Нохчийчохь дIахьедина ницкъахошна тIелатарх. Цхьа полисхо лазийна, тIелетта кхоъ вийна

Нохчийчуьра ницкъахой. Гайтаман сурт

Нохчийчуьра Шира Ашхо (Старый Ачхой) эвлахь муьлш бу цахуучу кхаа стага герз детта долийнера, лазийна цхьа полисхо, дIахьедина махкарчу Талламан комитетехь. Царна дуьхьал герзаш диттина вийна кхуьй а.

Официалан версица, оцу хиламан меттигехь ницкъахошна карийна боху герз а, патармаш а, бехкзуламан гIуллакх долийна ницкъахочун дахарна тIекховдар аьллачу Iедалан къепехула.

Де хьалха "шеконашца волчу масех стеган" терго хилира Сулейманов фамили йолчу оцу эвлах жоп лучу полисхочун, йаздо "ВЧК-ОГПУ" телеграм-канало шайн хьастана тIетевжина. Цо кхин а ницкъ тIекхайкхина, ахсахьт даьллачул тIаьхьа хьуьнхахула чекхбевлира уьш толлуш, цигахь тIенисбеллера боху герзашца болчу нахана. Полицин лакхарчу сержантана Мадаевна чевнаш йина.

Бутт карабеачхьана хIара шолгIа хаам бу нохчийн ницкъахошна тIелатар дарх. Чиллан-беттан 4-чохь суьйранна вийна полицин подполковник Атмурзаев Альберт, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн органийн а, дакъойн а оперативан тобанан хьаькам вара иза. Цунах лаьцна хаамбина "Сапа Кавказ", Baza телеграм-каналаша. Официалехь информаци тIечIагIйина йац.

Хаамбора "Арена Ахмат" стадион йолчу меттигехь машенахь воьдуш хилла Атмурзаев, ОМОН-Ахматан белхахоша саца аьлла, тIедожийча, ца соцуш тIехъиккхина иза. ТIаккха герз тоьхна машенна тIе полисхоша, бохура.

  • 2022-чу шеран лахьан-баттахь Соьлжа-ГIалана йуккъехь тIелетар дира полицина. Зулам динера 19 шо долчу меттигерчу вахархочо, урс даьккхина. ГИБДД-н белхахо вийра цо, цуьнгара герз даьккхина, и детта волавеллера иза, дуьхьал тоьхна вийра.
  • Украинехь шуьйра тIом болабеллачул тIаьхьа дуьйцура Кадыровн дакъошкара эскархошна а, кхечу Оьрсийчоьнан эскаран дакъошна а йукъахь девнаш латтарх. Масала, дечкен-баттахь дийца даьккхира оккупаци йинчу Мелитополехь хиллачу конфликтах.