Ереванера административан кхело дуьхьало йина Нохчийчуьра вахархо Мукаев Салман Оьрсийчоьне дIавала. Цунна тховкIело а, мухIажаран статус а йелла, даймахкахь таIзар ден долчу адамна санна. Цунах лаьцна хаамбина Кризисан "СК SOS" тобано.
Нохчийчохь Iазапаш хьегна Мукаевс, иза гей ву аьлла, шеконашка а эцна. Бакъо йоцуш тIеман гIирс латтийна цо дIабиллина аьлла, бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал. Шайггара айдина ницкъахоша и гIуллакх боху Мукаевс.
Ереванан кхело бакъдина, Нохчийчохь а, йоллу Оьрсийчохь а ЛГБТК+ йукъараллашна тIаьхьа бовла, таIзарш дан а, шогалла лелон тарлуш хилар. Доккхачу декъанна, сацамехь хьахийна керла Оьрсийчоьнан низамаш, цаьрца а догIуш, ЛГБТК+ экстремистийн болам лаьрра.
- 2020-чу шарахь кадыровхоша ток йеттийтира Мукаевна, тIоьрмаг коьртах боьллина садукъийра, камерана хьалха а хIоттийна, гей ву а бахийтира, ЛГБТ-нах Iеха а беш, гучубаха баьхна а хиллера. Мукаевн аьтто хилира шен дегIа тIера чевнаш дIайазйайта жимачу пIелгIашна тIехь цIока йацара, корта бара лазийна, йаьIна йистина йара.
- Иза лачкъийначул тIаьхьа буьйхира Мукаевн доьзал: итт шарахь кхуьнгахь хилла зуда цуьнан гергарчара дIайигира. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Мукаев Салмана дийцира, Соьлжа-ГIаларчу чоьхьарчу гIуллакхийн декъехь шех хиллачух, Оьрсийчуьра дIа стенна вахна а, шена депортаци йахь шех хиндолчух а.