Нохчийчохь дӀакъевлина 130 сов долахь хилла хьуьжар а, исламан дешаран центр а

Соьлжа-ГIала

Ӏедалан омрица дӀакъовлуш йу Нохчийчохь 130 сов долахь хилла хьуьжар а, исламан дешаран центр а. Дешаран хьукматийн хьехархошца а, директоршца а муфтиято дӀайаьхьначу кхеташонехь цаьрга дӀахьедина, дешарх ахча кхин схьаэца ца деза аьлла, йаздо республикерчу бусулба нехан Динан урхалло.

Массо а долахь йолу хьуьжарш цхьана ханна дӀакъовларх лаьцна хаам шуьйра буьйцуш бу социалан машанашкара нохчийн сегментехь. Дешаран центрийн белхахоша баржийначу хаамийн скриншоташ зорбане йаьхна нохчийн оппозицин Niyso телеграм-канало. ХӀора хаамехь хьахош ду "муфтиятан омра". Мангал-беттан 7-чуьра схьа дуьйна болх бан доладелла и низам, цхьайолчу хьуьжарийн гIишлошна тIера дIадаьхна аннаш.

Республикера йерриг а коммерцин хьуьжарш дӀакъовла йогӀуш йу аьлла, тӀечӀагӀдина Кавказ.Реалии сайтана цигара хьал девзачу хьостанаша. Цара бахарехь, керла дешаран шо тӀекхачале иштта дӀакъовла лерина йу цара ингалсан а, францхойн а меттанаш Ӏамош хилла йерриг а дешаран хьукматаш – делахь а, иза цкъачунна официалехь дӀакхайкхийна дац.

Дешаран хьукматаш дӀакъовларца цхьаьна болх сацийначу хьуьжарийн белхахой лечкъо болийна, йаздо Niyso телеграм-канало. ХIара информаци кхоалгIачу агIоно тIечIагIйина йац – лечкъийначийн цIераш а хууш йац.

Хьуьжарш дӀакъовларца доьзначу хьолан хӀинцале а комментарий йина Нохчийчоьнан муфтиято. Бусулба нехан Динан урхаллехь хиллачу хьуьжарийн директоршца а, хьехархошца а хиллачу цхьаьнакхетарехь "дIахазийра" Ӏаморна ахча ма эца аьлла. И сацам кхетийра "коммерцин хьуьжаршна дуьхьал дуккха а латкъамаш барца". 131 дешаран хьукмат нисйелла дӀакъовларан кхерамна кӀел – муфтиятан хаамца, оццул мехах белхаш беш хьуьжарш хилла махкахь.

Муфтиятехь дешар йуха дӀадолоран бехкам бу маьхза болх дӀабахьар - оцу хьолехь хьукматаша шайн харжаш муха йан йеза билгалдаьккхина дацара бусалба нехан Динан урхаллехь.

  • Жигара суфизм йаржочу Нохчийчохь радикалан салафизмах бахьана хуьлу нах леца, кхо бӀе гергга динан суфистийн вежаралла, йа вирдаш ду. Церан коьрта башхалла йу - билгалваьккхинчу исламан цхьана шейхан сийдар. Билгалонашца и вирдаш цхьана бакъонашца доллушехь, мехкан Iедалхоша Кунта-Хьаьжин вирд ду дIакхайкхийна. Цуьнан агӀонча ву Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан.
  • Росгвардино а, Оьрсийчоьнан бусулба нехан коьртачу Динан урхалло а цхьаьнаболхбан барт бина. ХӀинца цхьайолчу регионашкарчу тӀеман дакъошкахь, ишта Къилбаседа Кавказехь а, бусулба нахаца болх барехь хьаькамийн гӀоьнчаш хир бу.
  • Муфтиятийн структураш Ӏедална муьтIахь йу, амма уьш къаьсташ йу Къилбаседа Кавказан тайп-тайпанчу регионашкахь. Нохчийчоьнан Динан урхалла, Кавказ.Реалии сайто къамел динчу эксперташна хетарехь, буьззинчу барамехь Кадыровн Ӏуналлехь йу. Цхьадолчу хьолашкахь нохчийн муфтийша лелориг ма-дарра бусалба динна дуьхьал хуьлу: масала, Нохчийчоьнан муфтийс Межиев Салахьа бакъдира 19 шо долу оппозицин телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман шишана тӀе а хаош, иза сийсазвар. "И хьаъа динехь а, шен ненан а, йишин а, зудчун а дайъина сий меттахIоттийна цо", -элира Межиевс хӀетахь.