош. Гоне берзийна украинхойн тIемалой дуьхьал хилира Мариуполь дIаяла.