Нохчийчохь Кадыровн вешин кIантана Росгвардин мидал йелла

Кадыров Хьамзат а, Кадыров Рамзан а

Hохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан вешин кIантана Кадыров Хьамзатна Росгвардин республикерчу урхаллин "Накъосталла дарна" олу мидал йелла. Регионан куьйгалхочун 26-шо долу гергара стаг ницкъаллин блокехь цуьнан хьехамча-гIоьнча ву.

Кадыров Хьамзатна совгIат дIаделира Росгвардин Нохчийчуьрчу урхаллин куьйгалхочо, инарла-майор волчу Делимханов Шарипа. Нохчийчоьнан куьйгалхочун "дика гIоьнча санна гайтина" Кадыровс ша, элира цо. СовгIат даларан кхиндолу бахьанаш цо ца дийцира.

"Накъосталла дарна" Росгвардин мидал "къоман гвардин эскаршна тIедехкина декхарш кхочушдеш билгалбевллачарна" луш йу аьлла, йаздина ду мидалца цхьаьна далочу йозанехь.

Чиллин-беттан йуьххьехь Кадыров Хьамзат вице-премьеран дарже хIоттийна, ву иза Нохчийчоьнан бахамийн, латтанийн гIуллакхийн министр a. 2021-чу шеран марсхьокху-баттал хьалха иза вара Нохчийчоьнан культурин, спортан, кегийрхойн политикин министраллин куьйгалхо. 2022-чу шеран гезгмашин-беттан чакхенгахь Кадыровc вешин кIант шен секретариатан куьйгалхо санна вовзуьйтура.

Кадыров Хьамзата чекхйаьккхина ЦIоьнтарара хьафизийн школа. ТIаьхьо цо дийшира Нохчийн университетерчу пачхьалкхан куьйгаллин факультетехь.

  • Иттанашкахь болу республикин куьйгалхочун гергара нах Нохчийчоьнан Iедалерчу даккхийрачу даржашка дIахIиттош бу. Шен нахана карьера йеш ша гIо дар цунна хIумма доьхна ца хета. "Со тешшарш дIахIиттабо-кх аса", – бехира Кадыровс.
  • Iедалерчу даржашка хIиттийна цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой. Кавказ.Реалии редакцино беххачу могIанца охьабазбина Iедалан лаккхарчу даржашкахь болу Кадыровн гергарнаш.
  • 2018-чу шарахь "Би-би-си" гIирсан оьрсийн сервисо дагардарца, Нохчийчуьра 158 лакхарчу хьаькамех 30% - Кадыровн гергарнаш бу. 2021-чу шарахь Кадыровн 22 шо долчу йоIах Нохчийчоьнан культурин министр хилира.