Динан бакъонаш а, маршонаш а талхорца доьзна къаьсттина сингаттам латточу мехкийн тептаре яккха Оьрсийчоь аьлла, хьехна Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дуьненан динан маршонехула йолчу Федералан Комиссино (USCIRF).
Кечдину документа тIехь хьахийначу къепе йохорехь билгалдаьккхина: "Кадыров Рамзанан къизачу режимо яржош ю, лесбиянкашна а, гейшна а, бисексуалашна а, трансгендеран нахана а, иштта зударшна а тIехь ницкъбен исламан шога верси, пайдаоьцу терроризмна а, экстремизмна а дохкучу шеконечу бехкашца политикан оппозицина а, дин лелорехь бIостане хьажам болчарна а тIаьхьабовлархьама".
Цул совнах, комиссино билгалдоккху Иеговн Тешашна тIаьхьабовлар а, кхинйолу цхьа могIа къепе талхор а.
Оьрсийчоь йоцург а, USCIRF-но хьоьху къаьсттина сингаттам латточу пачхьалкхех дIатохар ХIиндойчоь а, Шема а, Въетнам а.
Комиссин стандарташца, оцу тептарехь хила еза, "дуьненан юкъараллехь къобалйина динан маршонан бакъонаш кест-кеста шога хьешар дахделла" пачхьалкхаш.
Царех лору доккхачу декъанна:
- Iазап, йа шога, къинхетаме доцу, йа сийсазе лелар, йа таIзар дар;
- кховдийна бехкаш доцуш еххачу ханна лаьцна латтор;
- лачкъийна нах къайлабахар вовшахтохар, йа къайлах уьш лаьцна латтор;
- кхиндолу инзаре адамийн дахаран бакъонаш, маршо, йа кхерамзалла талхор;
Кху шеран Зазадокху-баттахь Американ Пачхьалкхан департаменто зорбане яьккхира, дозанал арахьа адамийн бакъонех долчу хьолах хIора шарахь шаьш арахоьцу рапорт. Оьрсийчоьнна лерина ю документан 72 агIо, Нохчийчоь хьахийна оцу тIехь 48-зза.
Вашингтоно терго йо, республикан Iедалхоша лелочунна тIехь Оьрсийчоьнан федералан Iедалхоша контроль латтор кIезиг хилар.
Марсхьокху-баттахь Пачхьалкхан департаменто шайн бахархошна хьийхира, Нохчийчу ма леста аьлла, "хетарехь, нохчийн регионан Iедалхоша Нохчийчохь нах лецарх, Iазапаш хьегийтарх, кхел йоцуш ЛГБТ-н векалш байъарх теша тарлу хаамаш бахьана долуш".